Ерриге а Нохчийчохь шуьйрра билгалдаьккхира Россин Федерацин Президент Путин Владимир вина 63 шо кхачаран де. ХIокху деношкахь тIех юьзна яра «Ахмат-Арена». Гулбелларш дог-ойла гIаьттина, самукъадаьлла бара. Иза кхеташ а ду. Адамаш тахана гулделла Россин Федерацин Президента Путин Владимиран 63 шо кхачарна леринчу Россин эстрадин седарчийн йоккхачу концерте. Иза чекхъяьллачул тIаьхьа Италин футболан цIеяххана бевзаш болчу векалийн вовшахтоьхначу командина а, В.Путин винчу дийнан сийнна «Лидер-63» аьлла цIе тиллинчу меттигерчу командина а юккъехь накъосталлин матч хилира.
Деза де дIадоладалале хьалха «Ахмат-Аренин» ерриге а майда дIалаьцна В.Путинан доккха сурт диллира.
Дезачу дийнан концертехь дакъалецира республикин дозанел генна арахьа бевзаш болчу меттигерчу артисташа а, ткъа иштта Россехь г1арабевлла болчу эстрадин артисташа а. Царна юкъахь яра Казанова Сати, Зара, Дубцова Ирина, Глюкоза, Руссо Авраам. С.Казановас эшарш лекхира оьрсийн маттахь а, шен ненан – гIебартойн – маттахь а.
Футболан матч йолаялале хьалха цо лекхира Россин гимн.
Цул тIаьхьа дIайолаелира футболан матч. Италин командехь ловзуш бара дуьненан футболехь гIарабевлла болу ловзархой Стефано Таккони, Франко Барези, Клаудио Джентиле, Джузеппе Барези, Сальваторе Скиллачи, Пьетро Верховод, Дино Баджо, Анджело Ди Ливио. Амма хьеший мел гIарабевлла болу футболисташ хиллехь а, цунах озабелла, мал ца луш, меттигерчу футболисташа жам1 4:1 долуш, эшийра уьш. Хьешийн кевнна цхьа буьрка чутуьйхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Футболан матч чекхъяьллачул тIаьхьа хьовсархойн таро хилира исбаьхьачу шатлакхе хьовса.
С.ЛАЛАЕВ
№114, шот, 10 октябрь, 2015 шо