Дуьнен чохь цхьанхьа а боцу чIара бу Нохчийчуьрчу Къоьзан Iома чохь. Иза бакъ-чIара бу, оьрсийн маттахь цунах олу «эйзенамская форель», латинийн маттахь «Salmo ezenami» олу. Лосось – чIеран тайпанах бу иза. Мерза кхача хилар совнаха, могашаллина чIогIа пайдехь бу иза.
***
Наггахь бен хуьлуш доцу хин дийнат а ду Нохчийчохь. Иза бу минога-чIара. Уьш кIеззиг дисарна, дIадовла герга ду.
120 сантиметр беха а, 3 кийла беза а бу минога. Цо Iов тосу июнь, июль беттанашкахь. Боьршачу чIеро ах метр бен бой, иза ларбо. Iов тесначул тIаьхьа чIара ле. Миногаш тесна зирх 5-6 шарахь лаьтта. Кеп эцначул тIаьхьа кегий миногаш хIорда чу керча. ХIордан мур кхаа шарахь лаьтта.
***
Официальни статистико дуьйцучул а дуккха а алсам бу нохчий. ХIХ-чу бIешарахь тайп-тайпана тIемаш а, бохамаш а бахьанехь махкара дIабахана нохчий лоруш бац. Дукхахберш уьш хIинца а Герггарчу Малхбалерчу пачхьалкхашкахь бехаш бу. Нохчийн уггаре а йоккха тоба ю Иорданехь. Iилманчаша дийцарехь, дIаязбинарш 1 миллион сов бен бацахь а, дуьненчохь вехаш 2 миллион нохчи ву. Цхьаболчу Iилманчаша далош долу терахьаш кхин а лакхара ду. Цара чIагIдо дуьнен чохь бехаш болчу нохчийн барам 3 миллион стаге гIоьртина бохуш.
***
Нохчийчуьра мехкадаьтта тIехдика лоруш ду. Нохчийн мехкадаьттанин парафинах дина чIурамаш Папин Римскерчу тумбочки тIехь лаьттина.
***
Шайн дай баьхна ярташ а йоцуш доьзалш бу Нохчийчохь. Тайпанан юрт яц бохург дац иза. 1944-чу шарахь вайн махкара цхьайолу ярташ ягийна, доь доцуш, дIаяьхна. Дохийначуьра цIабогIушшехь, шаьш баьхна ярташ йохийна хиларна уьш, Соьлжа-ГIалахь баха охьахевшина. Тахана шайга дай бина а, баьхна а меттиг хаьттича, цхьаболучара хьалха хиллачу юьртан цIе йоккху, вукхара шаьш Соьлжа-ГIалара ду олу.
***
Соьлжа-ГIалахь гуттар а ца хилла 4 район. Хьалха дуьйна хиллачарех ю Октябрьски, Старопромысловски (хьалха цунах Старопромыслови олуш хилла) районаш. Сталински район а хилла. Цул тIаьхьа кхоллаелла Молотовски, Орджоникидзевски районаш. ТIаьхьо оцу шина районах йина Заводской район. Цул сов, Сталинан цIарах урам а хилла Соьлжа-ГIалахь. Бакъду, Н.Хрущев коммунистийн партин куьйгалле веанчул тIаьхьа ураман цIе хийцина. Иза хIинца Лорсановн цIарах (хьалха Красных фронтовиков цIе лелийна) урам бу.
Б.ДУДАЕВА
№114, шот, 10 октябрь, 2015 шо