Хьелиозархочун дагалецамаш

– Суна а моьттура, къоналлин шерашкахь, сайн да-нана гуттар а лаьттар ду. Цаьрца ловр ду дика а, вуон а. Амма дахаро бовзийтира царах къастаран къаьхьа чам. Доьзал цхьаьна болуш хиллачу дахаран дагалецамийн марзонца еха со хIинца а, – долийра шен къамел Нохч-ГIалгIайн АССР-н «Горец» совхозехь хьелиозархо хиллачу Умхаджаева Маликас, – Дега-нене кхочуш хIумма а ца хилла дахарехь. Фермехь болх беш хиллачу тхайн ненах къахеташ, пхийттара яьлчахьана, со цунна юххе яларна цкъа а дохко ца яьлла, – элира Маликас. 48

  1950-чу шеран 2-чу октябрехь Къилба-Казахстанехь йина Малика. Цигара цIа дирзинчул тIаьхьа, Мартан-Чуьра юккъера школа чекхъяьккхина, цул тIаьхьа «Горец» совхозан ферме шен ненаца балха яхана иза. ТIах-аьлла а, каде а хилла Малика жимчохь. ХIора денна Iуьйранна, суьйранна узуш 18 етт хилла, царна дан деза дола ца дийцича а. Цул сов, юьртан бахаман кхечу гIуллакхашкахь дакъалоцуш хилла цо. Болх бан йолаелла дукха хан ялале партин районан комитетан бюрон декъашхо а, юьртан Советан депутат а хаьржина Малика. Цул тIаьхьа КПСС-н XXVI-чу съездан делегат хилла. Иштта Ленинан орденан кавалер а, Къинхьегаман цIечу байракхан орденан кавалер а, Ленински комсомолан премин лауреат а, СССР-н Лакхарчу Советан 9-чу гуламан депутат а ю Малика.

– Тхан доьзалехь 3 кIант, 5 йоI дара, дерриге а школехь доьшуш дара, ткъа да-нана фермехь болх беш дара. Тхуна массарна а хаьара тхайн нанас дийнахь маса литр шура яьккхина, эсашна мел шура малийна. Хьелех цхьаъ цомгаш хилча массара цхьаьна са а гатдора оха, цхьабосса тхайн ненан кхиамех даккхий а дера тхо. Со а йоьдура ненаца, дукха жима йолуш дуьйна, ферме. Цо хьелий узуш, байн мукъам беш, хIора етт ша оза охьахаале дайн куьг хьокхуш хьостура, цул тIаьхьа, со болх бан йолаелча, цо санна ас а дора, – дуьйцу цо.

КIеззигчу хIуманах тоам беш, берийн деларо дог хьоьстуш ехачу Маликин, дерриге а къамел шен дIаяханчу ирсечу бераллех, сил чIогIа дезначу дех-ненах, ша фермехь бинчу балхах лаьцна дара. ХIинца, и дIадаьллехь а, и дахар шен хилла хиларна Далла хастам беш еха ша, бохуш дийцира цо.

– Уггаре а сирла, цIена дог-ойла бераллехь хуьлу, уггаре а мерза дагалецамаш деца-ненаца яьккхинчу хенаца боьзна хуьлу, ткъа дог ирсах дуьзна хан – безачу балхахь яьккхинарг… Ма тхаьш ца кхоош болх бора оха фермехь. Хало хилахь а, тхо дерриге а цхьа тоба хиларна, ша-ша дика хила а ца гIерташ дора белхаш. Iуьйранна 5 сахьт далале тхан неIарехь бахаман автобус соцура, иштта юьртара массо а белхало схьа а оьций, дIадоьлхура тхо ферме. Хьелий хьалха докъар тесна, оза кечдина хуьлура. Iуьйранна I0 сахьт даьлча хьелий оьзна а, кхидолу дезарш дина а девлла хуьлура тхо, тIаккха цIа доьлхура. 4-чу сахьтехь юха балха схьадогIура. Болх бина девллачул тIаьхьа цхьаьна чай молуш, вовшийн дог оьцуш Iара тхо. Суьйранна 9-чу сахьтехь  юха цIа а кхачадора автобусца. Балхаца дика ларош берш парти бохура, церан кхидIа а дика болх бан лаам хилийта, – элира Маликас

Фермехь динчу совгIатех, Сийлаллин грамотех дуьззина тIорказ дара Маликин. Цу чохь 200 ца кхоччуш Сийлаллин грамота, 10-15 мидал яра. Цул сов, Нохчийн Республикехь контртеррористически операци йолуш дуккха а совгIаташ хIаллакьхилла, дIа а даьхьна цуьнан. Уьш оццул хиларо гойту Маликас муха къахьегна.

– Москвахь, Кремлехь дуьненна а бевзачу нахана юккъехь, со, юьртара хьелеозархо, лаьтташ сайн балхах йоккхаер дара сан, баккъал а хьанал къахьегаро муьлххачу а лакхене кхача-м во, Делан лаамца, бохург дара сан дагахь. Тахана а вайн кегийрхошна болх бан и тайпа ферманаш, заводаш елхьара телевизоршца, телефонашца долу гергарло кIезиг хир дара, вовшашка болу сий-ларам алсам а хир бара, аьлла хета суна, – бохура цо.

Маликин дог-цIеналла хIора дашца хаалора, шен берриге а доттагIий, гергарнаш буьйцура цо, массарах а дика ойла яра цуьнан. Къахьега Iемина цуьнан, хабар дуьйцуш куьйгаш гIуллакхана тIекхийдачуьра совцуш дацара.

Маликин гуонаха Iара цуьнан вешин бераш, вешин берийн бераш . Царна Iуналла деш, шен доьзал ца кхуллуш дIаихна Маликин шераш.

Хь.АВХАДОВА

 №113, еара, 8 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: