«Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша масех де хьалха, эккхийта дагахь, минаш ехкина Шемарчу ширачу Пальмирехь йолчу римски амфитеатран ларда буха.
***
Шемахь долчу Россин тIеман кеманаша а, вертолеташа а хIора дийнахь лаххара а ткъозза тохарш до «иблисан пачхьалкхерчу» террористийн лагершна. ТIаьххьара тохарш дича йохийна Пальмирана 28 километр генахь хилла церан штаб, хIаллаквина 40 сов террорист.
***
Iамаркан инарлас Кэмпбелла даре дина США-н тIеман кеманаша Кундузехь (ОвгIан) йолчу госпитальна бомбанаш а, ракеташ а галбевлла тоьхна хилар.
***
Iамаркан уггаре а яккхийчу компанеша офшорашкахь къайладаьккхина 2,1 триллион доллар ахча. И къайле Iедална хIинцца бен гучу ца яьлла.
***
Румынин Iедало дIахьедина Молдовина лур ду аьлла тIелаьцна хилла 150 миллион еврон барамехь кредит ша лур дац, аьлла.
***
Тахана Казахстане вахана Украинин Президент П.Порошенко. Цуьнан цхьаьнакхетар хилла Казахстанан Президентаца Н.Назарбаевца. Цара дийцаре дина махлелорехь а, экономикехь а цхьаьна дан лерина гIуллакхаш.
***
Украинин Лакхарчу Радин депутаташа тIеэцна дозанал арахьарчу пачхьалкхашкарчу бахархошна Украинин эскарехь контрактаца гIуллакхдан бакъо луш болу сацам.
***
ДНР-н а, ЛНР-н куьйгалла, Минскехь хиллачу бартаца нийса а догIуш, резахилла харжамаш 2016-чу шарахь дIабахьа.
***
Кхо де дисина Беларусехь президентан харжамаш дIабахьа. Оцу дарже хьалхатеттинарг виъ кандидат ву. Царна юкъахь ву таханлера президент А.Лукашенко.
***
Россин Президент В.Путин Сочехь цхьаьнакхийтира Таджикистанан Президентаца Э.Рахмонца. Цара дийцаре дира Шемахь а, ОвгIанехь а долчу хьолах лаьцна долу гIуллакхаш.
***
Россин Премьер-министр Нижний-Новгородехь дIаяьхьаначу кхеташонехь дийцира мехкадаьттанах гIуллакхдаран заводашна модернизаци ярна юкъайохкучу инвестицех лаьцна. Кху шарахь оцу гIуллакхана юкъайохкур ю 214 миллиард соьман барамехь инвестицеш.
***
2015-чу шарахь физикин декъехула Нобелан премин лауреат хилла Артур Б.Макдональд а, Такааки Каита а.
№113, еара, 8 октябрь, 2015 шо