БаIисан забарш

Ахь ала-м ца вуьту

 

Шина а куьйга лога-шад а лаьцна:

– КъуртI ала, къуртI ала ца боху хьоьга, – бохуш, Iаббаз холчу хIоттийна  БаIиса.

ДIасагIоьртина, халла вистхуьлийла яьккхина, цо лохха хазийна:

– Легаш дIахецахь, накъост. Ахь ала-м ма ца вуьту со.

 

Соьга баийтийша

 

ГIуллакх дуйна тIе а даьлла, буур буй, баций

бохуш вовшашна чуччагIертачу нахана тIе а вахана:

– Соьга баийтийша дуй, ас биъча ца мега шуна, хIа-н? – дехна БаIиса.

– ДIавала стаг, хьан гIуллакх дац тхан дуьйнаца, – човхийна  хIара. ТIаккха гуттар чIогIа дехаре  ваьлла  вайн хьаша:

– Баийтийша. Шайн Дела дуьхьа баийта, ас дуй бааза ши кIира  ма-ду. Хьовсал, оцу Къуръана тIе  биттина гамбелла ма бу  сан  хIара  пIелг.

 

Тамашийна бу-кх хьуна  хIара нах

 

Iуьйрре гIаьттина, кетIа  ваьллачу БаIисна дIасалелаш, нехан  неIаре  хIуьттуш адамаш гина. Цара лелош долчух кхеташ воцчу  цо тIехволучу жимхе хаьттина:

– Са а тасале хIокху наха лела мукъане хIун до?

– Ваши, тахана мархадосту де ма-ду.

– Вай, и бохург хIун ду? – цецваьлла БаIис. Юха сихха  тIетоьхна:

– Тамашийна бу-кх хьуна хIара вайн нах. Шаьш марха лоцуш а, марха достуш а  ца хоуьйту.

Гулдинарг – С.ХАСАНОВ

 №114, шот, 10 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: