Хууш ма-хиллара, къонанаш вайн къоман а, мехкан а кхане ю. Дика хета, тIекхуьу чкъор хааршка кхийдаш, массо хIуманна духе кхиа гIерташ, шена гуонахара дуьне довза лууш хилар. Ишттачарех цхьаъ ву Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан гуманитарни факультетан историн а, бакъонан а отделенин студент Батаев ИбрахIим. Карарчу хенахь 3-чу курсехь доьшуш ву иза.
КIанта хьехархочун говзалла харжар а, дешна ваьлча, школе балха ваха лаам хилар а кест-кеста нислуш дац. Цундела, уггаре а хьалха цуьнга кхолладелла хаттар иштта дара: «Хьайн лаамца хаьржиний ахь хьехархочун говзалла?». Цо иштта жоп делира:
«Цхьаболчара дуьненан бахаман дуьхьа лаккхара алапа хилчхьана олий, хоржу говзалла. Ша бечу балхах самукъадолуш ца хилча, ша нахана пайдехь вуйла хаалуш ца хилча, иза балур а буй-те олий хета цкъацкъа. Со, дешна ваьлча, берашна хьеха дагахь ву. Царна сайгара кIеззиг а пайда хуьлуш хилахь, со ирсе хир ву, сан самукъа а дер ду», – дийцира ИбрахIима.
Цо деллачу жоьпе хьаьжча хаало, баккъал а хьехархочун говзалла цо дагна езаш хаьржина хилар. Ша хаьржинчу корматаллина кечам беш ву кIант. Университетехь жигархо ву иза. Цо дакъалаьцна дуккха а форумашкахь а, Iилманан-практикин конференцешкахь а, конкурсашкахь а, олимпиадашкахь а. Царах цхьаерш билгалъяха лаьа. Масала, 2014-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу Iилманан-практикин «Социо-гуманитарни Iилманаш: Теори а, практика а» конференцехь дакъа а лаьцна, совгIатан меттиг яьккхира цо. Цунна цигахь диплом делира. Оццу шарахь Пятигорскехь хиллачу Ерригроссин «Россин модернизаци ярехь кегийрхойн Iилманан таронаш» конференцин дакъалацархо а вара иза. Билгалдаккха лаьа, университетерчу студенташа шаьш шайна урхалла даран комитетан декъашхо иза хилар.
Хьахо лаьа, ИбрахIима университете веанчул тIаьхьа дуьххьара дакъалаьцна йолу «Мы россияне» форум. Оцу форумехь жигара хиларца билгалваларна ректора баркаллин кехат делира цунна. Форуме еанчу делегацин куратор вара иза. Вай тешна ду, цунах баккъал а дика хьехархо, шен белхан говзанча хирг хиларх.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт
№114, шот, 10 октябрь, 2015 шо