«Бож-Iела, хьаша веана хьо волчу!»

Нохчийн Х.Нурадиловн цIарахчу къоман театран ламаст хилла схьадогIу  театран мур А-Хь.Хамидовн  «Бож-Iела» спектакль гайтарца  болабар.Снимок

7-чу октябрехь театран 85-гIа юбилейни мур дIаболор  мехала хилам бара театран кхолламехь.

Халкъана уггаре а дукха  езаеллачу спектаклех ю «Бож-Iела». 1965-чу шеран 1-чу  майхь гайтира иза дуьххьара. КIорда ца еш хьовсу цуьнга нах. Нохчийн къоман забарш, вайн дахар, къинхьегамо юьхькIам барх, малоно юьхьIаьржа хIоттаварх дуьйцу  цигахь. Спектаклан турпалхойн хIора диалог  хьоме а, гергара ю, нохчийн доьзалшкахь «афоризмаш» санна яьржина лелош а ю. ТIаьхьарчу  шерашкахь  режиссера Хакишев Руслана хIоттош ю и спектакль. ТIаьхьарчу 50 шарахь  1300-за  гайтина ю иза.

Спектакль йолалуш маршаллин дош олуш йистхилира театран исбаьхьаллин  куьйгалхо – директор Ахмадова  Хьава. Цул тIаьхьа хьовсархошна хьалха хIиттира спектаклан дуьххьара хиллачу  премьерин артисташ Давлетмирзаев МутIелип, Багалова Зулай, Омаев Дагун, иштта  театровед  Берсанукаева Хеда. Артисташа  дийцира «Бож-Iела» спектаклан  дахаран некъах, шайна нислуш хиллачу самукъанечух  а, халонех а лаьцна.Снимок2

Спектакль театран юьхь  ю. Оцу дийнахь хьалхарчу могIарерчу а, театрана хIинцца  юкъабаьхкинчу  къоначу артисташа а ловзийра ролаш.  ЧIогIа  самукъадаьллера спектакале хьовса   баьхкинчу  хьовсархойн. «Бож-Iела», хьалагIатта, хьаша  веана  хьо волчу!» – иштта йолало  спектакль. Сутарби ву Бож-Iела  волчу веана…

Делахь-хIета,  театран болх дIаболабелла. Шира а, керла спектаклаш гаре  сатуьйсур ду-кх вай. ТIаьхье беркате  хуьлда.

 

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрташ

 №114, шот, 10 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: