Россин Президентан Путин Владимиран 63 шо билгалдоккхуш, говраш хаьхкира Гуьмсерчу ипподромехь.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, Нохчийчоьнан МВД-н министра Алханов Руслана, иштта луларчу республикашкарчу хьешаша а.
Говраш хахкар дIадолалуш Кремлевски школерчу дешархоша шайн говраш хахкарехь болу кхиамаш гайтира. Говраш хахкар ялх йохаллехь дIадаьхьира. ХIора говраш хахкар тайп-тайпанчу дезчу деношна лерина дара.
Хьалха дIадаьхьира В.Путин винчу денна лерина говраш хахкар. 1200 метр йохалле хохкуш яра уьш. СовгIатийн фонд: тоьллачунна – Toyota Land Cruiser-200 машен, шолгIа меттиг яьккхинчунна – 500 000 сом, кхоалгIа меттиг яьккхинчунна – 300 000 сом, йоьалгIа меттиг яьккхинчунна – 200 000 сом.
Иштта говраш хаьхкира Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам винчу денна а, Россин Федерацин кхерамазаллин Советан секретаран заместитель Нургалиев Рашид винчу денна а, Соьлжа-ГIалин денна а, Хьехархочун денна а, Нохчийн кегийрхойн денна а лерина.
ХIора а говраш хахкарехь хьалхара меттиг яьккхинчунна 500 000 сом ахчанца совгIат дира.
Говраш хахкарехь тоьлларш:
Хьалхарчу хахкарехь Кадыров Рамзанан «Кат Ми Лус» говр.
ШолгIачу хахкарехь Кадыров Адаман «Джокер».
КхоалгIачу хахкарехь Кадыров Рамзанан «Ведучи» говр.
ДоьалгIачуй, пхоьалгIачуй хахкарехь Кадыров Ахьмадан «Альмуалил», «Вокал Мод» говраш.
ЙолхалгIачу хахкарехь Ахмадов Мохьмадан «Стар Энерджи» говр.
Хь.АВХАДОВА
№114, шот, 10 октябрь, 2015 шо
