Спортан тайп-тайпанчу дакъошкахь хуьлучу къийсадаларшкахь кIезиг толамаш ца боху вайн кегийрхоша. Амма хоккей масех шо хьалха бен юкъаяьлла яц вайн махкахь.
Хоккей езарна, цунах ловза Iама вовшахтоьхна яра хоккейн «Даймохк» команда. Цу юкъахь ловзуш 4 шарера 15 кхаччалц долу хенаш йолу бераш ду. Карарчу хенахь цигахь Iемаш 70 гергга бер ду. Къоначу хоккеисташа Словенехь а, Къилбаседа Кавказан республикашкахь а хиллачу къийсадаларшкахь дакъа а лаьцна, толаман меттигаш а яьхна.
2010-чу шарахь Нохчийчу веанчу хоккеистан Ферков Матиажан гIоьнца вовшахтоьхнера Нохчийчохь дуьххьарлера хоккейн «Даймохк» команда. Ферков тешна вара нохчашна хоккей йоццачу хенахь карайоьрзург хиларх. «Нохчаша спортан латаршкахь кхиамаш боху, цундела хоккей ловзарехь а, уьш тIаьхьа буьсур бу аьлла ца хета суна», – аьлла хиллера цо ша Нохчийчу веанчу хенахь.
Нохчашлахь хоккей езаш хилар гойту Iама луучеран барам алсамболуш хиларо а, цкъачунна командин спонсор цахиларна, берашна оьшуш долчунна тIехь дай-наноша доккха дакъалацаро а.
Оцу командин тренер къона велахь а, берашна хьеха хууш ву. «Мехалла кхиамаш баха ца кхиъна команда. Амма коьртаниг дукхах долчу берийн похIма а, хоккейх ловза церан лаам хилар а хета тхуна. И лаам цаьргахь бу. Цул сов, шайна хьоьхучух кхеташ ду бераш, шайна гайтинарг сиха схьалоцу цара», – бохура тренера Аслаханов Денис.
Цкъачунна ма луъу дика дац церан хьелаш, таронаш, делахь а, хаьа, тIейогIучу хенахь уьш толург хиларх, берех дика хоккеисташ хирг хиларх теша.
Акаева Хутмат
Авторан суьрта тIехь:
Тренер а, хоккейни командин декъашхой а
№115, еара, 15 октябрь, 2015 шо