Шайхи цкъа а вицлур вац

Кху деношкахь Зорбанан цIийнан актови залехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Арсанукаев Шайхин 85 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин яздархойн союзан правленис. ДIахьош яра къона поэтесса Халикова Асет.IMG_1947

    Яздархо дагалаца а, цунах лаьцна дика дош ала а баьхкинера дуккха а бевзаш болу яздархой, журналисташ, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а халкъан артисташ, М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театран актераш, студенташ, дешархой.

Цхьаьнакхетар дIадолийра Арсанукаев Шайхи винчу Дишни-Веданахь яьккхина ролик гайтарца. Ша даима а ма-хиллара, эсала, къинхетаме, оьзда яздархо ша винчу ломахь башхачу Iаламах ца Iебаш бIаьрг бетташ, байташ йоьшуш гича, тахана а иза  дийна волуш санна хеталора. Поэт уллера вевзачарна хала дара цу ролике хьажа. Иза вайца воцу кхо шо сов доллушехь а, ца лаьара яздархо вац бохучух теша.

Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас дийцира вайн махкахь а, дозанал арахьа а шен кхолларалла шуьйра евзачу поэтах лаьцна.

– Арсанукаев Шайхи вайна массарна а везаш, лоруш, тоьлла поэт вара. Уггаре а халачу хенахь вайн Яздархойн Союзан куьйгаллехь лаьттира  иза. Халахеташ делахь а, суна Шайхи тIаьхьа вевзина, амма цуьнан поэзи, корматалла, яхь массарна а евзара. ХIора а яздархочунна чу садиллина вара иза. ДегIана зоьртала вацахь а, цIена бух, орам болуш, бакъволу нохчи вара Шайхи. Цундела иза  вайна хьахо а, вийца а, цуьнан кхолларалла йийца а лаьа. Шайхи  догцIена, майра, похIме поэт вара. Дала декъалвойла иза. Нохчийн къам дийна мел ду Шайхи цуьнан иэсехь вуьсур ву, ткъа цуьнан поэзи даима а ехар ю нохчийн литературехь.

IMG_1888

– Яздархоша, журналисташа, цуьнан хиллачу студенташа дуккха а дийцира халкъан яздархочух а, цуьнан кхоллараллех а лаьцна. Иза шех лаьцна дийца хьакъ а вара. ХIораннан а дагалецамашка ладоьгIча Арсанукаев Шайхи ца вевзачунна а хуур дара иза муха адам, поэт хилла. Иза вевзачара билгал ма-даккхара, уггаре а хьалха яздархо – адам дара.

Вай лакхахь хьахийначу актераша а, дешархоша а дагна хьаам беш йийшира цуьнан байташ. Шен кхоллараллехь яздархочо дуьйцуш дерг, Даймохк, гIиллакх, оьздангалла, къинхетам, вовшех дашар, адамашна юкъахь барт хилар дара.

Цхьаьнакхетаре баьхкинчарна боккха кхаъ хиллера хьалхарчу могIарехь хиъна Iаш Россин Федерацин халкъан артист Дагаев Валид гича. Зала чохь берш ойлане бохуш дара, Дагаев Валида а, Нохчийн Республикин халкъан артиста Межидов Сахьаба а дIааьлла халкъан яздархочун дешнаш тIехь даьккхина илли.

Цхьаьнакхетар дерзийра Нохчийн Ресрубликин хьакъволчу журналиста, журналистикин къаночо Кагерманов Доккас Арсанукаев Шайхина доIа дарца.

З.САГАЕВА

№115, еара, 15 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: