…Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла, ша шуна дика, пайде хир долу хIума ца дуьйцуш ца Iийна, вуон хIума билгал ца доккхуш ца Iийна. Дикачех, беркатечех ду хьакъикъат деран, гIурбана урс хьакхаран суннаташ
Iаьрбийн маттахь «хьакъикъат» дешан маьIна цхьа хIума хадаяр ду. Иза доьзна ду дуьнен чу даьллачу беран месаш хадаярца (дIаяшарца). Амма шарIехь цуьнан маьIна ду, дуьнен чу даьллачу берана тIера (цуьнан корта бошучу хенахь) урс хьокхуш йолу хIума (уьстагI, газа, бежана) ер бохург.
Хьакъикъат деран хьукма вай билгалдоккхуш хилча, нийса хир ду иза чIагIдина суннат ду алар. И дуьйр ду дуьнен чу даьллачу берана тIера цуьнан велис, оцу берана напха (юург-мерг) латто дезаш волчо (дас, вашас…). Хьакъикъат дер суннат хиларна делил далор дув ай. Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дийнера иза, цуьнан асхьабаша (Дела реза хуьлда царна) дийнера иза. Iамиран кIанта Салмана (Дела резахуьлда цунна) элира, шена хезира Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш: «КIантана тIера хьакъикъат ден догIу. Аш цунна тIера цIий Iанаде, аш дIаяккха цунах йолу мода а, нажжаз а».
Хьакъикъат ден мегаш йолу хан йолало, доьзалхо шен ненах дIакъастарца (дуьнен чу валарца). Нагахь санна бер дуьнен чу далале хьалха цунна тIера хьакъикъат дийнехь, и хьакъикъат лорур дац, хIунда аьлча хьакъикъатехь суннат дерг – бер шен ненах дIакъаьстина хилар ду.
Хьакъикъат дер суннат хуьлий лаьтта, бер пхийттара даллалц (булугIе кхаьччалц) цул тIаьхьа, бер пхийттара даьлча, цуьнан дена тIера дIадолу хьакъикъат деран декхар. Беро, пхийтта шо кхачале шена тIера цхьаммо хьакъикъат дийна дацахь, ша-шена тIера дер гIоли ду цунна, шех дIатилларг тIекхиош.
Суннат дерг-м, бер дуьнен чу даьлла ворхIалгIачу дийнахь хьакъикъат дер ду. ТIаьххьарчун делил ду, Самратас (Дела резахуьлда цунна) далийна Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадис: «КIант шен хьакъикъатца хоттавелла хуьлу (муртахIинун), цунна тIера хьакъикъат дуьйр ду цуьнан ворхIалгIачу дийнахь, цунна цIе а туьллур ю, корта дIа а бошур бу».
Хоттавелла хилар (муртахIинун) бохучун маьIна, и бер дика кхиарехь а, хаза кхоччуш лардарехь а маьрша, паргIат хир дац, шена тIера хьакъикъат деллалц, бохург ду.
(Кхечо далийна маьIна а ду цуьнан: оцу беро къематдийнахь шен дена а, нанна а шафаIат дийр дац, нагахь санна цунна тIера хьакъикъат дийна дацахь, аьлла). ШарIехь хьакъикъатан тамашийна хаза къайленаш ю, дуккха а маслаIате хIуманаш ду, дуккха а пайданаш бу, царах дерг хьахор ду вай тIаьхьа догIучуьнца.
1. Делан ниIматца, Ша Сийлахь, Воккха Волчо, доьзалхо дуьнен чу ваийтарца, уьш баккхийберан агIонгахьара, оцу дена, нанна и кIант-доьзалхо валарца кхаъ хилар ду, кIант дений, нанний дукхавезаш хиларна. ТIаккха там бу-кх, оцу доьзалхочуьнца ниIмат деллачу АллахIана шукур дар. Дала аьлла Шен Сийлахьчу Къуръана чохь: «Аш шукур дахь, Иза реза хир ву шуна». «Аз-Зумар» сурат, 7-гIа аят. Ша цIена а, Воккха а Волчу Дала аьлла-кх: «Шайна деллачу ниIматашна аш шукур дахь, оцу ниIматашкахь шу даххане а совдахаза Iийр ма вац Со».
«ИбрахIим» сурат, 7-гIа аят.
Беркате а, Воккха а Волчу Дала аьлла: «Даьхни а, доьзал а дуьненан хазалла ю». «Аль-КахIф» сурат, 46-гIа аят. Ша Сийлахь Волчо аьлла: «ДегIан безамаш нахана хазбина-кх, зударий а, доьзал а безарца». «Ал-Iимран» сурат, 14-гIа аят.
2. Шена кIант виний нахана хоуьйтуш, кIеда-мерза хиларца, иштта шена кIант вар нахана хаийтаза а, даржоза а Iан йиш а яц, хIунда аьлча цунна цадезарг нахе ца алийта, тIаккха хьакъикъат дер хуьлу-кх кхуьнан доьзалхо вуй хоуьйтуш.
3. Шен комаьршалла кхиаярца, синошкахь хуьлуш йолу бIаьрмецигалла юхатохарца.
Дала аьлла Шен Сийлахьчу Къуръана чохь: «Синошкахь (йина-кх) бIаьрмецигалла». «Ан-Нисаъ» сурат, 128-гIа аят.
«Муьллаш белахь а шайн синойн бIармецигаллах ларбелларш, и нах, баккъал а, декъал хилла бу». «Аль-Хьашр» сурат, 9-гIа аят.
4. Шен цIийнан охIланан а, гергарчеран а, накъостийн а, мискачу нехан а, уьш цхьаьна шуьна тIехь гулбарца, шайн уьйр а йолуш, безаш а болуш уьш вовшахкхетарца, дегнаш хьастар хуьлу цуьнца. ТIаккха бусалба дино хьоьху-кх вайна вовшашлахь уьйр, безам, барт болуш хила дезар.
Суннато билгалдина, хьакъикъатехь кIантана тIера а, йоIана тIера а уьстагI бер. Цуьнан делил хIара ду. Iелас (Дела резахуьлда цунна) дийцина: «Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Хьасанна тIера цхьана уьстагIца хьакъикъат дийра». Тоьлаш дерг (дезаниг) ду, велис кIантана тIера ши уьстагI бер, йоIана тIера – цхьа уьстагI. Цуьнан делил, Тирмизис дийцинарг ду: Iайшата (Дела резахуьлда цунна) элира: «Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вара омра деш, кIантана тIера ши уьстагI буьйр бу, йоIана тIера цхьа уьстагI буьйр бу», – бохуш.
Суннат долчу хьакъикъатехь кхачам хир бац, стага цхьа уьстагI цхьаннал сов долчу берашна (шинна я кхаанна) тIера бийча. Суннатехь нийса дерг – хIоранна тIера шен-шена урс хьакхар ду: цхьанна тIера цхьа уьстагI буьйр бу, шинна тIера ши уьстагI буьйр бу, кхаанна тIера кхо уьстагI буьйр бу, иштта кхидIа а. Шала дина ши бер делахь, цаьршинна тIера ши уьстагI буьйр бу, цхьана уьстагIах кхачам хир бац.
Абу-Давуда дийцина, Iаббасан кIантера хьадис (Дела реза хуьлда цаьршинна). «Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Хьасанна а, Хьусайнна а тIера хьакъикъатна цхьацца ка бийра», бохуш
ТIаккха кхечанхьа Хьакима дийцина: «Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьакъикъат дийра Хьасанна а, Хьусайнна а тIера, цхьатерра болу шишша ка а буьйш».
Хьакъикъатехь (и кхочуш хилийтаран Iалашонца) гIурба дерехь боллу бехкамаш бу, юьйш йолчу хIуманан шерашций, цуьнан жижигана эшам беш долу сакхташ билгалдарций, оцу сакхтех маьрша хиларций йолчу агIонгахьара, хIунда аьлча хьакъикъат, гIурба санна, урс хьакха магийна хьайба ду. Тирмизис дийцина, Iазибан кIантера.
Барраза (Дела резахуьлда цунна), дийцина Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «ГIурбана ен мегар яц хIара диъ хIума шеца дерг: цхьа бIаьрг боцург, билгал а долуш шен бIаьрг цахилар; шен цамгар билгал йолу цомгаш ерг; шен астагI хилар билгал долу астагIниг; хье телхина тентакьяьлларг».
ХIокху деа сакхтах тардо массо а царех теранаш а, бежанан а, уьстагIан а жижигана эшам беш, и гIелдеш долу сакхташ.
Хьакъикъатехь болу бехкамаш гIурбанан бехкамех терра бу бохург, и шиъ массо а хIуманца вовшех тера ду бохург дац. Цаьршинна юкъехь йолу башхаллаш билгалйир ю вай тIаьхьадогIучуьнца:
1. Хьакъикъатан жижиг, кхидолчу тойнашна санна, кхехкадар суннат ду. И жижиг, кхехка а дина, лур ду сагIина. ГIурба санна буьйда долуш сагIина лур дац иза.
Суннат ду-кх, хьакъикъатан жижиг хаза, мерза кечдар, оцу берийн гIиллакхаш а иштта хаза а, дика а хилийта. Хьакъикъатехь тоьлла дерг кхехкийна жижиг а, чорпа а мискачу нахана сагIина ялар ду, уьш схьакхайкхина я царна дIаяхьийтина. Иза шайна яа а, сагIина яла а царна суннат хиларе терра.
2. Оцу хьакъийкъатан жижиган даьIахкаш, шайн тар ма-лло кегцаяр суннат ду, бакъду, цара и даьIахк хадор ю шен хуттургашкахула. Оцу беран даьIахкаш таза хилийтархьама.
3. Суннат ду хьакъикъатан тIа (бийнарг уьстагI я газа елахь) буьйда а долуш (кхехкийна а доцуш) и бер схьаэцначунна сагIина далар. ФатIимата (Дела резахуьлда цунна) динера иза, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) омранца.
Дуьнен чу даьллачу берана цуьнан ворхIалгIачу дийнахь цIе тиллар суннат ду, иштта цунна хаза цIе харжар а ду суннат. Цуьнан делил далор ду вай. Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дош ду: «Баккъал а, къематдийнахь шуьга кхойкхур ду шайн цIерашца, шун дайн цIерашца, цундела аш хаза цIерш тахка шайна» Абу-Давуда дийцина иза.
Муслима дийцина Iумаран кIентан (Дела резахуьлда цаьршинна) хьадис. Цо элира, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Далла дукхаезаш йолу шун цIерш: IабдуллахI, Iабдуррахьман ю».
Оцу беран, кIант хуьлда я йоI хуьлда иза, цуьнан ворхIалгIачу дийнахь, цунна тIера хьакъкъикъат дийначул тIаьхьа, корта башар суннат ду. СагIина хIума лур ю цунна тIера, цуьнан месийн йозаллин барамехь долу деши я дети. Цуьнан делил, Тирмизис дийцина долу «Iелас (Дела резахуьлда цунна) аьлларг ду: Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьакъикъат дийра Хьасанна тIера цхьана уьстагIца, тIаккха цо элира: «ХIай ФатIимат! Цуьнан корта дIабаша, цуьнан месийн йозаллин барамехь сагIина дети ло».
ФатIимата уьш оза а уьйзира, церан йозаллин барам цхьа дирхIам я цул совбоьккхуш бара.
Суннат ду, дуьнен чу даьллачу берана, и дуьнен чу ма-делли, аьтту лерехь молла кхайкхар, ткъа аьрру лерехь къамат дар.
Цуьнца цхьаьна, бер дуьнен чу доллушехь дуьххьара цунна хезаш долу хIума Дела цхьаъ хилар ду. Тирмизис дийцина, Аби-РафиIан кIанта IубайдуллахIа шен дех лаьцна дийцинарг. Цо элира: «Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гира суна, ламазна ма-кхайккхара, Iелин кIентан Хьасанан лерехь (и дуьнен чу ваьлла ФатIимата охьавиллинчу хенахь) молла кхойкхуш». Суннат ду, дуьнен чу даьллачу берана, кIант велахь а, йоI елахь а, бага хурма Iоттар. Бага хурма Iоттар бохург иштта ду. Цкъа ша хурма Iовша а Iаьвшина, тIаккха оцу берана (цуьнан кийра цунах марзо кхачийта) бага Iуттур ю иза. Нагахь санна хурма яцахь, кхийолу мерза хIума бага Iуттур ю цунна.
Бага мерза хIума Iоттар суннат хиларца делил лоцу, Муслима дийцина хьадис. Маликан кIанта Анаса (Дела резахуьлда цунна) элира, ша вахара Абу-ТIалхьатан Ал-Ансарин кIантаца IабдуллахIца (Дела резахуьлда цунна) Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу, IабдаллахI дуьнен чу ваьллачу хенахь. Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вара, шен эмкална тIе хIума хьокхуш, иза кечъеш. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттира: «Хьоьгахь хурма юй?». Ас элира: «Ю!». Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), и хурма схьа а эцна, бага а тесна, Iаьвшира, цул тIаьхьа оцу беран бага дIа а йиллина, цуьнан бага тесира. Цул тIаьхьа бер и хурма цIубъян доладелира. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Ансараш хурманаш дукхаезаш бу». ТIаккха цунна цIе а тиллира цо, IабдаллахI аьлла.
Муслима дийцина иштта, Абу-Мусах лаьцна (Дела резахуьлда цунна). Цо элира, шена кIант винера, ша вахара иза эцна Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу, цунна ИбрахIим цIе тиллира цо, бага хурма а Iоьттира.
Муслима далийна Iайшатера (Дела резахуьлда цунна): «Баккъал а, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ша волчу, шена тIе бераш далош цхьаъ веача, уьш беркате хилар доьхура, царна бага хурма а Iуттура».
Вай хьехийначунна тIе а доьгIна, Iеламнаха аьлла: «Вайна тIехь а ду-кх (и суннат), шен доьзалхо дуьнен чу ваьлча, Делах кхоьруш волчу дикачу стаге берана бага хурма а Iуттуьйтуш, цуьнга доIа а дойтуш, дикачу хIуманца беркате хилийтар дохуьйтуш, Делах кхоьруш волчу оцу дикачу стагана тIе и доьзалхо вигар».
Суннат ду, доьзалхо гучуваларца доьзна божарша да декъалвар, зударша нана декъалъяр. Божарша эр ду дега: «Дала беркате войла хьуна и доьзалхо. Дала, хьуна муьтIахь волуш, кхиавойла иза, Дала цуьнан дика лойла хьуна».
ТIаккха дас царна дуьхьал жоп далар суннат ду: «Дела резахуьлда шуна. Дала шуна а дойла беркат, Дала йоккха ял лойла шуна».
Иштта зударша нене а эр ду, нанас царна жоп а лур ду.
…Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла, ша шуна дика, пайде хир долу хIума ца дуьйцуш ца Iийна, вуон хIума билгал ца доккхуш ца Iийна. Дикачех, беркатечех ду хьакъикъат деран, гIурбана урс хьакхаран суннаташ.
ВИСАРХАНОВ Сайд-Iела
ИЛЕСОВ Iарби
№113, еара, 8 октябрь, 2015 шо