Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос вовшахтоьхна, дIахьур бу школерчу дешархошна юкъахь Ерригроссин «Олимпиада – 2016» региональни мур.
ПохIма долу бераш гучудахаран Iалашонца еш ю олимпиада.
21 предметехула хир ю иза: Нохчийн мотт, нохчийн литература, оьрсийн мотт, оьрсийн литература, истори, обществознани, ингалсан, французийн, немцойн меттанаш, математика, информатика, физика, хими, биологи, географи, астрономи, физически кхиар.
Кхаа турехь дIаяхьа дагахь бу олимпиада. Хьалхара тур школашкахь хир ю 12 октябрера – 30-гIа октябре кхаччалц. ШолгIа тур районашкахь хир ю, 5-чу ноябрера 25-гIа ноябрь кхаччалц, тIаьххьара, кхоалгIа тур – (республикин) дIаяхьаран хан цкъачунна билгалъяьккхина яц.
Толамхошна дипломаш, совгIаташ дийр ду.
З.ХИЗИРОВА
№113, еара, 8 октябрь, 2015 шо