2000-чу шеран 8-чу июнехь Россин Федерацин Президента В.В.Путина куьг яздира «Нохчийн Республикехь кхочушдаран Iедалан органийн ханна йолу система вовшахтохаран хьокъехь» долчу Указна а, Положенина а. Ткъа 12-чу июнехь – Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хIотторан хьокъехь долчу Указна.
Мехкан Президентан В.Путинан а, регионан Куьйгалхочун А-Хь.Кадыровн а юкъаметтигашкахь, юьххьехь дуьйна, гучуделира амалш вовшашна тайна хилар, вовшашка тешам хилар. Ахьмад-Хьаьжас дийцарехь, иза цецваьккхира Россин лидер хьулам боцуш, догцIена хиларо, мел чолхе гIуллакхаш а кхета атта долчу маттахь дийцаре дан хааро, Iалашонаш, декхарш хьекъалца, хьикматца билгалдаьхна ца Iаш, уьш кхочушдан таро лун йолу некъаш довзийта хааро.
Нохчийчуьра карзахе хьал синтеме дерзорехь цхьаьна хьалхара гIулчаш яха волавелча гучуделира республикерчу юкъараллин-политикин хьоле цу шиннан цхьабосса хьежар хилар, уьш листаран некъаш а цхьабосса гуш хилар. И ший а кхеташ вара «нохчийн кризис» дIа ца яьккхича Къилбаседа Кавказехь ондда машар дIахIотталург цахиларх. Ткъа иза Россин къилбан форпост ю, Россина доккха стратегически а, геополитически а маьIна долуш а ю.
Уггаре а коьртаниг, и шиъ цхьаъ хуьлий дIахIуттура Россин а, Нохчийчоьнан а исторически кхолламаш цхьаъ хиларх тешаш хиларехь, Россин вежараллин халкъийн юкъараллехь бен Нохчийн Республика баккъал а маьрша хирг цахиларх тешаш хиларехь. Оцу халкъийн цхьааллехь ю Россин сийлалла. Оцу цхьааллехь бу цуьнан ницкъ а, ларам а.
И шиъ цхьана чкъурах, советски цхьана мехаллаш тIехь кхиийна, юкъара советски дIадаханарг долуш ши стаг хиллехь а, царах хIора а шен некъаца воьдуш вара.
В.Путин мехкан куьйгалле хIоьттира, иза йохаран зила тIе хIоьттича, федеральни Iедалан, республикийн юкъаметтигаш кхоччуш галъевлча. Iаламат чолхе а, кхераме а нисделлачу политикин а, социально-экономикин а хьелашкахь федерацерчу Iедалан вертикаль меттахIоттийра цо, политикин, экономикин, бакъонийн берриге а гIирсех пайда а оьцуш.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, шен халкъаца цхьаьна, хала а, чолхе а некъ бан дийзира Россица йолчу юкъаметтигашкахь нийса хинйолу политика лоьхуш. ТIамах, Iазапах, гIелонех чекхдовла дийзира. Нохчийчоьнан лидерша хаьржинчу некъан кхане цахилар хиъча, иза къам хIаллакден долу некъ хилар гича, иза кхийтира. Иза кхийтира нохчийн халкъ Iалашдаран, кхиоран таронаш Россин Федерацин пачхьалкхехь, цуьнца цхьаьна гIуллакхдарехь бен цахиларх.
Ахьмад-Хьаьжа кхийтира Масхадовс а, цуьнан агIо лоцучара а хаьржинарг нохчийн халкъ хIаллакден долу некъ хиларх, шайгара Iедал дIа ца хеца гIерташ цара дерриге а дуьненахь – Европехь, Азехь, Iамаркехь шайна бартахой лоьхуш хиларх. И дечу хенахь цара хьесапе ца оьцура халкъ хIаллакьхуьлуш хилар. Шайн лаамаш чекхбахар доцург царна гуш хIума дацара. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхета ца туьгура Советски Эскаран эпсарш хиллачеран кхетамбацарх, цара шайн жима халкъ нуьцкъалчу пачхьалкхан доккхачу, массо тайпана герзаш долчу эскарца бечу тIеман цIерга кхийсарх.
Россин Президентаца дуккха а цхьаьнакхетарш а, къамелаш а хилча бен тIаьхьа ца кхиира Ахьмад-Хьаьжа цара лелочунна: маьрша бахархой алссам байъаре хьаьжжина дуьненан юкъаралло сиха тидам тIебохуьйтур бу Нохчийчохь долчу хьолана, тIом сацор доьхуш Iаткъам бан буьйлалур бу Россин куьйгаллина. Иштта дара царна хеташ дерг.
Нохчийн баьчче В.Путине къаьсттина сий-ларам кхоллабелира, тIеман къизалле, Россин бIаьхошна юкъахь кхалхарш дукха хиларе, Россин теракташ яре хьаьжна ца Iаш нохчашка цуьнан цкъа а цабезам цахиларна, дуьненаюкъара террористаш а, церан гIоьнчий а, нохчийн халкъ а цкъа а цхьаъ ца лараро. Ахьмад-Хьаьжина гуш дара Нохчийчохь долчу хьолан Россин Президент баккъал а сагатдеш хилар, бала-гIайгIа дукха лайначу республикехь машар а, синтем а хир болу бегIийла некъаш лоьхуш хилар.
В.В.Путинца хиллачу дуккха а цхьаьнакхетаршкахь А-Хь.Кадыровна хиира кризис дIаяккхарехь нуьцкъаллин боцург а некъ тIелаца иза кийча вуй. Иза кийча вара Масхадовца дийцарш дIадахьа а, нагахь санна иза Нохчийчоь Россин Федерацин бакъонийн хьаьрме юхаерзо реза хилча.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьхьал вара Ичкерин лидершца дийцарш дIадахьарна, цаьрга оцу дийцарех шайн ницкъаш IаIорхьама, шайн Iедал меттахIотторхьама, республикин бахархошна беш болу Iаткъам меттахIотторхьама пайда ца эцийта. Делахь а, цхьаболчу аренийн командирашца дийцарш дан тарло аьлла хеташ вара иза, цаьрга герзаш охьадахкийтаран хьелаш дийцаре дархьама.
Ахьмад-Хьаьжас жигара гIо лецира тIеман къовсамехь дакъалаьцначеран, шайн гIуллакхаш цIенна уголовни зуламаш а, террористически а доцучарна амнисти яран хьокъехь долчу В.Путинан дIадолоран. Россин Президента иштта дIадолор дира нохчийн баьччанца дехха къамел хиллачул тIаьхьа. Цунна хаьара дуьххьалдIа герзийн ницкъаца проблема дIаяккхалур йоций. Иза а чекхваьллера, бакъоне боьдучу оцу чолхечу некъах. Ахьмад-Хьаьжа тешна вара герзашца йолчу тобанийн дакъалацархошна тIама юккъера бовла таро яла езаш хиларх. И таро яла езара шен халкъе цабезам боцучарна, зуламаш дарца шайн сий дайъина боцучарна.
Цуьнца цхьаьна Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхеташ вара Россин Президент дуьненахь мехкан сий-ларам хилийтаран хьокъехь г1айг1а бан безаш хиларх а, махкахь юкъараллина хеташ дерг хьесапе эца дезаш, иза лара дезаш хиларх а. Иштта, В.Путин а кхетара Масхадовца дийцарш дан резахиларца цо Нохчийчохь а, дозанал арахьа а цуьнан сий-ларам лакхабаккхарна гIодеш хиларх. Делахь а иза гайта дезаш вара тIеман къовсам машарца берзо лууш хилар. Амма и дарца я мехкан Президент а, я республикин Куьйгалхо а мехкан цхьааллина а, суверенитетана а эшам хуьлуьйтур болуш вацара.
Нохчийчуьра тIеман хьал машаран некъа тIе хьовзорехь федеральни правительствера даьллачу муьлххачу а гIалатех, къаьсттина Нохчийчохь леррина операцеш дIахьочу хенахь кест-кеста бIаьхоша Россин законаш, дуьненаюкъара гуманитарни нормаш талхорах Ичкерин агIо шайна политически са лоьхуш хиларна тIехь ойла цхьаьна йогIуш вара Путин Владимир а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а. Ичкерин хаамийн туьшаша тайп-тайпанчу мехкашкахь шайна са хуьлуш пайдаоьцура Нохчийчохь контртеррористически операцеш дIаяхьарехь нислуш хиллачу кхачамбацарех.
Оцу муьрехь Нохчийчохь цхьаннах бозуш боцу ницкъ хилла дIахIоьттинера Россин эскар. Царна мегаш дара тIом «сийсаш» латтар, тIеман хьолан раж: граждански урхаллин органийн карахь хIумма а доцуш, республикехь дай бIаьхой а болуш. Эскар дар-кха законаш дахаран, кхочушдаран, кхиэлъяран Iедал. И дерриге а хуьлуш дара федеральни эскаршкахь низам тIех ледара долуш, маларш муьйлуш, къоланаш деш, кхаьънаш оьцуш, адамаш духкуш, таIзар данне а деш а доцуш хьал хиларна.
БIаьхоша лелочунна тIехь терго латтош хилчий бен Нохчийчохь машар балург цахиларх В.Путин тешо аьтто белира Ахьмад-Хьаьжин. Цо резадацар кхоьллира тIеман командованин векалшна юкъахь. Республикехь шайна луъург лелош лела Iемина бара уьш.
Ахьмад-Хьаьжига Iаламат боккха сий-ларам а, тешам а бара Россин Президентан В.Путинан. Иза гучуделира Къилбаседа Кавказехь Цхьаьнатоьхначу эскарийн группировкин командующица В.Барановца къовсам баьлча, и къовсам боьзна бара бIаьхоша маьрша бахархой хьийзош хиларца. В.Путина нохчийн баьччанехьа гIодаьккхина, В.Баранов дIа а ваьккхина, цуьнан метта В.Молтенской хIоттийра. Керлачу командующис шен гIуллакхашца гайтира В.Путина яьккхинарг нийса гIулч хилар.
Делахь а, веккъа цхьа командующи хийцарх а кхачаме дацара Нохчийчуьра хьал тодан а, российски бIаьхойх йолу дог-ойла хийца а.
Цу шинне а хетарехь а, проблема дIаяккхархьама билггал гIулчаш яха езаш яра бIаьхошний, маьршачу бахархошний юкъахь тешаме юкъаметтигаш хилийтарехьа. Оцу декъехь яьккхина хьалхара гIулч яра Къилбаседа Кавказехь цхьаьнатоьхначу эскарийн группировкин командующис В.Молтенскойс 2002-чу шеран 27-чу мартехь №80 йолуш арахецца омра. Цуьнца билгалйохуш яра «зачисткаш» дIаяхьаран бакъенаш. «Зачисткаш дIахьочу федеральни эскаргIуллакххошна тIедуьллура нехан керта доьлхучу хенахь шаьш довзийтар, бIаьхаллин машенийн бортийн номерш къаьсташ хилийтар. Цул совнаха, «зачисткаш» дIахьочу хенахь дакъалоцуш хила безара прокуратурин векалш. Бакъдерг аьлча, федеральни эскарша и омра дукха хьолахь кхочуш-м ца дора. Цундела Нохчийчоьнан администрацин, Россин куьйгалло а гIо а лоцуш, дукха къахьегара дийзира Нохчийчохь бехачу Россин гражданийн бакъонаш талхор лахдархьама.
Политикин хьал синтеме дерзон а, бахархойн Iедале тешам хилийта а республикин экономика а, социальни дакъа а меттахIотто дезаш хиларх тешна вара В.Путин а, А-Хь.Кадыров а. Ткъа цунна дуккха а ахча оьшура. Оцу некъа тIехь Россин Президента мехала гIулч лорура болх бан хьуьнаре боцчу бахархойн (берийн, заьIапхойн, пенсионерийн, шаьш Iачу нанойн) материальни хьашташ кхочушдар. ТIаккха цо сацам бира царна шен-шен хенахь пенсеш а, пособеш а дIадалийта. Царна уьш делла а дацара Дудаев Iедале веанчул тIаьхьа. Уьш дIадала долоро доккха маьIна лелийра Нохчийн Республикехь Россин Iедале болу сий-ларам лакхабаккхарехь, мехкан нуьцкъаллин структураша леррина операцеш дIахьочу хенахь кхоччуш дIабаьккхина болу. Хууш ма-хиллара, леррина операцеш дIахьочу хенахь массо меттехь хьоьшуш яра маьршачу бахархойн бакъонаш. Вовшашца хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь В.Путина а, А-Хь. Кадыровс а дийцаре дора бахархошна белхан меттигаш кхолларан хьокъехь долу гIуллакхаш, республикехь белхазаллин барам лахбаран некъаш а лоьхура. Ахьмад-Хьаьжина хаьара белхан керла меттигаш кхолларо а, адамаш балхана, къинхьегаман юкъаозоро а социально-экономикин проблемаш дIаяьхна ца Iаш, юкъараллин-политикин хьал тодарна а дика Iаткъам беш хилар. 2001-чу шарахь Россин Президента дийхира Къилбаседа Кавказехь жима а, юккъера а бизнес кхиоран программа юкъаяккхар. Цигахь къаьсттина меттиг билгалъяьккхинера Нохчийн Республикина. Программица нийса а догIуш, бан болх боцу адамаш юкъаозо дезаш дара жимачу а, юккъерчу а бизнесехь къахьегарна, тIамо йохийна регионан социально-экономикин инфраструктура меттахIотторна.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кест-кеста хьехадора Нохчийчохь пачхьалкхан Iедал д1ахIотторехь мехкан куьйгалхочо лелош долу доккха маьIна. Цуьнан куьйгаллица чIагIйира республики бакъонаш ларъяран органаш, могашалла Iалашъяран, дешаран, культурин материально-технически бух. Цо даре дора Путинца къамелаш дар шена политикин дика школа хилар. Цуьнца хуьлучу къамелаша Ахьмад-Хьаьжин аьтто бира дика политик, регионан куьйгалхо хилла дIахIотто, дахаран заделларг IаIо.
А-Хь.Кадыровс шен «Сан харжам» книги тIехь яздора: «Путинан дукха луьйш Iедал дац. Хьолан духе кхуьуш ву. Хила тарлуш долчух а, доцчух а кхеташ ву. Билггал жамIашка кхача Iалашо йолуш ву. ЛадогIа а, хезначун маьIна дан а хууш ву. Ша цхьамма къамел дарал, къамел дIаса кховдош дар гIолехь хеташ ву. Карзахе, сацам боцуш вац, сапаргIат ву. Цхьана а хьолехь хьере хуьлуш вац. Цуьнан амалехь хаъане а ца хаало куралла, даржах Iехавалар. Iедале а, сий-лараме а талхалур волчух вац иза. Цундела цуьнан дикаллаш цуьрриг ийза а ца луш ягарйина ас. ХIунда аьлча, цара вайн махкана дика гIуллакх до…».
Россин Федерацин Президента В.В.Путина а лаккхара мах хадабора А-Хь.Кадыровн. «Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дуьххьара гушшехь инзарваьккхира со экстремизмана дуьхьал ша хиларан бахьанаш къеггина гайтарца. Цул тIаьхьа а дуккха а цхьаьнакхетарш хилира тхойшиннан. Нохчийчохь тIемаш хиллачул тIаьхьа гергакхочуш яра республикехь долчу Iедалан хьокъехь долу гIуллакх къастон деза хан.
Со цунах чIогIа тешаш хиларна, ас цуьнга юьхьадуьххьал а, дагахь ма-дарра а дIаэлира иза нохчийн администрацин куьйгалхо хIоттор айса къобалдеш цахилар. ХIунда аьлча, суна иза еххачу ханна Iалашван, ларван лаьара. Суна хетарехь, и дан тарлур дара республикина а, Россина а, нохчийн халкъана хала а, чолхе а хилла мур чекхбаьлча иза Нохчийчоьнан куьйгалле хIоттийча.
Амма, кIеззиг ойла а йина А-Хь.Кадыровс элира: «Суна хаьа со нуьйжиний, варзапний юккъехь нислуш вуй. Со кхета Iедалан федеральни органаш, къаьсттина нуьцкъалчу структурашкахь берш сох дIора тешаш хир боций – ас нохчийн хьалхарчу тIамехь федеральни ницкъашна дуьхьал дIадаьхьначу гIуллакхашкахь дакъалаьцна хилар дагахь долуш. Хаьа оцу шерашкахь со шайца хиллачарех цхьаберш сайга ямартхочуьнга санна хьоьжур буйла. Амма ас и гIулч йоккху айса дечух дика кхеташ. ХIунда аьлча со оцу ерриге а халонех чекхваьлла, сунна чIогIа дика девза Нохчийчохь а, нохчийн халкъехь а долу хьал. Иштта хаьа тахана республикехь и зеделларг долуш, оцу халкъан кхолламах долу жоьпалла шена тIелаца хьуьнар долуш адамаш кIеззиг дуйла. Оцу декхарца со кхечул а дика ларор ву аьлла а хета суна».
Со иза дохко ваккха а ца гIиртира. Тхойшиннан къамелехь цо аьлла дешнаш дага а даьхкина. Цо элира хIинца шен хиндолчун хьокъехь ойлаян шен бакъо яц – ша шен халкъан хиндолчун хьокъехь ойлаян дезаш ву аьлла. Оцу ойланашца веара Кадыров администрацин куьйгалхочун дарже, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан Президент а хIоьттира.
Шен дерриге а гIуллакхашца цо тешшош гойтура бандиташ а, террористаш а, дийнна халкъ а цхьаъ цахилар. Даима а, тхойшиъ мацца вовшахкхетча а, стенах лаьцна дийца волавелча а, къамел хьаьвззе нохчийн халкъан хьашташна тIедолура. Дера, иштта кIентий шен болчу халкъах дозалла ца дойла ма дац.
Вайх дIакъаьстина Iаламат майра, похIме, оьзда стаг. Цхьаъ йоцург кхин Iалашо яцара цуьнан. Шен халкъана вацар яра и Iалашо. Иза оцу Iалашоне чолхечу некъаца воьдура. Амма иза даима а хьанал, догцIена вара. Вайн декхар ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжас долийна дика гIуллакхаш чекхдахар!», – элира цо.
(«Стаг а, оьмар а: Кадыров Ахьмад-Хьаьжа» книги тIера), Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ
№113, еара, 8 октябрь, 2015 шо