Хала ду-кх есачу хIусаме верза

(Дийцар)

Шен дахарехь дуккха а хIуманаш гина, вуон-дика лайна, хIинца хено букар хьовзийна, цхьана хенахь куьцехь, зоьртала хилла шен дегI, шен кетIарчу ножан йоккхачу гуьйриг тIехь халла сецадо воккхачу стага.

Цуьнан месалчу куйно а ца хьулдо къоьжа гиччош. Гиччош санна къежделлачу цIоцкъамаша а дуьйцу цуьнан хенан шераш.

Чохь са дан а дуй-те аьлла хетар долуш гIийла ду цуьнан  хьежар а. Шена хьалха лаьттах дIаIитта хьийзайо къаночо ницкъ эшначу куьйгашца шен буйнара Iаса. Цхьаьннан а самукъа дер доцу, йоьхна ойланаш хьийза коьрте.

Дехьо-о ловзуш кIентан ши бер а хаало, цхьа кIеззиг долчух самукъадаьлла. БIаьрса гIелдаларна ца къастало церан юьхь-сибаташ, хIета а дедега хаьттича, Дала кхоьллина царал хаза хIума дац. ПхоьалгIа шо долу  кIанттий, кхоалгIачу шаре яьлла йоIIий ду ловзуш.

ХIинццалц жималлех хьегна къано, тахана ца хьоьгу цу берех. Шен лааман ойла хийцаелла воккхачу стеган. Цуо хIинца сатуьйсург – сихха велла кху дуьнен чуьра дIавалар бен дац. Массо кхетар вац цуьнан башхачу лаамах. Дуьне цкъа а кIордош, шен лаамехь дуьтуш дац.

Цу хьоле воккхачу стеган ойла чIагIо йоллуш кхачийнарг цхьа бахьана ду. Цхьа бутт хьалха, ша могаш дIалелаш волуш ца хилла ойла ю хIинца, цомгаш а лаьттина, тахана шен кевнал ара малхе ваьллачун. Ша меттахь Iилла висича билгалдели цунна, шен кIантана хIинца ша оьшуш цахилар. Бер санна терго оьшучу ваьлча сов валар, къена «гуьйриг» оьшуш цахилар.

– Дала догдика дойла цуьнан, нус Аминат ца хиллехь йиш яцара-кха сан. Цуьнан ийманах дуьзна дог, гIиллакх, цуьнгара боккха къинхетам… Кхоьллинчу Дала бойла цунах, Шен кхачор боцу, къинхетам.

Со цхьа а верас воцуш ца вита нисйина иза Дала кху хIусаме, сох къинхетам бина. Цо дика дола дарна гIаьтти, аьлча а хьалха Делан къинхетам, шолгIа Амината лелийначу бахьанашца. Сан кIант–м буьззинчу баттахь цкъа бен тIе а ца хIоьттина суна, дехьачуьра сехьачу веачхьана волуш волу. Суна тIехIуттучу хьолехь иза цкъа а хуьлуш вац. Массо заманахь малар мелла а ву …».

Ловзучу кIентан бераша юххе а догIий шен дегабаамечу ойланех юкъах воккху къано.

ХIинца цу берийн хенахьлера шен кIант дагавогIу воккхачу стагана. Ши бер дехьо даьлча юха а шен ойланаша дIалоцу.

«Мел хьоме вара иза тхойшиннан. Массо хIума цунна бохуш вовшахдиттинера-кха оха, хIусамаш,  чохь йолу йийбар. Шелваларх, лазаварх ларвеш, цкъа кхаллал ерг а цунна хьежош. ТIе-кога духучунна цуьнан шен нийсархойчул ца эшош, мел хьоме кхаьбнера-кха иза. Кхин цхьаъ ду-кха дика, ша уггаре а оьшучу хенахь, кIантана шен «мах» хуучу хенахь, хIара дуьне дита «хии» цуьнан нанна. Со сайн дакъазалла хIара таханлера де  ган цул тIаьхьа виси. Ненан даго ловр дарий-те, хIинца со санна, кхин терго йоцуш ша шен кIанта дIатесна йитича? Шен ирсана, дIаяха хьалххе. Шен ирсана.

ХIан–хIа, оьгIазло совъяларх ца лоьху кIантаца кхин бекхам, цхьаъ-м  доьхур  ду Деле. Цуьнан шен доьзалшка чIир эцийтар, Дала  ша саннарш дуьхьал бохур бу, бекхам бойтур бу, цуьнан шеко яц.

Кхетар ву цкъа мацца а.  Иза-м тIаьхьа хир ду, шен яккха йисинчу ханна байттамал дуьсур ду».

Къано хьоьгу хьалххе, шайн нийсархой дIабовлале эхарта бирзинчех. Хьоьгу, шайн доьзалшна совбовлале, шайх бала ца беш, сихха шайн синош дIаделлачех. « ХIаъ, массарна ца делла-кх ирс. ХIинца когаш шелло, шийла хан а ма яц хIара».

– Дада, хиъна Iен хала дац хьуна, чу вигий хьо? – Аминатан эсала, аьхна аз кхочу ойланашка ваханчу къаночун лере. Уггаре а гIо-накъосталла оьшучохь мардена юххе яьлла ю и даима а.

– ХIаъ, халла къаьсташ хеза мардегара, – хIинца цкъа гIо дехьа, Аминат, кхин оьший а хаац. Со новкъара вала герга ду, Делан пурбанца.  Хьо а тIаккха паргIат ер ю, Дела реза хьуна хиларг. Хьан со воцург а ма ду гIуллакхаш, ма бехк лоьцу ас хьох, къинтIера ялалахь суна Аминат.  КIантах, цхьаъ бен вац бохуш леррина кхаьбначу кIантах, кIант, гIоьнча ца хили суна. Хьоьгахь адамалла, оьздангалла, гIиллакх, ийман сов шорта хиларна, ахь Iуналла дарна хьуна бехкалахь виси со. КъинтIера ялалахь суна.

– Дада, ма хало ца хили-кха суна, ахь соьга къинтIера ялар деха  хьоьгара хилла цатам  бац суна. Хьайн сингаттам сов ма баккхахьа. ГIоли а, дарба а Делехь ду, вай вешан ницкъ кхочу бахьанаш лелор ду.

Дада, меллаша вола хьо, сих а ца луш. ХIинца хьайн меттахь, дегI нисдеш садаьIча, кхана кхин а бегIийла хир ма ю хьан могашалла. Вайшиъ сиха дац, паргIат баккха ахь хьайн  ког, паргIат.

Ларвеш, меллаша чу валийна,  метта охьавижийтира Амината шен марда. Къаночун ойланехь цкъа а ца хиллера несо ша  чу-ара вохуш  лелор ву бохург.

– Ма хьевелла–кха со кху дуьненахь, Аминат. Хьажахьа, хьуьлла кхозу пондар кховдабехьа соьга. И кIант воккха хилчахьана кхин кара лаьцна бацара ас. ХIинца-м, бакъ долуш, соьгахь товр бацара хIара, делахь  а кхуьнан мерзех тIаьххьара пIелг таса сагатделла-кх сан.

Пондаран мерзаш шена девзачу озе далош, мерз булуш, малбеш цуьнан бекар нисдина, ша цхьанна дIахазарна кхоьруш санна, гIийло–о хьалхара пондар балийна, тIаккха къоро тIаьхьара мукъам хазийра меттахь Iуьллучо.

 

Воккхалле вирзина, нийсаройх хаьдча,

Iасанца гергарло а дахдала доьлча,

Леларна, амална берах тарвелча –

Хала ду есачу хIусаме верза.

 

Шун дуьзна хилча а, кхача  бац мерза,

Арахь а тIе догIу шийла дерз,

Буьйсанаш яхъелча, тховх хьала къерза –

Хала ду есачу хIусаме верза…

 

ХIинца-м, къовсаделча санна, бIаьрхиш охьахьаьдира несан а, марден а, цхьабосса. Воккхачу стеган аз хIинца гIоргIа ду, хаало сих-сиха къурдаш деш а, амма, илли сацош дац.

 

Оьший-те «дегаза» малх суна къежа,

ХIара дахар хилча а ца Iебаш мерза,

Сайн цхьалла ца лайна, дазделча терза —

Хала ду есачу хIусаме верза.

 

ТIедужу кечвалар «сайн хIусаме» верза,

Къера ву, реза ву кхин дIа ца къерза,

Сайн доцчу дуьненах букъ тухуш верза,

Iожалла тIелаца, лахьтичу верза…

 

ХIаъ, хIинца тоххарлера вац къано, собар дуткъаделла. КхидIа ницкъ бац илли ала а. Iаьткъинарш гулделла, ницкъ ца кхочу кхидIа уьш сецон. Маршо йолу кийрара, маршо йолу ша лара ма-во сецочу бIаьрхин.

Цуьнан буйнара пондар а мокъа болу. Марда паргIат вита а, ша йоьлхуш цунна Iаткъам ца бан а чуьра араелира Аминат.

Дикка хан юьйлира цу юкъа, чохь, иштта арахь  а шина адамо, бIархишна маршо елла, шайн кийра бассош.

ХIинца цхьабосса доьлху и гергара ши адам. Царах цхьаъ – гулбелла дегабаам охьабалхош. Ткъа важа – тахана де эшначу мардех къахетар сов даьлла, шен кийрахь къинхетаман шорто хиларна.

 

– Аминат! Аминат! – хеза чуьра схьа.

Цо чоьхьа йолий:

– Дада, хIун лаьа хьуна? – хотту

–  Аминат, и ши а бер далош чу йолахьа.

– Дика ду, дада, хIокху минотехь. Кхин хIумма а оьший хьуна?

– ХIан-хIа, Аминат. Кхин хIума оьшучуьра волуш ву со. Сан гIодаюккъелц дегI шелделла, лаьа дегIах са дIакъастале и ши бер ган, уьш маракъовла. Хьо сайна къинтIера яккха. Кхин цхьаъ а ду, Аминат, иштта тховх хьала хьоьжуш Iаш дагадеана суна: хьуьлла, тховх доллу кхоалгIа тIегIа хьуьнхочуьнга ца хоттуш деана ас, хьуьнхара коьчалла йохьуш, – хьуьнхо резавеш цуьнан мах дIалолахь, – весет ду хьоьга. Суна дага а догIуш кхин цхьа а хьарам хIума дац вайн хIусамехь.

Къемата дийнахь со жоьпе озон цхьаъ ду, – шен бIаьрхиш дIаса хьаькхира къаночо.

– Къинхетаме дог, шегахь хила деза къоман гIиллакх  долуш, Iадаташ лардеш,  оьзда  кIант ца кхиийн ас.

ХIусамаш йина тIаьхьарчарна хилийта. Бешахь а, иштта  кертал арахьа а стоьмаш а кхиийна, сагIа хиларе сатесна. КIант кхиорехь ледарло ели соьгара, Аминат, сан йисина хан кIеззиг ю, цу арахь ловзуш долу ши бер чу кхайкхахьа, тIаьххьара цаьрга бIаьрг тоха лаьар-кха…

Ши бер мара а къуьйлуш, воьлхучу шен мардех къахеттачу Амината шен дагахь цхьа чIагIо йира: «Дена кIант ца хиллачу сан цIийндех, шина берана хила веззачу кепара да а хир вац, суна цIийнда а хир вац. Дадас хIара дуьне дитинчул тIаьхьа со кху хIусамехь а Iийра яц»…

Тезет дIадирзича, шен чIагIонна тIехь чекх  елира Аминат.

 

С.БАЙСАГУРОВ,

Шелковски кIоштан вахархо

№114, шот, 10 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: