Кхо зуламхо вийна Соьлжа-ГIалахь

 Стомара Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районехь дIаяьхьначу лерринчу операцехь Шемара, «Иблисан пачхьалкхан» тобанашкахь кечамаш бина, схьавеана волу кхо террорист х1аллаквина. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

   Шен къамелехь Р.Кадыровс билгалдаьккхира зуламхой хIаллакбаран операци Нохчийн Республикин МВД-н «Терек» СОБР-н белхахоша ФСБ-н региональни урхаллица цхьаьна дIаяьхьна хилар. «Старопромысловски районехь хIаллаквина волу кхо зуламхо «Иблисан пачхьалкхера» схьавеана а, Шемахь теракташ ярехь дакъалаьцна а вара», – элира республикин Куьйгалхочо.

ТIаьхьуо, инстаграмехь йолчу шен агIон тIехь Кадыров Рамзана лерринчу операцех лаьцна мелла а шуьйра дийцира. Цо ч1аг1дарехь, хIаллакбина болу террористаш Нохчийчохь масех йоккха теракт ян Iалашо йолуш хилла.

«Уьш дезачу деношкахь Соьлжа-ГIалахь теракташ ян кечбелла буй хиънера тхуна. Вайн кхерамазаллин белхахоша само яр бахьана долуш, зуламхойн шайн Iалашонаш кхочушъярехь ка ца елира. Церан тоба схьалаца сацам хиллера тхан. Бакъонашларъяран органийн белхахоша зуламхойн тобанан куьйгалхо чохь волу машен сацийнера. Оцу чохь хиллачу зуламхочо герз детта долийра, полицин шина белхахочунна чевнаш хилира. Дуьхьала герз тоьхна вийра террорист. Иза мила ву а хиъна тхуна. ИГИЛ-н декъашхо ву аьлла, дуьненахь а лохуш волу Чергизов Шемал хилла иза», – яздо Р.Кадыровс.

Тобанан куьйгалхо вийначул тIаьхьа, висина волу ши зуламхо схьалоцуш леррина операци йолийнера республикин бакъонашларъяран органийн белхахоша. Амма террористаш кхаьрца къамел дан а, шаьш тIебахка а реза ца хилира, цул сов герзаца дуьхьало а йира цара. Полицин белхахоша  дуьхьал герзаш тоьхна  хIаллаквира и шиъ. Оцу операцехь дакъалаьцна волчу цхьана белхахочунна  яйн чов хилла. Карарчу хенахь талламан-оперативни белхаш бу дIахьош, цу тобанна гIо-накъосталла деш цхьа а хиллий а хьожуш. Террористийн   хьокъехь долу шен къамел дерзош Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Нохчийчохь а, ерриге Россехь а  машар, низам дохо гIоьртина волу муьлхха а зуламхо иштта хIаллаквийриг хилар.

А.ХАСБУЛАТОВА

 №114, шот, 10 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: