Немцов хьан вийна?

ХIара ворхI бутт чекхбели Россин Талламан комитетан лаккхара корматалла йолчу говзанчаша оцу хаттарна жоп лоьху. Шуьйрачу хаамийн электронни гIирсашна хетарехь, чаккхене кхача герга а бу уьш.

Дуьйцийла йоццуш, хьакъ ма-дду чекхдоккхур ду и гIуллакх. Цунна билггал бехке болчеран цIерш а йохур ю, законца догIуш долу таIзар а дийр ду. Амма талламхоша оцу уголовни гIуллакха тIехь тIаьххьара тIадам хIоттабаллалц собар ца тоьа либералашна. Законо бехк тIе а божоле вайн лерехь хаддаза екаш ю цара йохуш йолу цIерш, шайна юкъахь республикехь хьовха, цуьнан дозанел генна арахьа а гIарадевлла девзаш долчу адамийн цIерш а йолуш. Уьш бехке хиларан цхьа а тайпа шеко а ца кхоллайолуьйту цара, лоьху цаьрга барт хаттар, жоьпе озор.

Царалахь коьрта лору Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, шеца цхьаьна Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а волуш. Цхьа а  тоьшалла, цхьа а бакъдерг хьесапе оьцуш дац либералаша. Цара тидаме ца оьцу уголовни гIуллакх  долийначу хьалхарчу деношкахь дуьйна Р.Кадыровс деш долу ондда бух болу дIахьедар: «Шайн гуонна юкъахь лаха куьг бехкениг, цуьнга деха жоп». ХIан-хIа, иза ца оьшу царна, церан коьрта Iалашо ю «демократин баххаш» лардар, цу тIехь шайн цIе яккхийтар. Бен а ца хета иза дика яьккхича а, вуон яьккхича а – коьртаниг гIарадовла гIортар. Ма-дарра аьлча,  Немцов вийнарг лахар  дац цара хьалха тоьттург, оьшург цуьнан цIарах байракх яр ду.

Цуьнца доьзна Iаламат нийса билгалдаьккхира Кадыров Рамзана: «Немцов шех пайдаэцна баьлла гIирс бара. Иза дIакхосса безаш бара. Цунах цхьа пайда мукъане а хилийта, иза вийра.

ТIаьхьарчу хенахь цхьа а тайпа ларам болуш политик вацара Немцов, цунах доьзна хIума а дацара, я иза цхьанна а новкъа а вацара. Цунна урхалла дечара шаьш бина цунах къаста сацам».

Либералийн лере ца кхочу и бакъ дешнаш, кхачийта а ца лаьа. Царах цатам хуьлу царна. Иза иштта хиларна тоьшалла ду Немцовн гIуллакхца доьзна хIокху деношкахь хаамийн электронни гIирсашкахь даьржинарг. Цуьнан адвоката дийцарехь, Немцовн йоIа суьде арз делла хилла шен да верна бехке берш лахарехь  талламхоша хьокъала доллу гIуллакхаш деш цахиларна. Бакъонан бух боцуш лерина Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, Пачхьалкхан Думин депутате Делимханов Адаме, «Къилбаседа» батальонан командиран заместителе Геремеев Руслане, оццу батальонан командире Делимханов Алибеке, Федерацин Кхеташонан декъашхочуьнга Геремеев Сулеймане барт хатта дуьхьало еш бина сацам.  ХIара бутт юккъе боьдуш и арз къасто билгалдина Москва гIалин Басманни суьдо.

Маца дуьхьало йина Р.Кадыровс талламхошна тIеваха, церан хаттаршна жоьпаш дала? Цо хаддаза чIагIдеш дерг цхьаъ ду – цара кхайкхахь, талламхошна тIе а гIур ву, церан хаттаршна дуьззина жоьпаш а лур ду. Амма оццу хенахь иза тешна ву «Къилбаседа» батальонан командиран заместитель Дадаев Заур политик верна бехке цахиларх.

«Нагахь оцу шайтIанашка-либералашка ладоьгIча, со а ву-кх оцу гIуллакхан дакъалацархо. Немцов ас вийна боху цара. Талламан комитете доьху: «Барт хатта Кадыровга». Стенна дуьйцу пайда боцург? Нагахь Дадаев бехке хиллехь, бехке хилар суна тIе а дужур дар-кх. Нагахь москвахочо цхьаъ вийна меттиг хилахь, Москван мэр бехке хуьлийла ма-дац? – цецвуьйлу вайн Куьйгалхо оцу адамех.

Барт хатта  Россин Талламан комитете шега кхайкхийтар доьхуш вийначу политикан йоьIан лехамна жоп луш, Р.Кадыровс цуьнан тидам тIебахийтира шен мостагIий цо шен дена гуонаха хиллачарна юкъахь лаха безаш хиларна. «Хаамийн оьрсийн службина» еллачу интервьюхь билгалдоккхуш ма-хиллара, дийхира шена гонаха дIасахьажар, хьан дина иза, мила вара церан хьаькам, таханлерчу хьолехь хIун оьшура цунна бохучун ойла яр. ДIалаца корта болчунна хьекъале хьехар ду иза. И некъ юьхьарлацахь, сихха карор ву зуламна бехкениг, гучудевр ду цуьнан бахьанаш а.

«Со бехке а ца веш, шен гуонна юкъахь лахийта  йоIе оцу гIуллакхана бехкениг. Нагахь цунна соьца цхьаьнакхета лаахь, ас хьошалгIа кхойкху цуьнга. Ас кадам бийр бу цуьнга. Сан да а вийна. Дан хIума дац. Иштта ду-кх дахар», – билгалдоккху Р.Кадыровс.

Немцовн гIуллакхах лаьцна ойла еш шашаха дага тосу иза харц некъа тIедерзо, долуш долу бакъдерг ма-дарра дIагайта новкъарло ярхьама, политик вер вовшахтоьхнарг хIуъу дина а къайлаваккха лелош ду бохург. ДуьххьалдIа хIара цхьа бакъдерг а тоьар ду аьлла хета  иза иштта хилар чIагIдан. Оцу нахе шайн хатта хIума дац бохуш Талламан комитетехь дуккхазза а чIагIдинашшехь, оцу шайтIанаша-лабералаша ца деш хIума ца дуьту вайн регионан Куьйгалхо а, цуьнан накъостий а оцу гIуллакха юкъахьакхо гIерташ. Иза дан цхьа а тайпа бух боццушехь.

Амма бахьана ду Кадыров Рамзан дуьненна а вевзаш хилар лалуш цахилар. Субъектийн куьйгалхошна  юкъахь уггаре а цIе яххана куьйгалхо иза хиларна. Цо даима а шен дош шалхе йоцуш чекхдоккхуш хиларна. Шен халкъана дуьхьал мотт-эладитанаш лелор тардолуьйтуш цахиларна. Республика уггаре а зазадоккхуш йолчу регионех цхьаъ йина дIахIотторна.

Ткъа халкъан а, мехкан а мостагIашца машаре воцу къийсамхо иза вуйла-м, схьахетарехь, дуьненан муьлххачу маьIIехь а хууш ду. Терроризмаца машаре боцу къийсам латто шен деца цхьаьна хIокху бIешеран юьххьехь   Къуръана тIехь биъна дуй ларбеш схьавогIу иза. Тайп-тайпанчу «демократашна» а, либералашна а чIогIа ца дезало Р.Кадыров даьссачу хабарех Iехалуш цахилар, шен Iалашонна тIера иза юхаволуш цахилар, Сийлахь-боккхачу Даймахкахь «малхбузен демократис» олалла дарна дуьхьал хилар,  дийнна махкахь синтеме хьал хиларна кхачоярехь пачхьалкхан куьйгаллин ондда гIортор иза хилар. Даггара къобалбеш тIеийцира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дуьненаюкъарчу террористашна дуьхьал дIахьточу тIамехь Шемина  гIо даран хьокъехь Россин Президента бина сацам. Цунна дика хаьа терроризм бохург хIун ду. Тахана цигахь террористийн могIаршкахь вайн махкара бахана дуккха а кегийрхой хилар хьесапе а эцна, Кадыров Рамзана лоьху вайн махка кхачале и зулам шен орамца шен бенахь хIаллакдар. И атта доцу декхар шена тIелаца кийча а ву иза. Болуш бу шайн лаамехь тIаме баха кечбелларш а.

Цундела долларо кхобохуш болчара дерриге а до вайн регионан Куьйгалхочунна тIе нехаш хьакхархьама, юкъараллина товш доцчу гIуллакхана юкъаозорхьама. Уггаре а тамашийна хетарг – цунах шайн гIуллакх хир доцийла хуъушехь. ХIун дер ткъа, жIаьлина кхуссуш йолу даьIахк санна шайна кхоьссинчу долларех эхь-бехк дайъинчу адамийн басахь долчу шайтIанийн амалца догIуш хIумнаш ду уьш.

БIаьргтоьхнарг –  Л.МАГОМАЕВ

№113, еара, 8 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: