Нене безам

     Кху муьрехь социальни «машанашкарчу» нохчийн юкъараллехь гоьяьллачех ю Соьлжа-ГIаларчу Байсултанов Ахьмада шен цомгаш, меттахь йисина нана деххачу шерашкахь кхабар гойтуш яьккхина видео.

    Шен а дерриге бералла дIаделла цо ненан терго еш. Нана йоцу а ду хIинца масех шо… ТIамах ведда вахана Пятигорскехь 1ачу Рамзанан нана кхелхинера. Ростоверчу онкологин дарбанцIийнера цо иза шен децIа, Мескита а кхачийна, дIайоьллинера. Тезета дахара тхо, Пятигорскехь дехарш.

– Дала гечдойла хьан нанна! Хала ду-кх, хьо юьстах а 1аш, цигахь, Нохчийчохь, нанна каш а даьккхина, юхаван, — шега аьлча, Рамзана бохура: «Дац, Дала диннарг тIеоьцур ду, ас дерриге а дина нана сайна къинтIера йоккхуш, ас тергойина цуьнан иза мел ю…»

Ма тамашийна дара и жоп, боху ойла ехара тхоьца, Рамзанан накъосташца. Амма хено кхетийра иза бакъ хилла хиларх. Уггаре а халаниг хиллера кхетамчохь волчу доьзалхочунна, иза ша юххехь а воцуш, нана тергамза йисар.

ХIара ойла Соьлж-ГIалахь, кхоалгIачу микрорайонехь вехачу къонахчо Байсултанов Ахьмада дагатасийтира. Масех шо ду Ахьмадан нана дIаяьлла. КIанта ненан дог муха эца догIу, иза цуьнца муха  хила веза масал гойтуш видео ю Ахьмадах а, цуьнан меттахь Iуьллучу ненах а масех шо хьалха яьккхина, интернетехула яьржина лелаш.

И видео шен Фейсбукерчу агIонтIе яьккхира кху деношкахь Устрада-ГIаларчу догцIенчу стага Хасимиков Сулбана.

Эццахь долийра наха и кIант лахар а, цуьнга шайн довха дегнаш кхийдор а.

Байсултанов Ахьмадах нехан бIаьрг буьзнарг ду иза шен 12 шо а бен доцчу хенахь дуьйна шен нана ялале, масех шарахь, цунна Iунал а деш, вехха тIе а хIоьттина, бедар юьттуш, юург еш 1ийна хилар,

Хасимиков Сулбанца къамел хилира сан. Цо иштта довзуьйту, ша тIаьхьа а ваьлла, Байсултанов Ахьмад схьалахарх а, цуьнан кхолламна сагатдеш, дуьненан маьI-маьIIерчу вайнехан хеттаршка-къамелашка бовларх а лаьцна.

«Ахьмадна гIо оьшу нахера»

ХIун мах бу ненан? Хьуна мел байттамал хир ду нана, ахь дог а эцале, эхарта ерзахь? И хаттар даима а ду мехала, нагахь хьо баккъал а адам делахь. Хасимиков Сулбанна, масала, иштта хета оцу хьокъехь.

«Сийлахь ву ненан лерам бинарг»

Ас хIара тема айъинчу юкъанна, Байсултанов Ахьмадца зIене велира Несарара цхьа бизнесхо. Шен цIе ца йовзийтар дехна цо. Оцу г1алг1айн совдегаро Ахьмадна хаийтина, шен чоьтах ша цунна корматалла 1амон реза хилар а, цул т1аьхьа, шен фирман белхахойн мог1аршка иза д1аэца реза хилар а. Коьртаниг – Ахьмадан лаам. Амма ша реза вацахь а, Несара хьошалг1а ца вог1уш ма 1е аьлла, дехар а дина цу совдегаро Ахьмаде.

Ахьмадах нехан баьрг бузийтинарг нана ю. Аьлча а, воIан нене хилла безам, йовхо, терго. Бакъонца, ненан когаш кIел ю Ялсамани.

 

(Пайдаэцна шуьйрачу хаамийн г1ирсашкарчу хьостанех)

М.КАНТАЕВ

 №113, еара, 8 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: