Дийцаре дира мехала гIуллакхаш

41d4ae071f14f4e4812f

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъалецира Россин Президента Путин Владимира дIаяьхьначу Пачхьалкхан Советан кхеташонехь.

Дийцира дира кхаа декъан гIуллакхаш: хIусамийн-коммунальни бахам карлабаккхар, дешар кхиор, къинхьегаман эвсаралла лакхаяккхар.

Ша аьлча, Россин Федерацин Президента дIахаийтира бахархой тишачу а, чухарцарна кхерам болчу а хIусамашкара керлачарна чукхалхоран программа кхочушъяр дIадахьарна ша реза цахилар. Цо билгалдаьккхира оцу гIуллакхана къастийначу ахчанех 25 процент шен Iалашонца пайда ца оьцуш, федеральни бюджете юхадерзоран хьал кхин дIа лан амал доцуш хилар. В.Путина дIахаийтира хIусамийн программа кхочушъяр 2014-чу  шеран майхь а, ноябрехь а ша толлург хилар.

«ТIедогIучу шарахь вай юхахьовсур ду цхьайолчу агIонашка, амма цхьанна  къаьсттина тидам тIебахийта луур дара суна – иза хIусамийн программа ю. Таханлера предложенеш кечйинчул а, вайна тахана хьалхалаьтташ долу, вай кечдина долу декхарш кхочушдаран некъаш дийцинчул а тIаьхьа ас доьху шуьга май бутт тIекхочуш хIокху барамехь, я мелла а к1езигчу барамехь гул а делла, вайн таханлера предложенеш кхочушъярехь кхочушдинчух лаьцна дийцар. Оцу гIуллакхах лаьцна долу хьалхара цхьаьнакхетар хир ду майхь, ноябрехь – цул тIаьхьарниг», – элира цо.

«Хьан, муха болх бина анализ йийр ю вай. Совнаха хIума доцуш, суна оьшу болх бар, хьалха хIиттийна декхарш кхочушдар. Iедалан федеральни органех хьакхалуш дерг регионийн органех а хьакхалуш ду. Ткъа ноябрь чекхболуш билггал болу сацамаш тIеоьцур бу вай, цу юкъахь административни декъехь берш а – иза оьшуш хир долчохь. Ас доьху шуьга иза тидамехь латтор», – тIетуьйхира Президента.

В.Путина иштта билгалдаьккхира хьехархойн корматаллин лакхадаккха а, хьехархойн белхан алапа тIетоха а, дешаран учрежденийн материальни бух чIагIбан а безаш хилар.

«Белхан алапаш а, дешарна еш йолу бюджетан харжаш а кхиар бюджетан сеть структурни хийцарца цхьаьнадогIуш хила деза. Цунах лаьцна дуккхазза а дийцина, амма кхочушдеш дерг ч1ог1а кIезиг ду. Къаьсттина тидам тIебахийта беза берийн бошмашкахь меттигаш хилийтарна. Кхузахь мехала ду школе доьлху хан кхачазчу берийн учрежденеш алсамъяхарехь долчу карарчу хенан а, тIейогIучу хенан а хьаштех нийса кхетар», – билгалдаьккхира цо.

Ала деза Нохчийн Республикехь школийн материально-технически бух чIагIбаран а, школе доьлху хан кхачазчу берийн дешар кхиоран а гIуллакхана боккха тидам тIебохуьйтуш хилар. Карарчу шарахь болх бан йолаялийтина берийн 41 беш: 15 йина, 10 меттахIоттийна, I6 шайн Iалашонца доцуш пайдаоьцуш хиллачуьра школе доьлху хан кхачазчу берийн дешаран системе юхаерзийна. 2014-чу шарна  йолчу планашкахь ду берийн кхин а 30 беш яр, цигахь дIанисдийр ду 4100 бер.

Нохчийн Республикехь болх беш ерриге а берийн 200 беш ю, цигахь ду 35000 гергга бер. Карарчу хенахь берийн бошмашка рогIехь лаьтташ ду ткъе итт эзар бер.

Белхан алапа лакхадаккхарехь Россин Президентан майхьлера указаш кхочушдарх лаьцна аьлча, республикин дешаран, Iилманан министра Байханов ИсмаьIала регионан Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хиллачу цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира республика хьехархойн юккъерчу барамехь долу белхан алапан билгалдинчу документехь долчу тIегIанехь  хилар. Карарчу шеран декабрехь дуьйна тIетоьхна хьехархойн белхан алапа. ХIинца хьехархойн юккъерчу барамехь долу белхан алапа 20 эзар 57 сом ду. Кхин тIе долчу корматаллин дешаран учрежденийн белхахойн белхан алапа 28500 сом гергга ду. Юьхьанцарчу корматаллин дешаран хьехархойн алапа 27 эзар сом ду. Iилманан белхахоша юккъерчу хьесапехь 15750 сом оьцу.

Республикехь иштта дика кхочушъеш ю гIийла бохкучу доьзалшна а, заьIапхошна а, шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу белхахойн доьзалшна а, ткъа иштта республикехь тIемаш хилар бахьана долуш шайн хIусамаш йохийначу доьзалшна а хIусамаш яларан программа. Йолуш йолчу таронех пайда а оьцуш, ткъа иштта бюджетан доцу финансийн ахчанаш юкъа а далош, Нохчийчоьнан куьйгалло кхочушдо тIамал тIаьхьарчу регионна атта доцу декхарш. Билгалдаккха деза цхьана Соьлжа-ГIалахь хIокху шарахь хIусамашца хало ловш болчу 286 доьзална хIусамаш елла хилар.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,

Правительствон пресс-служба

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: