Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин Яздархойн союзо зорбане яьккхинчу масех книгина юкъара суна билгалъяьккха луур дара Джебиев Хьусайнан «Даймехкан безам» аьлла йолу поэзин гулар. Автора цунна тIехь дика, даггара къахьегна хилар хаало. Хьусайн хьалха вевзина вацара суна.
Даймохк безар, литературица шен долу гергарло довзуьйту поэта шен поэзехь. Ткъа цуьнан поэзи кIеда-мерза, еша атта дагна езалуш ю. Царна юкъахь Даймахках лаьцна байташ дукха ю.
Цо боху: «Даймехкан диканна тIома дуьйлуш,
БIаьрхишца хьан лазам сайн маракъуйлуш,
Дуй бу сан биъна сайн махкана ваца,
Нийсонна кховдийна куьг ондда лаца!»
Джебиев Хьусайн Нажи-Юьртан кIоштарчу Мескитара хилар гойту Саиев Iумара ша язйинчу гуларан дешан хьалхенехь. Ша вехачу юьртахь иза хIора дикане, вуоне кхочуш хилар, юьртах хьакхалуш долчу гIуллакхехь цо шен ницкъ кхочучу барамехь гIо хилар хоуьйту. Цундела ларамаза дац иза шен юьртахоша уггаре а тоьлла воI ларар а.
Хууш ма-хиллара, Мескитахь ваьхна Айдамиров Абузар, цигахь ехаш ю цуьнан йоI Машар. Поэзин ирзонаш «охуш» къахьоьгуш ву Саиев Iумар, Сайдуллаев Хьасан.
Хьусайна шена шайн юрт а, юьртахой а дукхабезар къайла ца доккху. Хаза дешнаш аьлла цо шен юьртахочух Нохчийн Республикин халкъан артистах Абдулкеримов Илесах. «Декийта илли» ю байтан цIе:
«ДоттагIа, алахьа аз айдеш илли,
Хастаде дай баьхна сийлахь вайн латта.
Мерзаш тIе Iемина каде куьг дилла,
Пондаре дийцийта, мукъа ма латта.
Даймахке ахь безам, лерам бийца,
Самукъа доьхначийн ойланаш хийца».
Мескитара ю эшарлакхархо Межидова Кхокха. Цунна лерина ю «Машаран Кхокха» цIе йолу байт. Кхокха машаран билгало ю. Кхокхин дахар, цуьнан цIеналла евзачу поэта юха а кхайкхам бо:
«Хьо тIамо човхийча,
мерза са гулдина,
Бенаха делира,
Хьайн бала хьулбина.
Минот ца йогIура,
Генахь тхо дицдина…
Айба тхан дог-ойла
Вуонаша Iаьвшина,
Зевне аз декийта,
Юьрта тIе хьаьвзина!
Нийсархошка хьажахьа,
Бераллехь бевзинчу.
Хастае Мескита,
Жималлехь левзина!»
Безаман тематика ю цуьнан гуларехь. Безам! Ма дукха поэзин могIанаш дуьненчу девлла цунах лаьцна! Мила висина цу «лазамо» вагаваза? Дуьненахь долу дерриге а хиш тоьар дацара безамо йиллина цIе дIаяйа. Амма хьанна хаьа иза муха кхоллало? Безамо «аьхкенан тов», «ирсан ов» кийрахь гIаттадо, хетало, дахар къагадо. Цуьнан синхаамийн йовхо, хазалла, цIеналла гайта дуьненчуьра къолам, ницкъ тоьар бацара. Цуьнан дог «безамна доьлху», «безамо йина чов ерза ца лой» хаьа цунна.
Безамо марзонца латийна цIе
Яйначохь ирс хеда, дегнаш а ле,
Бодано кхоладо массо а де,
ГIайгIане кхачайо буьйсанаш тIе.
Ца хиъна хила-те
Тешош дош ала?
ОьгIазло хьарчийна бина шад баста..
Суна-м хьо езнера,
ХIинца а еза.
Ма вита херонца
Къайлаха хьежа,
Лаац ахь шеконца.
Вайн безам хьеша…
Джебиев Хьусайнан поэзин тематика шуьйра ю. Цуьнан поэзехь карайо ненах лаьцна, доттагIаллех, Даймахках лаьцна байташ. Сан даго къобалйо поэтан массо байт. Поэзиезархошна хаза совгIат хир ду аьлла хета суна Джебиев Хьусайнан поэзин гулар йовзар.
С-I. ЛУЛУЕВ
Нохчийн Республикин Яздархойн союзан декъашхо
№115, еара, 15 октябрь, 2015 шо