(Юьртан бахаман а, гIуллакх даран промышленностан а белхахойн корматаллин денна лерина)
Тахана лаьттаца гIуллакх догIуш верг цец ца волу цу тIехь хуьлуш болчу бIаьрлачу хийцамех – хIора шарахь тIеттIа керла дозанаш кара а дерзош, меттахIоттош ю хIаллакьхиларан дозане кхаьчна хилла Нохчийчоьнан агропромышленни комплекс, цуьнан дерриге а дакъош.
Таханлерчу хьелашкахь иза экономикин коьртачу дакъойх цхьаъ хилар хьесапе а оьцуш, регионан куьйгалло цунна тIехь хаддаза боккха тидам латторан а, йолуш йолчу таронашка хьаьжжина гIо даран а тIаьхье лара еза иза. Муьлххачу бахамехь а карор ду цунна къеггина масалш: аренашкахь, дохнан, зIакардохнан дийнна цхьамогIа комплексашкахь кхиамца гIуллакх деш йолу кхузаманахьлера лаккхарчу эвсараллин техника, хIинццалц хилла йоцчу кепара лакхаяьлла агротехникан культура, иза дерриге а гуш адамийн жигараяьлла дог-ойла. Кхузахь кхин цхьаъ ду Iаламат мехала – и дерриге а бахьанехь ницкъ кхаьчна белхан меттигаш хаъал алсамъяха. Оццу хенахь боккха Iаткъам хилла белхазалла лахъяран гIуллакхана. ТIаьххьарчу чоьтехь алсамдевлла меттигерчу аренашкара бахархойн шуьне кхочуш долу сурсаташ, шоръелла церан тайпаналла. Аьлча а, бIаьрла гуш бу хуьлуш болу хийцамаш.
Оцу декъехь шайн ницкъ кхочург дина латталелорхоша хIокху шарахь а. БIаьсте йовха, тIуналла алссам йолуш хиллехь а, бIаьстенан культураш кхуьучу аьхкенан берриге а муьрехь йокъа лаьтташ Iаламан хьелаш чолхе хилла хилар хьесапе эцча тоъалчу барамехь хьийкъина кхиийна буьртиган ялташ. 223 900 тонна гергга чуэцна уьш республикин агропромышленни комплексехь. Иза дарца керлачу дозанашка кхаьчна латталелорхой: оццул ялта ца гулдина вай долчохь цкъа а.
ХIун гойту оцу терахьо? Уггаре а хьалха адамийн лаккхара корматалла, хьуьнар, шайна хьалха хIоттийначу декхарца ларо церан ницкъ кхочург хилар, лаьтте болу безам. Цуьнца цхьаьна цо гойту латталелорхошка шаьш билгалдина декхарш кхиамца кхочушдайтарна тIехьажийна регионан куьйгаллера хуьлуш долу билггал гIо а. Цкъа-делахь, масех шо хьалха и гIо хилар бахьанехь таро хилира республикин дозанел арахьара чуузуш хилла гуьйренан ялтийн хIу юха а тоьхна, вешан хIуьца кхачоян. ШолгIа-делахь, дIаяханчу гурахь дикка алсамбаьккхира ялтийн майданашна луш хиллачу минеральни кхачанан барам.
И дерриге а цхьаьнатохаро таро хуьлуьйту шеца тоъалчу барамехь токхонаш цахилар бахьанехь якхделлачу лаьтта тIехь а тIеттIа керлачу лакхенашка кхача. Иза къеггина гойту дуьххьалдIа хIокху цхьана терахьо а – дIадаханчу шарца дуьстича, хIинцца дIаяханчу аьхка гулдина буьртиган кенан ялта 60 эзар тоннал алсам ду. ХIинца а чуэцаза йолу хьаьжкIаш, дуга хьесапе эцча (къаьсттина йоккха дегайовхо йолуш бу латталелорхой дуганах) и терахь дикка лакхадериг хиларан цхьа а тайпа шеко ца кхоллало.
– Лакхахь билгалдаьккхина а ма-хиллара, оцу кхиамашна юкъа коьрта хазна йиллинарш адамаш ду, – латталелорхоша баьккхинчу рогIерчу толамо дагна хьаам бина вара регионан юьртан бахаман министерствон ораматашлелоран, химизацин, ораматаш ларъяран отделан куьйгалхо Вараев Мансур. – ХIинцца чекхбаьллачу муьро иза кхин цкъа а чIагI а дира. ХIинццалц хIора шарахь буьртиган ялташ чудерзор беттанашка дахлора. Тайп-тайпана дара цуьнан бахьанаш: техникан къелла, Iаламан хьелаш, кхеташ ма-хиллара, адамийн вовшахтохаралла. Цу тIе дIадуьйш дерг дикалла кхоччуш таллаза, арахьара чудеана хIу хуьлура. Ма-дарра аьлча, хила тарлучу тIаьхьенашка хьовсар доцуш дIадоьра иза аренашка. Цо новкъарло йора буьртиган ялтин барам алсамбаккхарна.
Говзанчаша чIагIдеш ма-хиллара, оцу сакхтечу гонна юкъара довлархьама масех шо хьалха юьхьарлецира вешан хIу кхиоран некъ, бакъонца агропромышленни комплексехь массеран юкъара гIуллакх хилла дIа а хIоьттира, Iаламат яккхий харжаш а еш, арахьара эца ца дезаш, регионехь шен хIу хилийтар. Кхузахь билгалдаккха деза дIаяханчу гурахь вайн аренашкахь дIадийнарг коьртачу декъана вешан хIу хилла хилар. Цуьнан тIаьхье яра Iаламан чолхечу хьелашкахь а регионан аренашлелорхойн оцу кепара алссам кенан ялта чуэца ницкъ кхачар. Оцу гайтамаша уьш даггара тешийра юьхьарлаьцначу новкъахь карахь болчу гIирсашца а тIеттIа керла дозанаш карадерзо таро хуьлуьйтург хиларх.
Ткъа уггаре а коьртаниг дара берриге а бахамашкахь арахь болх болийначу юьххьехь дуьйна вовшахтохаралла лаккхара хилар бахьанехь гуьйренан а, бIаьстенан а буьртиган ялташ чудерзор цхьана баттахь чекхдаккха ницкъ кхачар. Цуьнан коьрта жамI дара, буьззинчу барамехь иза дан ницкъ ца кхаьчнехь а, ялтин хIинццалц хуьлуш хилла дараш дикка лахдалар. Техника тоьаш цахиларан, цу тIе дукхах ерг чIогIа тиша хиларан хьелашкахь боккха толам лара богIу тахана болуш болу гайтамаш.
Иза гойту хIокху терахьаша а. Иштта, агропромышленни комплексехь хIора гектара тIера юккъерчу барамехь чуэцна 21,9 центнер буьртиган кенан ялта, я дIадаханчу шарахьчул 2,7 центнер алсам. КIай, муккхий ша-ша лерича, 150 эзар тонна гергга ду дерриге а гулдина кIа, 35 эзар тоннал сов бу мукх. Ткъа цхьана гектарана леринчу хьесапехь кIен хьекъар 24,5 центнере кхаьчна, мекхан – 20, 3 центнере. Цу тIехь уггаре а лакхара гайтамаш бу Курчалойн а, Хьалха-Мартан а районашкарчу латталелорхойн. Хьалхарчохь цхьана гектара тIера чуэцна 30,2 центнер кIа, ткъа шолгIачохь – 29,5 центнер.
Ма-дарра аьлча, Гуьмсан, Невран, Теркан районаш йоцчохь (йокъа хIоттар бахьанехь чIогIа лахара хилла цигахь ялта гулдаран терахьаш) дагна хьаам беш ду ялта чуэцаран юкъара терахьаш. ХIора шарахь ламасте дирзина схьадогIуш ма-хиллара, ялтин юкъарчу барамехула (майданаш алсам хиларан чоьтах) уггаре а лакхара гайтамаш Грозненски районехь бу. Шайн аренашкара латталелорхоша чуэцна 367I2 тонна ялта, хIора гектарана леринчу хьесапехь 2I,9 центнер аренийн беркат а гулдеш. 9200 тоннал сов ду тIехьамартанхоша шайн бахамийн хьаьтташкара чудерзийна ялта. Итт эзар тонна гергга буьртиган ялта гулдарца шайн хазна йиллина шелковчанаша регионан юкъарчу гайтамашна юкъа.
Нийса хир дацара агропромышленни комплексехь дикка дакъа шайна кхочуш болчу регионан фермерша, агрохолдингийн латталелорхоша ялта гулдарехь баьхна кхиамаш ца хьахош битича. Фермерийн бахамашкахь а, арендаторша а шайгахь долчу латтанех I8 эзар гектарал сов йолчу майданийн хIора гектара тIера чуэцна 26,4 центнер кIа, итт эзар гектарах хIоранна тIера 21,2 центнер мукх. Ткъа дерриге а гулдина буьртиган ялта 90 эзар тонна гергга ду.
Царна юкъахь уггаре лакхарчу гайтамашка кхаьчна 1400 гектарал сов йолчу майданийн хIора гектара тIера 41,3 центнер ялта гулдина йолу «Стандарт С» юкъаралла а, 4340 гектарах хIоранна тIера 36,9 центнер беркат чуэцна йолу «Шовда» агрохолдинг а.
Юьртабахаман ведомствехь чIагIдарехь, хIора бахамехь а таро хир ю ишттачу гайтамашка кхача. Вайн латталелорхоша юьззина кхачойина шайна аренашкахь оцу терахьашка кхача таро хуьлуьйтуш долчу хIуьца. Оьшуш дерг латталелоран агротехника кхидIа а лакхаяккхарца доьзна гIуллакхаш дар а, лаьттаца йолчу токхонийн барам алсамбаккхаран Iалашонца минеральни удобренешца кхачояр а ду.
ТIаьххьара а, билгалдаккха деза кхин цхьаъ: кху гурахь дуьйна регионан ерриге а майданашка дIадуьйр ду вай долчохь кхиийна хIу. Цо, дуьйцийла йоццуш, хаъал доккха гIо дийр ду ялтин хьекъар лакхадаккха санна, дийнна республикехь гулдеш долчу цуьнан юкъара барам алсамбаккха а.
Тахана хIора районехь, хIора бахамехь ондда бух билла болийна тIедогIучу шарахь а буьртиган ялташ гулдарехь керлачу дозанашка кхачархьама. Оьшучул алсам дIаIалашдина дIаден хIу, лабораторехь цуьнан дикаллин кондицеш талла а толлуьйтуш.
Бакъду, цкъачунна кхачаме лорийла дац бIаьстенан культураш, ша аьлча, хьаьжкIаш, маьлхахIуш, бIаьстенан мукх, сула кхиорехь болу гайтамаш. Цхьана декъана Iаламан хьелаша Iаткъам беш белахь а, коьрта бахьана вайн латтанашна мегаш долу хIу цахилар лору говзанчаша. Иза хьесапе а оьцуш, юьртабахаман ведомствос декхар хIоттийна меттигера хIу кхиоран гIуллакх кхаа шарчохь къастийна цхьалхадаккха.
Кхиамех лаьцна дуьйцуш иштта билгалдаккха догIу хасстоьмашлелоран дакъа а. Майданаш алсамъяхарца цхьаьна хIора шарахь алсамболуш бу гулбечу тайп-тайпанчу хасстоьмийн, картолийн барам. Бахархойн шуьне кхаьчна эзарнаш тоннаш помидораш, наьрсаш, жIонкаш, копастанаш, цIен буракаш, хохаш, соьналлаш, тIетухур вай, дукхахъерш хиш дохкуш доцчу латтанаш тIехь. Хаъал алсамдаьлла картолаш гулъяр. 20I3–20I5-чуй шерашкахь регионехь хасстоьмашлелор кхиорна леринчу программина тIе а тийжаш, (доггIучуьра, программин коьртачу Iалашонех цхьаъ ю оцу декъехь кхоллаелла чолхаллаш къастийна цхьалха а йохуш, Iаьнан-бIаьстенан муьрашкахь арахьара чуузуш болчу хасстоьмех республика йозуш хилар лахдарна тIехьажийна кхаа шарчохь билггал гIуллакхаш дар) кху шарахь вайн аренашлелорхоша дикка алсамъяьхна хасстоьмийн, хорбаз-пастанан культураш кхиош йолу майданаш. ДуьхьалдIа пардоца дIакъевлинчу меттигашкара цхьа эзар тоннал сов лаьттан сурсаташ гулдина хилар билгалдаьккхича а тоьар ду аьлла хета и дакъа кхиаран новкъахь хиларна тоьшалла дан.
Регионехь кхиамца кхочушъеш ю «20I4–2020-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь юьртан бахам кхиор а, юьртабахаман сурсатийн, аьргаллин, кхачанан сурсатийн рынкаш нисъяр а» аьлла йолу пачхьалкхан программа. ДуьххалдIа хIокху шарахь а хаалуш ю цо луш йолу тIаьхьенаш: дикка алсамдаьлла лаьттан а, даьхнилелоран а сурсаташ дахар, цаьрца бахархошна кхачояр. Иза къаьсттина хаалуш ду шурин а, жижиган а Iалашонан даьхнилелорехь, вайн аренашкахь цхьана хенахь хиллачу дозанашка кхача Iалашо йолуш хасстоьмийн культураш кхиор алсамдаккхарехь. Лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, хьалхахьа керла гIулч яьккхина кенан буьртиган ялташ гулдарехь, церан дикалла лакхаяккхарехь, вешан хIу кхиорехь, аьргаллех тайп-тайпана кхачанан сурсаташ кечдарехь. Аьлча а, и программа кхочушъярехь яьхна хьалхара гIулчаш тIаьхье беркате хирг хиларна, цуьнца хьалха хIиттийна декхарш тIех а деш кхочушдийриг хиларна тешам луш ю.
Амма республикин куьйгаллина тоаме ца хийтира иза. Цуьнан шен бахьанаш а дара. ГIуллакх доллура малхбузерчу дийнна цхьамогIа пачхьалкхаша Россина дуьхьал санкцеш юкъаялорца доьзна вайн махко оцу гIуллакхана жоп луш вайна цигара чуузуш долу цхьадолу сурсаташ совцийна хиларех. Царна юкъахь дара коьртачу декъана жижиган, шурин, стоьмийн-хасстоьмийна сурсаташ. Цундела шашаха кхеташ дара оцу дакъошна алссам тидам тIебахийта безаш хилар.
Ма-дарра аьлча, регионехь-м хIинцале а гIуллакх деш ю оцу декъехь юкъара импорт ма-хуьллу лахъярна тIехьажийна цхьамогIа программаш. Схьаэца шайна масална «Родина» юкъаралла (цхьана хенахь стоьмаш а, хасстоьмаш а кхиорехь уггаре а тоьллачарах цхьаъ хилла пачхьалкхан бахам). Йоккхачу жигараллица гIуллакх деш бу цигахь бахаман хилла сий меттахIотторна, регионехь стоьмийн, хасстоьмийн сурсаташ латтош йолу коьрта предприяти йина дIахIотторна тIехьажийна. Иза гойту хIокху бакъдолчара а: дикка алсамбаьлла кхузахь бошмийн барам. Дукха хан йоццуш юкъараллехь гIуллакхана юкъаялийна итт гектара тIехь теплицаш. Еш ю эзарнаш тоннаш хасстоьмаш а, стоьмаш а Iалашбарна лерина меттигаш, шелонца кхачояран берриге а гIирсашца кечйина а йолуш. Оцу дерригено таро хуьлуьйтур ю бахархошна дийнна шарахь оцу сурсаташца кхачоян.
Жижигах гIуллакх даран дийнна комплекс йина «Лидер-А» юкъараллехь. ХIинцале а республикехь дика девзаш ду цигахь кечдеш долу сурсаташ. Цигара махлелоран декъе (цхьайолчу гIаланашкахь, ярташкахь йолуш ю цуьнан туьканаш а) тахана дIадохьуьйту тайп-тайпана йоьхьаш, жижиган консерваш, кхидолу сурсаташ. Еш ю оптово-рознични махлелоран йоккха комплекс.
«Лидер-К» юкъараллехь коьрта тидам тIебахийтина Iаламат мехалчу гIуллакхана – берийн кхача кечбарна. Леррина малхбалера мерза хIумнаш арахецар вовшах а тоьхна цигахь.
Ткъа «Лидер-Р» юкъараллехь юьхьарлаьцна шурин даьхнилелор кхиор, докъарийн йоккха туш кхоллар. Тахана еш йолчу шурин комплексехь I200 етт хир бу. Диъ эзар бежанна докъарца кхачоян ницкъ болуш хир ю докъарийн комплекс.
Ораматашлелорехь а бу бIаьрла хийцамаш. Масала, кху шарахь регионехь 53 процентана алсамдаьккхина картолаш дIаер. ТIаьххьарчу шерашкахь картолаш кхиор тIеттIа алсамдоккхуш схьайогIуш йолчу Невран районна тахана а кхочу оцу майданех коьрта дакъа. Цундела ларамаза дац цигахь бархI эзар тонна картолашна лерина Iалашйойла йина хилар. Дийнна схьаэцча дIаяханчу бIаьста республикехь хасстоьмийн культурашна къастийна майданаш алсамъевлла итт процентана, ткъа бошмийн майданаш тIекхетта 3,7-зза. Оцу бакъдолчара гойту вайн юьртан бахам ондда кхиаран новкъа хIуттуш хилар.
ТIеэцна кхачанан сурсаташца кхачояран программа кхиамца кхочушъярна юкъа шайн дакъа дуьллу хIокху деношкахь сихдинна аьргалла чуоьцуш болчу республикин буракашлелорхоша а. Мерзачу орамаша дIалаьцначу йиъ эзар гектарах дикка декъа тIехь болх чекхбаьккхина цара. Кху шарахь 80 эзар тоннал кIезиг йоцуш шекаран аьргалла заводе дIакхачо делла дош кхочушдан церан ницкъ кхочург хиларна тоьшалла до цкъачунна долчу хьесапашца хIора гектара тIера 440 центнерал алсам буракаш гулъеш хиларо. ТIаьххьарчу пхийтта шарахь иштта лакхарчу гайтамашка кхаьчна бац вайн буракашлелорхой. Делахь-хIета, алсамбер бу доккхуш долчу шекаран барам а.
Латталелорхоша иштта гайтамаш бахарна юкъа шен дакъа дуьллуш доккха гIо до Нохчийн Республикин Правительствос а: дуьххьалдIа хIокху цхьана шарахь лаьтта тIехь гIуллакх деш болчарна бIаьстенан культурийн хIу эца цхьа бIе миллион соьман барамехь ахча къастийра. Цу тIехь а чекх ца делира царна гIо дар – юьртабахаман культурийн хьекъар лакхадаккхарехь ца хилча йиш йоцу минеральни удобренеш эца 70 миллион сом ахча делира. Иштта ораматаш цамгарех ларъяран гIирсаш тоъалчу барамехь хилийта ткъеитт миллион сом къасторо таро хилийтира аренийн сурсатийн дукхаллин барам санна, дикалла а лакхаяккха. Аьллачунна тIетоха догIу вайн латталелорхошна федеральний, меттигерчуй бюджеташкара а субсидийн кепара гIо деш хилар а.
Дозанал арахьара вайна чузуш долчеран меттана республикехь дохучу юьртабахаман сурсатийн барам алсамбаккха билгалдарца цхьаьна керла тIеэцначу программаша гIо дийр ду регионан агропромышленни комплексан санехь хилар лакхадаккха, иза кхиар жигарчу боларшца дIадахарна кхачоян. КIеззигчу маьIнен лорийла дац яртийн меттигашкахь социальни гIуллакхаш къасторехь царна тIехь дан леринарг а. Iалашонан документаш кечдинарш тешна бу республикехь белхазаллин барам хаъал лахбарна а цара боккха Iаткъам бийриг хиларх.
Ишттачу гайтамашца тIекхочу Нохчийчоьнан агропромышленни комплексан белхахой шайн корматаллин денна.
Л.МАГОМАЕВ
№114, шот, 10 октябрь, 2015 шо