Вай ойла йича, шен хеннахь деша меттиг а, хьеха хьехархо а ца нисвелча стаг дахарна юьстах вуьсу. Дийнна къам схьаэцча а, цуьнан кхане хуьлийла дац, заманан лехамашца догIуш, дIахIоьттина дешар дацахь.
Муьлххачу хенахь а, экаме а, яккхий чолхаллаш йолуш гIуллакх хилла хьехархоша кхочушдийриг. ТIекхуьуш йолу къона тIаьхье кхетош-кхиор царах дозуш ду. Зама а, заманан лехамаш а мухха хилча, бакъволчу хьехархочунна хаьа, арарчу вуочу т1еIаткъамах лар а деш, берех мехкан буьззина патриоташ бан. ХIума хааро, хаа лааро, дешаро веш ву стагах стаг.
Iилма дацахьара адамийн дахар беса а, беркъа а хир дара. Iилма, жима воллушехь, мукъа хан алссам йолчу хенахь Iамо дезаш ду. Воккха мел хили цунна дIаяла хан а, и Iамо лаам а кIезиг хуьлу.
Цундела къаьсттина мехала ду берашна школехь говза хьехархо нисвалар. Цо берриге а ницкъ, хьекъал, кхетам, хаарш, дог-ойла тIеерзайо дешархошна. Цунна хаьа, тахана ша ца делла хаарш, цунна довзаза дуьсур дуйла. Цундела, ша ца кхоош, хьалха Делан дуьхьа а, шолгIа оцу берийн дуьхьа а, доггаха, хьанала къахьоьгу ишттачу хьехархочо.
Берашна иза ган а го. ТIаккха цара цуьнгара хаарш эцна а ца Iаш, дика, хаза гIиллакх а схьаоьцу. Оьздангалла, адамалла хилар ду хьехархочуьнгахь уггаре а дезаниг. Иштта шен масалца кхетош-кхион деза цо бераш.
Со хьоьхуш йолу 44 шо кхечи, сайн 17 шо кхаьччахьана берашна хьалха ю со, цхьа де юкъах а ца долуш.
Иза, суна хетарехь, кIеззиг хан яц. Доцца аьлча, нохчийн маттаца, къомаца доьзна мел дерг дезаш а, цуьнца дегайовхо лаьтташ а хилла со жима йолуш дуьйна. Даима йоккхайийна вайн маттахь керла илли, йиш хезча, керла Iамат араяьлча.
Тахана школехь Ненан мотт хьоьхуш, ас гуттар а дешархойн тидам нохчийн халкъан барта кхоллараллан (фольклор) тIехь латтабо. Цхьа урок дIа ца йоьду оха дешархошца керла кицанаш, хIетал-металш ца далош, дахарера керла хIуманаш ца дуьйцуш. Боккха пайда ло фольклоро дешархой кхетош-кхиорехь, цундела цуьнца даима зIе латтош хила веза хьехархо. Йовзийта еза кицанийн хазалла, церан нийса а, тардина а маьIна, хIетал-металийн хьекъал мел доккха ду, уьш а иштта нохчийн маттаца доьзна мел долу хIума а дийца деза хаддаза.
Ткъа и дерриге а суна жима йолуш дуьйна дезна а, ас сатийсина а ду, цундела кIорда ца бо айса хаьржина болх. Мел дукха шерашкахь болх бинехь а, стагана цкъа а хета ца деза «Суна мел долу хIума хаьа», аьлла. Иза бакъ дац , бIешарахь вахахь а, керланиг Iамо а, хIума довза а гIерташ хила веза милла а.
«ХIинц-хIинца деша Iемина суна», – аьлла немцойн поэта Гетес ша 84-чу шаре ваьлча.
Дешархойн цIеначу дегнаш чу тесначу хIуьне хьаьжжина кхуьу вайн тIаьхье. Цундела массеран декхар ду и тIаьхье беркате хилийтарехьа къахьегар.
Тахана Дала мукъ лахь, де-дийна мел долу нисделла, тоделла дIахIуттуш ду вайн дахар. Цунна къахьоьгуш, де а доцуш, буьйса а йоцуш, вайна масал хилла схьавогIуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Дала Iалашвойла иза!.
Цо дешаран декъехь беш болчу белхан буьззина мах хада а лур бац вайга.
«Хьалхалера хьехархой» олуш хеза, наха школах лаьцна къамел дечохь. Церан тIегIа лекха хилар билгал а доккху хIоразза а, Iедалан совгIател, конкурсашкахь яьхначу меттигал деза а, сийлахь дарж ду наха дика цIе яккхар. Цхьа а шеко йоцуш, Дела реза волу болх бу хьехархоша бийриг. Iилма хьехар, ийманехь, гIиллакхе хила Iамор ду. ХIун хир ду цул деза?
Таханлерчу дийнахь ваьшна зеделларг, вешан говзалла вай берашна дIалуш хилахь, къона тIаьхье ийманехь кхуьур ю. ТIаккха вайн дахар самукъане а хир ду, юкъаралла могаш а хир ю. Атта дац хьехархочун болх бан, хийла стаг хеназа къежвина цо. Бакъду, хьехархо воцуш хуьлийла дац я лор, я инженер а. Уллехь бакъволу хьехархо ца нислахь, хуьлийла дац адамашкахь адамалла а. Дала цунах кхета хьекъал а, собар а лойла вайна.
Абдырашитова Маьлх-Аьзни,
Шелара №9 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан хьехархо, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо
№113, еара, 8 октябрь, 2015 шо