Магомаев Леча

1957-чу шарахь меттахIоттийра Нохч-ГIалгIайн АССР. Цуьнца цхьаьна юха а арадала доладелира «Ленинан некъ» газет. Юьхьанца чIогIа хала дара газетан коллективана. Тоьаш бацара белхахой. Оцу уггаре а чолхечу хенахь, къоначу журналистийн школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1958-чу шарахь редакце балха веара хIетахь ткъайоьссана шо кхаьчна (вина 1939-чу шарахь) жима стаг волу Леча. Оцу муьрехь газетехь яздеш, зеделларг долуш ца хиллехь а, амма цунна гуш бара тхан девашас Магомаев Хасмохьмада беш болу болх а, цуьнан хьехамаш а, цуьнан дахар газетаца, нохчийн журналистикица герггара доьзна хилар а. Хасмохьмад ткъе итталгIачу шерашкахь «Ленинан некъ» газетан редактор хилла а, ткъа Казахстанехь  Алма-Ата гIалахь нохчийн маттахь арахоьцуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь болх бина а, цул тIаьхьа республика метта а хIоттийна, нохчийн газеташ арахеца а, радиохь нохчийн редакци болх бан а йолаелча, цигахь коьрта редактор а вара. Цу хенахь со а вара «Ленинан некъ»  газетан редакцехь болх беш.Снимок5

      Леча тхан МагомаевгIеран доьзалера кхозлагIа журналист вара. Дахарехь муьлхха а гIуллакх иза дезаш, цунна муьтIахь хилчий бен кхиамца дIа ца доьду. Лечас шен белхан хьалхарчу дийнахь дуьйна гайтира ша хаьржина корматалла шена даггара езаш хилар. Шена ца хуург хоттуш, зеделларг долчу журналистех Iама боккха лаам болуш вара Леча. Журналистикех лаьцна йолчу литературах хаддаза пайдаоьцура цо. Дукха хан ялале Лечас гайтира ша журналистике ларамза веана цахилар. Редакцехь цунна тIаьхь-тIаьхьа жоьпаллин декхарш тIедахка долийра. Уьш цо кхиамца кхочуш а дора. Кест-кеста хастайора цо язйина очеркаш, зарисовкаш, проблемаш хьалхахIиттош йолу статьяш, репортажаш. Къаьсттина дика язйора Лечас юьртан бахаман темах лаьцна. ХIинца а и тема цуьнан белхан коьрта хилла юьсуш ю. Оцу декъехь иза воккха говзанча ву.

Юьхьанца Леча редакцин юьртанбахаман отделан корреспондент вара. Ткъа дукха хан ялале, цуьнан корматаллин таронашка а хьаьвсина, оцу отделан заведующи хIотта магийра. Цкъа а хилла дацара партин обкоман бюрохь партехь воцу стаг балха вахийтина, чIагIвеш. Амма Леча партехь а воцуш, редакцин юьртан бахаман отделан куьйгалхо хIоттийра. Лечас дика вовшахтуьйхира отделан болх. Уггаре а хьалха цо йиллира юьртан бахаман штатехь боцчу корреспондентийн юкъараллин редакци. Цунна юкъабахара юьртабахаман говзанчаш – коьртачу декъана бахамийн говзанчаш а, юьртабахаман Iилманан-талламан институтийн Iилманчаш а. Уьш кест-кеста  гуллора республикин юьртан бахамехь долу хьал дийцаре дан, отделана хьалхалаьтташ долу декхарш билгалдаха. Говзанчаша газете статьяш язъян график хIоттайора. Иза кхочуш а йора.

Советийн хенахь хIора юьртахь бохург санна бахам – колхоз, я совхоз хуьлура, цкъацкъа цхьана юьртахь шишша а, цул сов а йолуш. Лечина дика бевзара оцу бахамашкара, цигара хилла а ца Iаш, совхозийн отделенешкара а, колхозийн бригадашкара а куьйгалхой, производствон хьалхелелархой, оцу бахамашкахь долу хьал, хаьара царех тоьлашха болх муьлхачу совхозо, колхозо бо, царех тIаьхьаюьссург муьлхарниг ю. Лечин дика дIахIиттийна уьйраш яра республикин юьртан бахаман министерствон а, районийн а куьйгалхошца а, говзанчашца а. Оцо гIо дора цунна юьртан бахаман декъах лаьцна материал оьшшучу хенахь а, сихха а кечъян. Редакцин болх цхьана Iалашонна тIехьажийна дIабахьарехь иза коьртаниг ду.

Зорбатухуш йолчу материалийн чулацамах лаьцна газетдешархочунна алссам хаамаш балархьама а, кхайкхам баран кепехь а Лечас газетехь шуьйра пайдаоьцура тайп-тайпанчу рубрикех. Уьш яра: «Аренашкара хаамаш», «Белхан хьалхелелош йолу кепаш – дахаре». «Юьртан бахамна – шефийн гIо», «Iилманчаша – юьртан бахамна», «Вай а, Iалам а», дуккха а кхиерш а.

Лечас шен материалаш гуттар а цIенчу нохчийн маттахь а, газетдешархочун еша догдоуьйтуш а язйо.  Хаза, чулацаме, маьIне  хуьлу уьш. «Нагахь санна нохчийн маттахь язъеш болчу журналисташа массара а Лечас санна шайн материалаш кечъяхьара, уьш тоеш болу редакторш оьшуш а бацара», – олура «Даймохк» газетан коьртачу редакторан хьалхарчу заместитела Дадаев Сайд-Хьасана. –  Лечин материалаш йоьшуш, ас садоIу-кх».Снимок6

«Лечех масал эцна, хаьржира ас журналистан корматалла, – дуьйцу республикехь дика вевзаш волчу журналиста Исаев Ахьмада. – Леча ша а ма-хиллара, бакъ, оьзда, кIеда, нийса, дог-ойла гIаттош хуьлу цуьнан статьяш. Иштта ша а ву иза, шен оьздангаллица, шен комаьршаллица, оьшучунна муьлххачу а хенахь гIо-накъосталла дан кийча хиларца, адам дезарца гуонаха болчеран ойланаш шена тIеерзош. Цундела  миччахьа а болх беш хилча а, иза массара а сий деш а, лоруш а ву.

Юьртан бахам даггара безарна, кIорггера бовзарна, цигахь долчу хьолан дика а, вуон а агIонаш шен дагах  хьакхалуш хиларна Лечас 90-чу шерашкахь, «Даймохк» газетехь ша беш болчу коьртачу балхана юкъах а ца волуш, болх саца а ца беш, «Нохчийн латта» аьлла цIе а йолуш газет диллира. Кхузахь таро хилира цуьнан юьртабахаман производствехь долу хьал массо а агIор гайта, и агIонаш шена муха го, юьртан бахам кхиорна хIун деза бахамийн куьйгалхошна дийцарца царна гIо дан. ХIетахь и газет юьртабахаман белхахошна юкъахь сий-ларам болуш а, хьашт долуш а, дика дIаоьцуш а дара.

ТIамал тIаьхьарчу уггаре а чолхечу хенахь Лечас болх бира Соьлжа-ГIалин мэрин пресс-службин куьйгалхо хилла а, гIалин «Столица+» газетан коьрта редактор волуш а, цул тIаьхьа «Грозный-информ» агентствон коьртачу редакторан даржехь а. Амма «Даймохк» газет арахецар юхаметтахIоттийча, редакце юхавеара Леча. Карарчу хенахь ша редакцин штатехь вацахь а, цо лах ца йина ша цига язъеш йолу проблемни а, публицистически а статьяш, лах ца белла церан чулацам, маь1на.

«Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь кхузткъа шо гергга хенахь болх бина Лечас. Оцу хенахь дуккха а диканиг а, вуониг а, халонаш а лайна. Амма ша дерриге а дахарна хаьржинчу корматаллина тешаме хилла висина Леча. Цо йоккха хазна юкъайиллина нохчийн журналистика кхиорна.

Редакцин а, республикин а куьйгалло дуккхазза а билгалбаьккхина Лечин дуккха а шерашкахь ша шен ца кхоош, хьанал бина болх. 80-чу шерашкахь цунна «Нохчийн Республикин культурин хьакъ волу белхахо» аьлла сийлахь цIе тиллира. Ткъа масех шо хьалха «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» ц1е йолчу мидалца совгIат дира. Дукха ю цунна елла Сийлаллин грамоташ а, дипломаш а, ахчанан совгIаташ а. Амма уггаре а деза, дагна хьоме совгIат лору Лечас 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шена белла холхаза куй.

 

С.МАГОМАЕВ

 №114, шот, 10 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: