«Нохчийн пондар» – хIора шеран фестиваль

    Кху деношкахь Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо Димаев Iумаран цIарахчу Хьалха-Мартан районан  культурин цIийнехь  дIаяьхьира ламаст хилла дIахIоьттина йолу «Нохчийн пондар» хIорашеран регионашна юкъара фестиваль. IMG-20151006-WA0002

   ТIекхуьу кегийрхой къоман культурах  хер ца балийтаран а, I.Димаевн мукъамаш бовзийтаран а Iалашонца дIахьош ю иза. ХIора  шарахь санна, луларчу регионашкара  хьеший бара фестивале баьхкина. Ткъа уггаре а лараме хьаша Димаев Iумаран кIентан йоI Димаева Элита яра.

Фестиваль дIайолош  I.Димаевн кхоллараллех лаьцна видеоролик гайтира. Цул тIаьхьа  вистхилира Хьалха-Мартан районан администрацин куьйгалхо А.Алаудинов а, Халкъан кхоллараллин туьшан директор Р.Даудов а. Ткъа Димаев Iумаран доттагI хиллачу Цегаев Мадас а, Iумара  Iамийначу Паскаев Рамзана а шайн сирлачу дагалецамашца хьовсархошна вовзийтира Нохчийн похIме пондарча.

Фестивалан дакъалацархоша I.Димаевс даьхна  дуккха а мукъамаш элира. Хьовсархоша боккхачу лаамца, безамца ладуьйгIира цаьрга. Мукъамийн мах хадош, толаман меттигаш билгалъехира жюрин декъашхоша: Нохчийн Республикин а, ГIалгIайчоьнан а халкъан артиста Паскаев Рамзана, Нохчийн Республикин а, ГIалгIайчоьнан а халкъан артиста, жюрин председатела Сагаипов Iумара, Хьалха-Мартан районерчу пондарчас Цегаев Мадас.

Хьалхара меттиг яьккхира: Меликова Светланас (Къилбаседа ХIирийчоь – Алани), шолгIа меттиг – Ф.Кудусовс (Курчалойн район), кхоалгIа меттиг – Ахмедов Салмана (Грозненски район).

Фестивалан толамхошна I-ра, II-гIа, III-гIа даржан дипломашца а, кубкашца а совгIаташ дира.

Мехала цхьаьнакхетар дерзош жюрин декъашхоша нохчийн ширачу пондар тIехь I.Димаевн мукъамаш элира .

З.САГАЕВА

 №113, еара, 8 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: