Нохчийн Республикин М.Ю. Лермонтовн цIарах йолчу оьрсийн драмин театрехь 2015-чу шеран 24-чу октябрехь сольни концерт яла кечлуш ву вевзаш волу актер Хасанов Тимир-Булат. «Серло» цIе йолчу пачхьалкхан кегирхойн театрехь болх беш волуш вевзира иза халкъана, махкана. Цигахь хIиттийначу дукхах йолчу спектаклашкахь дакъалоцуш вара къона актер. Къаьсттина, Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Ахмадов Мусас язйиначу «Денисолта» цIе йолчу пьеси тIехь театро изза цIе йолуш хIоттийначу спектаклехь билгалъевлира актеран хьуьнарийн таронаш. Цул тIаьхьа масане яра уьш вайн дегнаш даккхийдеш цо ловзийна ролаш.
ХIинца Советийн Союзан турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу театрехь болх беш Тимир-Булат. Амма актер театран сцени тIехь болх бина Iаш вац. Вайн махкарчу кегийрхошна дукхавеза иза иллиалархо санна. Цуьнан иллеш чулацаме, зевне, кегийрхошна дезачу кепара хуьлу. Кест-кеста радиохь, телевиденехь хеза вайна уьш. ЛадогIархойн лерса хьоьстуш, даима тамехь дека Хасанов Тимир-Булатан иллеш. Цундела кегийрхоша самукъадаларца тIеэцна актеран сольни концерт хиларх болу хаам.
Концертехь дакъалоцуш хир бу Россин хьакъйолу артистка Межиева Макка, Межиева Марет, Джабраилов Шерип, Дзагиев Джамиль, Идрисова Линда, Садулаева Лариса, иштта дуккха а кхиберш. Хетарехь, Iаламат самукъане суьйре хир ю, и тайпа нохчийн эстрадин сирла седарчий цхьанакхеттачохь.
А.АРАПХАНОВА
Авторан суьрта тIехь:
Хасанов Тимир-Булат
№115, еара, 15 октябрь, 2015 шо