Дешархошна некъан бакъенаш йовзийтира

Кху деношкахь Грозненски районан ЧIаьнти-Юьртарчу юккъерчу школехь юьхьанцарчу классийн дешархошна йовзийтира некъан бакъенаш. Хьехархоша дийцира гIашлочунна йовза езачу некъан бакъенех лаьцна. Иштта цара дийцира вилспет хохкучу хенахь бераш сих-сиха некъан бохаме нисдаларх лаьцна. Цул тIаьхьа  хаарш зуьйш, арахь дечигах йина светофор а хIоттийна, берашка велспеташ елла, шайга схьа а гойтуьйтуш, дийцийтира некъан бакъенех лаьцна.

З.ЛЕЧИЕВА  

 №113, еара, 8 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: