Республикерчу заьIап берийн а, кхиазхойн а могашалла меттахIотторан туьшан болх бовзаран лаамца хIокху деношкахь цига кхечира тхо. ГIишлонна чоьхьа ма веллинехь, гIудалкхаш чохь дIасалелаш заьIап бераш а, кхиазхой а бара. Церан бIаьргаш чохь тIех гIайгIа яцара, цо дагна хьаам бира. Психолого-педагогически отделенин заведующи йолчу Шаронова Совбикас бовзийтира тхуна шайн туьшан болх.
2012-чу шеран март баттахь дIаболийна туьшо болх. ЗаьIап берийн дай-наношна хаза кхаъ хилира цунах. Совбикас дийцарехь, дукха хьолахь кхуза кхочу Даунан синдром, ДЦП цамгар, даьIахкашца лазар долу шайн хене хьаьжна а доцуш, кхиар тIаьхьа дисина бераш.
Реабилитацин курс –21 дийнахь хуьлу. Кхузахь дай-наношна дика хета берашца ненан а Iан йиш хилар. Цундела берашна шаьш шайн цIахь санна паргIата хета. Туьшехь берашна аьттонна кхоьллина дика хьелаш ду. ТIеэцаран отделенехь тIеоьцу бер. Цигахь цунна юьхьанцара диагностика йо. Цуьнан цамгаре хьаьжжина ша тIехьажийначу отделени дарба дан охьавуьллу цомгашниг. Туьшахь психолого-педагогически а, социальни реабилитацин а, физиотерапевтически а, диагностически а, медреабилитацин а отделенеш ю. 220 бер тIелаца таро ю туьшан.
Цомгашчунна деккъа цхьа дарба дарх кхачаме ца хуьлу. Психологан гIо ца хилча, заьIап бер сатийсина дарба хиларе ца кхочу. Уггаре а коьрта лара мегар ду психологан болх. ЗаьIап берана цунах гIоле хилла ца Iаш, синна а паргIато хуьлу.
«Медицинин реабилитаци яран отделенехь мелла а хала хуьлу сатийсина дарба хиларе кхача. ЗаьIап-берашца психологаша болх бина ца Iаш, дефектологаша, логопедаша болх бо. Кхузахь масех меттиг еана, логопедашца болх бинчул тIаьхьа, Делан къинхетамца ( дош алалуш ца хилла долу) масех бер дистхилла. Цкъа а дист хилла доцчу беро цхьа дош алар а доккха хIума ду. Хийлазза, яахIума Iовшалуш доцчу берашна а дарба хилла кхузахь, реабилитацин курсах чекхбевллачул тIаьхьа. Ян езачунна, цамгаре хьаьжжина, массаж а, терапи а йо. Цул сов, кхузахь бассейн хилар а хаийта лаьа. Кхуза дарба дан далочу берех а, кхиазхойх а 70 процент болчарна ца хилча йиш йоцуш ю бассейн. Цунах дикка дарба хуьлу царна», – дийцира Совбикас.
Цхьана шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолчу заьIап берийн а, кхиазхойн а реабилитаци ян таро ю вай юьйцучу туьшахь. Цхьана шарахь шозза а, кхузза а цигахь дарба дан бахка йиш ю церан. ЗаьIап берийн хьашташ цIахь кхочушдаран отделени ю кхузахь. Могашалла гуттар ледара йолчу заьIап берийн а, кхиазхойн а цIа а боьлхий, цаьрца болх бо отделенин белхахоша. Баккъал а, шайна баркалла ала хьакъ долу болх бу цара бийриг. Оцу берийн дай-наношна муххале а доккха гIуллакх ду цара дийриг. Туьшахь гIирсашца кхачоярехь долу хьал а довзийтира Совбикас. Цо дийцира, цигахь дарба даран гIирсаш тоьллачех хиларх лаьцна. Берийн дай-наноша а чIагIдо реабилитацин масех курс чекхъяьллачул тIаьхьа, берийн могашаллина дикка хийцамаш хуьлуш хилар. Масала кху туьше заьIапхойн гIудалкхахь валийна хилла волчу цхьана кIанта, 2-3 курсах чекхваьллачул тIаьхьа ша дуьххьара ког баьккхина. Иштта масалш кхин а ду. Iасанашца бен лелалуш хилла воцучо Iасанаш йитина а, къамел деш хилла воцучо дуьххьара дош аьлла а меттигаш ю. И санна долчу масалша кхечу цомгашчаьргахь дегайовхо кхуллу. Хазахета, цомгашчарна лерина кхузахь культурин цхьаьнакхетарш, фестивалаш вовшахтухуш хилар. ЗаьIап берашна чIогIа хазахетар хуьлу царах.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрташ
№113, еара, 8 октябрь, 2015 шо