ХIара бутт чекхболуш Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю нохчийн кегийрхойн дуьненаюкъара йоккха саммит. Цигахь вовшахкхетар бу дерриге а дуьненара нохчийн кегийрхой. Цу хьокъехь къамел хилира хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Правительствехь хиллачу кхеташонехь. Цигахь дакъалоцуш вара Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Россин Федерацин Федеральни Гуламан Федерацин Советан декъашхо Сабсаби Зияд, республикин Правительствон Председателан заместитель Хакимов Хьасан, ткъа иштта правительствон декъашхой, официальни кхиболу нах.
А.Эдельгериевс дийцарехь саммит дIахьур ю «Emaar Proptertsies» компанин президента Мухьаммад Аль-Аббарис верасалла а деш. Дерриге а дуьненахь болу нохчийн кегийрхой вовшахтоха а, цаьрца къамел дан, царна луучуьнга ладогIа а барт хиллера Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Дубайхь Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн куьйгалхошца цхьаьнакхеттачу хенахь. Оцунна тIе а доьгIна дIахьур йолуш ю и мехала саммит.
«Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн векалша вайга дехар дира Нохчийн Республикехь нохчийн кегийрхойн хьалхара дуьненаюкъара саммит вовшахтохахьара аш аьлла. Вайна а чIогIа оьшуш форум ю иза. ХIунда аьлча, вайн кегийрхой кхиа безаш бу, церан уьйр-марзонаш, зIенаш хила еза кхечу мехкашкахь Iаш болчу вайн нохчийн кегийрхошца. Цул сов цара шайн хьежамаш, проекташ, дIадолораш шуьйрра довзийта деза. Цунна боккха аьтто бийр бу дерриге а дуьненара нохчийн кегийрхой цхьаьнакхетаро», – элира Эдельгериев Абубакара.
Премьер-министра тIедиллира саммитна кечамбаран а, иза дIаяхьаран а гIуллакхашна вовшахтохараллин комитет кхоллар. Иштта комитет кхоьллира кхеташонехь. Цуьнан куьйгалхо хIоттийра вице-премьер Хакимов Хьасан. Иза хьалхе дуьйна а зIенаш латтош ву Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн агIонца. «Тхо хIинцале а билгалдаха дуьйладелла дан лоьруш долу гIуллакхаш. Кечйина юьхьанцара сценари. Цу тIехь кхидIа а болх бийр бу, иза хуьйцуш, тIеюзуш. Тхо хаддаза зIе латтош ду Iаьрбийн агIонца. Вовшех дага а довлуш, кечамбо цхьаьна гIуллакхаш дIадахьарна, саммит вовшахтохарна», – бохура Хь.Хакимовс.
Шен къамелехь З.Сабсабис тидам тIебахийтира нохчийн кегийрхойн дуьненаюкъарчу саммите бахка лерина дозанал арахьара дуккха а хьеший хирг хиларна. Царна юкъахь хир ву лакхахь хьахийначу компанин президент Мухьаммад Аль-Аббар, ткъа иштта Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн министрийн кабинетан декъашхой, кхиберш. Цундела сий-лараме хьеший тIеэцарна леррина кечамбан беза бохура сенатора.
Цу тIехь шен болх берзийра кхеташоно.
Д.АНАДЕВ
№114, шот, 10 октябрь, 2015 шо