Элчанан (I.с.в.с.) ассар маьждиге дIакхачийна

Стомара, эсаран беттан (октябрь) 6-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу аэропортера лерринчу рейсаца Москварчу рузбанан доккхачу маьждигана совгIатна Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийлахь чо дIабахьийтина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Россин коьртачу маьждигехь гуттаренна Iалашбайта, цунах оцу маьждиге Iамал-Iибадат дан богIучу бусалбанашка ирс эцийта дIабелла цо иза.iz-serdca-chechni-v-moskvu-otpravilas-odna-iz-samyh-cennyh-musulmanskih-relikviy_1

Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) беза чо эцна дIаяхана шена коьртехь Россин муфтийн Советан куьйгалхо, шайх Гайнутдин Равиль волу Россин Федерацин бусалбанийн динан урхаллин делегаци. Вайн Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ассар маьждигна дIаяларна жоьпалле вина вара Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам.

Россин бусалбанийн динан урхаллин официальни порталехь хаам бина ма-хиллара, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) чо охьабиллира маьждиган михьрабехь. «Буьйса юккъе яххалц цунах ирс, беркат эца йиш хир ю муьлхха а бусалба стеган. Цул тIаьхьа иза цигара схьаоьцур бу. Иза Iалашбийр бу лерринчу меттехь, деш гIарол а долуш. ХIинцале а эзарнаш, эзарнаш бусалбанийн аьтто баьлла Москварчу маьждигехь йолчу Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ассарах бIаьрг тоха. Цо дагна беш болчу хьаамах лаьцна кхачам боллуш дийцалур дац мел шера мотт болчу стаге а. Оццул дагна, синна Iаткъам бо оцу сийлахьчу ассаро кхуллучу ойланаша.Презентация мусульманской реликвии - частицы волоса пророка Мухаммеда

Дагадаийта лаьа Москвара рузбанан маьждиг хIокху шеран товбецан (сентябрь) беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Россин муфтийн Советан куьйгалхочуьнга Гайнутдин Равиле ша оцу маьждигна совгIатна Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) чо гуттаренна а Iалашбан дIалуш хиларан хьокъехь мерза кхаъ баьккхина хилар. Ша аьлларг чекх а даьккхина цо. Цунах баккъал а боккха кхаъ хилла вайн мехкан коьртачу шахьарахь Iаш болчу берриге а бусалбанашна. Ткъа уьш тахана цигахь ши миллион сов ву. АлхьамдулиллахI!

Д.АНАДЕВ

 №113, еара, 8 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: