Литературин рузма

Арсанов  СаьIид-Бей, яздархо,  юкъараллин   гIуллакххо,  вина  1889-чу шеран  октябрь  беттан   2-чу  дийнахь  Жимачу АтагIахь. Атта  ца хилла  яздархочун   дахаран  некъ.  Владикавказера 4 классан   училище   чекхъяьккхинчул   тIаьхьа  Одессерчу   электротехнически   училище    воьду,  цигара   ваьлча,  Петербургерчу    политехнически   институте   деша   хIутту. Бакъду, паччахьан   Iедална  дуьхьал   студентийн  боламехь  дакъалацарна  Вятски   губерне  ссылке   хьажор  бахьанехь   дешар   юкъахдуьсу. Жигара  дакъалоцу   Советски  Iедалехьа  хиллачу къийсамехь. С.Арсанов  редактор   волуш  арадала   долало нохчийн  маттахь   дуьххьарлера  «Серло»  газет.  ХХ-чу  бIешеран   25–37-чуй  шерашкахь  белхаш  бо  партийни  а,   советски   а   органашкахь. 1937-чу  шарахь,  боцу   бехк   кхуллий,  чувуллу.  Лаьцначуьра   мукъаваьлча а, цIаверзар ца хуьлу. Дерриге а нохчийн  халкъаца   кхалхийначу  шен  доьзална   тIевоьду   1945-чу   шарахь.  1957–1959-чуй  шерашкахь   Нохч-ГIалгIайн   яздархойн   Союзан   правленин   председатель   лаьтта.

1930-чу  шерашкахь   дуьйна   зорбане   юьйлу   яздархочун   исбаьхьаллин, публицистикин   говзарш: статьяш,  очеркаш, романан дакъош. 1956-чу  шарахь  Алма-Атахь  арайолу  С.Арсановн  «Маца   девза  доттагIалла»  роман.

Кхалхар  хилла 1968-чу  шарахь.

 

    Музаев Нурдин, поэт, яздархо, гочдархо, вина 1913-чу шеран октябрь беттан 15-чу дийнахь БелгIатой-Эвлахь. 1935-чу шарахь чекхъяьккхина Москвара журналистикин институт. Белхаш бина «Ленинхо» газетан редакторан заместитель, Нохч-ГIалгIайн кинофикацин урхаллин директор, издательствехь редактор, яздархойн Союзан консультант, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан хьехархо волуш.

Корматаллин ницкъаш зийна прозехь, поэзехь, драматургехь, критикехь, гочдарехь. Шен кхоллараллин дахарехь 30 сов книга арахецна цо («Сан некъ»,  «Колхозан ловзар», «Селима дуьйцу», «Деган аз» – стихийн, поэмийн гуларш, «Замза» повесть, «Къонахийн болар», «Органан тогIехь», «Сатийсамийн ницкъ», «Мур» – романаш). Нохчийн матте гочйина Руставели Шотан «ЦIоькъалоьман цIокалахь турпал» поэма. Цул сов, Iилманехь а шен лар йитина филологин Iилманийн кандидат хиллачу Н.Музаевс. Iилманийн гуонашлахь мехала лору цуьнан «Жанраш кхиоран новкъахь Къилбаседа Кавказан литературийн вовшашца йолу  зIе» цIе йолу болх. Кхалхар хилла 1983-чу шарахь.

 

   Хамидов  Iабдул-Хьамид,  драматург, Нохч-ГIалгIайн АССР-н  халкъан   артист,  вина 1920-чу  шеран  октябрь   беттан   15-чу  дийнахь Йоккхачу   АтагIахь (кхалхар   хилла 1969-чу  шарахь). Дешна   Серноводскерчу  хьехархойн училищехь,  Мокварчу   театральни   искусствон институтехь  (иза чекхъяккхаза  йисина), Ленинградерчу  театральни  институтан   актерийн   факультетехь. Белхаш   бина   Нохч-ГIалгIайн  АССР-н  хелхаран,  эшарийн  ансамблан   куьйгалхо  (1957–1959-гIий  шераш), яздархойн   Союзан   правленин  председатель  (1959–1961-гIий шераш), Нурадилов   Ханпашин цIарахчу  театран директор (1962–1968-гIий   шераш) волуш. Ша   кхалхале   хьалха  КПСС-н  Нохч-ГIалгIайн  обкоме   балха  вигна  хилла иза.

Йоккха хазна  йитина  I-Хь.Хамидовс   нохчийн  литературехь. Дийцарийн, пьесийн  дуьххьарлера  «Абубешар»  гулар   араелира  1958-чу  шарахь. Оццу  шарахь   зорбане  йолу   цуьнан  «Совдаттий,  Дауддий»  пьеса.

Тайп-тайпанчу  шерашкахь   арайолу  кхин а  кхоъ  книга  – «Бож-Iела»,  «ТIам сийна   кхокха», «Лийрбоцурш». Нохчийн   драматургин   классика  хилла  лаьтта  цуьнан  пьесаш.

Рубрика дIахьошверг – Хь.АБОЛХАНОВ

 №114, шот, 10 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: