Россин тIеман-космосан ницкъаша тIаьхьарчу шина дийнахь «иблисан пачхьалкхан» гIеранийн Шемахь йолчу тIеман 30 сов объектана тохарш дина.
***
США-н а, НАТО-н куьйгалла инзардаьккхина Каспин хIорда тIехь лаьтташ долчу тIеман жимачу хIордакеманаша Шемахь йолчу «иблисан пачхьалкхан» объекташна тIемаш долу ракеташ тохаро, уьш билгалйинчу Iалашонна нийсса тIекхетаро.
***
СаIудийн Арави коьртехь йолчу коалицин ницкъаша ловзарга арабевллачарна бомбанаш тохар бахьанехь велларг верриге а 50 сов стаг ву. Царна юкъахь бераш а, зударий а бу.
***
Иракан премьер-министра дIахьедина шайн махкахь йолчу «иблисан пачхьалкхан» гIеранашна Россис авиатохар дарна ша дуьхьал цахилар.
***
Францин тIеман куьйгалло бечу хаамца герггарчу хенахь цо дIадолор ду Гуьржийчоьнан ПВО (хIаваэхь дуьхьало яран) система чIагIъярехь гIодар.
***
НАТО-н эскарийн штабаш ехкина Венгрехь а, Словакехь а. И альянс дагахь ю Малхбален Европехь долчу эскарийн барам шозза алсамбаккха. Сихха тIаме дIахIитта Iамийна эскарш хир ду уьш.
***
Мигранташ шайн цIа хьовсоран некъаш лоьхуш бу Европин пачхьалкхийн куьйгалхой. Оцу Iалашонна 800 миллион евро билгалдина цара.
***
Шемара ведда ОвгIане кхаьчнарг 3 эзар террорист ву. Уьш берриге а «иблисан пачхьалкхана» юккъехь хилла а бу. Цуьнца доьзна ОвгIанехь долчу хьолан хьокъехь дуьненаюкъара конференци дIаяьхьира Москвахь.
***
Россин Президент В.Путин Сочехь цхьаьнакхийтира «Шеран хьехархо» конкурсан лауреаташца.
***
Вайн мехкан правительствехь тIеэцна 2016-чу шарна йолу бюджет. Иза хIоттийна мехкадаьттан мах лахлуш хилар хьесапе а оьцуш.
***
Россин премьер-министра Д.Медведевс дакъалецира юьртан бахаман «Дашо гуьйре» гайтам схьабаьллучохь.
***
ТIаьхьарчу цхьана кIиранчохь Россин дуьненаюкъара валютин тIаьхьалонаш 370,2 миллион долларна алсамъевлла.
№114, шот, 10 октябрь, 2015 шо