Корматаллехь – хьалхара кхиамаш

Школехь доьшуш йолуш дуьйна яра Халидова Аза журналистика дукхаезаш. Цуьнан сирла  сатийсам бара и говзалла караерзо. Ткъа муьлххачу Iалашоне кхача  къахьега дезий хаьара  цунна. Цундела школехь дика доьшура цо. Къаьсттина дика Iамайора литература, истори.  Ледара яцара меттанашца йолу юкъаметтиг а. Азас сема ладугIура оьрсийн, нохчийн, ингалсан меттанаш хьоьхуш болчу хьехархоша дарсашкахь дуьйцучуьнга, Iамо гIертара  цIахь дан дезаш цара билгалдаьккхинарг. Цундела дешаран гайтамаш дика бара цуьнан.       Снимок4

Делахь а, йоIана кIеззиг хетара юьхьарлаьцначу  Iалашоне дIакхача школехь Iамош дерг. Оцу белхан  кIорггера ойла йина, Азас сацам бира кхин цхьана дешаран кхерчахь а хааршка кховда. Соьлжа-ГIаларчу №8 йолчу школан 11-чу классан дешархо яра иза  къоначу корреспондентийн школе деша йоьдуш. Хала дара Iуьйранна цхьана школехь деша, тIаккха, делкъанна хIума кхоллуш, ца кхоллуш кхечанхьа яда. Шинхьа а цIахь бан болх лора. Цундела йогIучу набаро ницкъ беш, хийла книгаш тIехь Iан дезаш хуьлура. Цкъацкъа гIелъяларо дуьне къахьдора, корреспондентийн школа дIатаса дог карзаха доккхура. Амма Iуьйранна самаяьлча ойла хийцалора. ХIуъу дина юьхьарлаьцначу Iалашоне дIакхача лааро ницкъ  лой, Аза шинхьа ларо хьожура.

2012-чу шарахь чекхъяьккхира цо юккъера школа а, къоначу корреспондентийн школа а. Цу муьрехь вайн республикехь болх беш хиллачу «Даймохк» телевидени практике хьажийра йоI. Ткъа цигахь, дагахь доцуш, хIара уггаре а кхоьруш хилларг, хилира. «Даймохк» телекомпанин директора Чахаев Мохьмада нохчийн маттахь передачаш кечъеш йолчу редакци хьажийра хIара практикех яккха билгаъяьккхинчу ханна.

ХIинца санна дагадогIу Азина шен практикин дуьххьарлера де. Iаламат хала ду цунах дахарера уггаре а  ирсен де ала. Цхьа буьрса шеф-редактор яра нохчийн передачаш кечъечу редакцин. «Цкъа а елалой-те  хIара?!», – аьлла, хотуьйтуш.

«Нохчийн редакци хIунда еана хьо практике?», – хаьттира цо, цхьа доккха зулам  Азигара даьлча санна  тIечевхина.

«Со дIахьажийнначе схьаеъна-кх со!», – халла делира кхераелла эгочу Азин балдашна юккъера.

«Нохчийн мотт хаьий хьуна?», – юха а реза йоцуш хаьттира шеф-редактора.

«Хаьа», – жоп делира йоIа.

Амма цул тIаьхьа редактора динчу масех хаттаро хаийтира Азина а, хоьттуш йолчунна а нохчийн мотт кхунна ледара хууш хилар. Ткъа уггаре а коьртаниг, нохчийн литература кхунна кхин а ледара евзаш хилар. Делахь а, цхьа Делан къинхетам хьалха а баьлла, редактаро кIедо хаьттира «Iамо лаьий хьуна  нохчийн мотт?».

«Лаьа», – сихха жоп делира Азас. Иштта дIаюьйлаелира цуьнан къинхьегаман дуьххьарлера гIулчаш.

Кхаа-беа баттахь «Даймохк» телевиденехь практикехь Iийра Халидова Аза. Иза цуьнан  кхиамийн школа яра. Дуьйцийла йоццуш хала адам дара редакцин куьйгалхо. Ша набахтехь санна низам латтадора цо белхан меттехь. Декхар дина тIедожийна латтош дара шен хеннахь балха схьавар, духар оьзда хилар, вайнехан гIиллакх лелор. Амма шортта хаарш дара цуьнгахь. Уьш кхоа ца деш, Iама лууш болчу  кегийрхошка дIалора цо. Iама лууш воцург батте ца волуьйтуш балхара дIа а воккхуьйтура.

Бакъдерг  хIунда ца дуьйцу, юьхьанца Халидова Аза мелла а озалора шен куьйгалхочух. Хийла йоьлхура иза, къайла йолий, шена цо дов дича. Делахь а, шена журналистика дукха езарна, са тедой, цкъа а хIумма  ца хилча санна, редакци юха йоьрзий, шен метте охьа хуура. Цундела аьлла хир ду-кх: «Сатоьхначу  салтичух эпсар хилла».

Эххар а тIекхечира кхуьнан  ирсе де. Эфире яккха кечйира Аза шеф-редактаро.

«Наггахь, сагатделча» цIе  йолуш яра йоьIан передача. Мел самукъадаьллера кхуьнан цунах. Передача хьовсархошна езаеллера. Цара кехаташ кхоьхьуьйтура редакце, къона корреспондент а, цуьнан болх а хестош. Жима бер санна йоккхаера Аза цу кехатех. Бакъдерг дийцича иза дан а дара бер. БерхIитта шо кхачаза яра йоI шен Iалашоне дуьххьарлера гIулчаш цо йохуш. БерхIитта шо кхаьчначул тIаьхьа бен иза балха схьа ца эцна. Амма штатехь ярий, яцарий аьлла ца Iаш, шена тIе диллина гIуллакх юьхькIам болчу агIор кхочушдой дIа-м хIоттадора цо.

Халидова Азас кечъеш эфире йоккхучарех яра «Зевне Нохчийчоь» цIе йолу передача. Вайн махкарчу похIма долчу берех яра и передача. Доггаха кечйора къоначу журналисткас и передача а. Цунна сиха карабора муьлххачу а бераца бийца мотт.

Нохчийн Республикера къона артисташ берриге а шайн цIерашца бевзара цунна. Уьш дукхабезара. Берашна Аза а езара дукха.

2013-чу шарахь балхана юкъах ца йолуш Нохчийн Пачхьалкхан университетан  филологически факультете деша яхара иза.

2014-чу шеран гурахь «Даймохк» телекомпани дIакъевлира. Амма Халидова Аза болх боцуш ца йисира. Цо цкъа юьхьанца болх бира «Вайнах» радиохь. ТIаккха, шена безабелла болх бита ца луш, «Грозный» телеканале сехьаелира. ХIинца «Грозный» телеканалехь «Некъан абат» цIе йолу передача кечъеш ю иза. Самукъане дека эфирехь цуьнан зевне аз.

Теша лаьа нохчийн маттахь болх бечу корреспондентийн къелла ловш йолчу журналистикехь керла седа хьалалеташ хиларх. Вайна иэша-м оьшура уьш Iаламат чIогIа. Халидова Азас санна хьунаре болх беш кегийрхой хилча кхиа там бара уьш, заманна йохалла серла дуьйлуш.

 

А.ДАЧАЕВА

 №114, шот, 10 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: