Дешаран керланаш

Iеламстаг студенташца цхьаьнакхийтира

 

Кху деношкахь М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIалин Пачхьалкхан маьхкадаьттан технически университетан студенташца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон,  Администрацин динан а, юкъараллин а организешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван.

Цо студенташна дуккха а мехала хьехамаш бира. Билгалдаьккхира кегийрхой дика доьшуш  хила безар. Дадаев Ризвана дийцира  кегийрхой Ислам дин цахаар бахьана долуш харц хьехамех  Iехабаларх а, дуккха а кегийрхой наркотикаша харц новкъа бахарх а лаьцна.

 

Вайн махкахо – «Шеран хьехархо» конкурсан финалист

 

Кху шарахь дIаяьхьначу «Шеран хьехархо» Ерригроссин конкурсехь дакъалоцуш 48000 хьехархо вара. Конкурсан федеральни мур берзош билгалбевлира конкурсан регионийн муьран толамхой. Уьш 77 хьехархо ву. Хаза кхаъ бу царна юккъехь вайн махкахо хилар. ТIехьа-Мартан районан ВаларгтIе юьртан №2 йолчу юккъерчу школан ингалс меттан хьехархо Асламбеков Анзор вай лакхахь хьахийначу конкурсан финалист ву.

З.САГАЕВА

 №113, еара, 8 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: