Хала ду цунах лаьцна дийца. Боккха иэшам бу цуьнан цIеххьана дIавахаро вайн махкана бинарг. Музаев Нурдин кIант Мохьмад Iилманча, историк, архивист хилла ца Iаш, дерриге а нохчийн къоман яхь, юьхь, дозалла дара. Иллешкахь буьйцучу дуьненан меха болчу къонахех цхьаъ вара иза. Мел инзаре, буьрса Iедал хиларх цкъа а озавелла вацара иза вайнехан халкъан исторех бакъдерг дIаала. Хьаьнцца а къовсавала бух боцу хIорд санна, кIорггера хаарш долуш вара иза. Вай цадезачара хаддаза вайнахана тIеетта Iовраш чекх ца йовлуьйтуш, нуьцкъала четар хилла чекхваьлла вара шен дахарехь. Дукха хьолахь цуьнан синтем боцу, карзахе амал бахьанехь вайнехан къаьхьачу историн хьуламехь латтийна бакъдерш гучудевлла. Даима тIехьоькхучу нехаша дебийна лазаме оьла лахъелла. Къоман яхь йолу кIант кхиъча хуьлу иштта. Цхьана а кепара шеконаш хуьлийла йоцуш, Музаев Мохьмад иштта стаг вара.
Музаев Мохьмад 1941-чу шеран 12-чу июнехь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу ваьлла вара. Цуьнан да Нурди гIараваьлла вевзаш волу нохчийн яздархо вара. Ткъа нана Аза Девкар-Эвлара Эльмурзаев Ахматханан йоI яра. Азин, Нурдин кхо кIант вара . Мохьмад царна юкъахь уггаре а воккханиг вара. Делахь а ненан ховхачу куьйгийн аьхналла кIеззиг гина вара иза. Вайна массарна хууш ма–хиллара, 1944-чу шеран 23-чу февралехь вайнах махках баьхна сийначу Сибрех дIахьовсийра. Цу декъазчу декъехь бара МузаевгIеран доьзал а. Дерриге а нохчийн къоман санна кхеран а дийзира мацалла, хало, гIело, шело лан. Къизачу некъан халонаш лан а ца елла, хIорш Джамбуле дIакхаьчначу 1944-чу шарахь дIаелира Мохьмадан нана Аза, кхуьнан кхо шо кхаьчнера цу муьрехь. Кхул жима вара Сайд-Мохьмад, ткъа Нур-Мохьмад шо кхачаза вара. Делахь а, Делан къинхетам бара кхарах хьаьрчинарг, ненада, ненанана дийна дара. Цара дIавигна кхиийра, шайн хьомечу йоьIан кхо кIант. Даа-мала латтийра, деша а бахийтира, массаьрга юккъера школаш чекхъяхийтира. Мохьмада Казахстанехь юккъера школа чекхъяьккхира. Амма лаккхарчу дешаран кхерча 1959-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь вахара иза, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтерчу историн факультете. Ларамза дацара и факультет харжар а. Хийрачу махкахь юккъерчу школан хьалхарчу классашкахь дуьйна дина нийят дара цуьнан шен къоман истори, иза мел къаьхьа елахь а, буххера дуьйна Iамо. Бераллехь дуьйна дай баьхначу махках хьегийна волчу кIанте ца лалора шен къомана тIехь дуьйца харц хабарш. Иза ца тешара 1917-чу шеран «Сийлахь» октябрь тIекхаччалц вайнах акха адамаш хилла бохучух. «Авроро» схьакхоьссинчу йоккхачу тоьпан гIовгIанан тулгIено Кавказан къоьжачу лаьмнашкара бода эккхийна, вайнехан декъаза къам серладаьккхина бохучух. Цуьнан къоначу даге лан ца лора Даймахкана вайнах ямарт хилла бохург а. Мел жима велахь а Мохьмадна ца товра ша схьаваьлла къам емалдеш. Ненадас а, кхиболчу верасаша а схьадийцарехь, нохчий оьзда гIиллакхаш долуш, майра дегнаш долуш, хьаналчу къинхьегамна Iаламат тIера долуш, доза доцчу къинхетамах дуьззина адамаш дара. ТIаккха гал-морзах долуш хуьлура арахь кIантана хезаш дерг а, суьйранна гергарчара чохь дуьйцург а. Цундела кхоллабеллера Мохьмадан и бакъ-харц къасто болу шовкъе лаам. Оцу Iалашонна дерриге а дахар дIаделира цо, хьал-бахам, дуьненан даьхни ца лоьхуш. Институтехь доьшуш волуш дуьйна цу луьрачу къовсаман хьаьттахь синъондалла, нуьцкъала амал гойтуш чекхвелира иза, нохчийн къоман тешаме бIаьхо хилла.
Институтехь доьшуш волуш дуьйна къаьсташ вара Музаев Мохьмад шен нийсархошна юкъахь, тIех дика дешарца, нуьцкъала амал хиларца, гIиллакх-оьздангаллица. Цунна хаьара доттагIалла дIакхехьа, гIо-накъосталла оьшучохь орцах вала. Кхиъна вогIуш дуьйна дуьне цецдаккхал синъондалла яра цуьнца. Бераллехь дуьйна харцо лалуш вацара иза. Даима нийсонна, бакъонна тIегIертар цуьнан цIийца дара. Лакхарчу дешаран кхерчахь Музаев Мохьмада доьшучу муьрехь цигара хьехархой коьртачу декъана кхечу къамнийн векалш бара, дукхах берш оьрсий болуш. Тайп-тайпана адамаш нислора царна юкъахь а. Наггахь цхьаъ юьхьарверзавой. вайнехан студенташна тIехь харцо лелош меттиг йогIура, цунна йоцу цIе кхуллий, Iедале иза хьийзавойтуш, дешарна иза юкъахваккха Iалашо лоций. И тайпа ямартло цкъа а тесна йитина яц Мохьмада. Вист ца хуьлуш IадIийча волучу меттехь а, цо нийсо лехна, накъостехьа гIо даьккхина, хьехархошца къовсавелла. Цуьнца институтехь дешначара иза цхьана озехь билгалдоккхуш ду. 1964-чу шарахь ваьлла Музаев Мохьмад Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан институтан исторически факультет чекхъяьккхина. Къоман мохкталларан музей (краеведческий) балха а хIоьттина иза цу шарахь. Цуьнан сирлачу сатийсаме дIакхача яьккхина хьалхара гIулч яра иза. Мохьмадана чIогIа лаьара шен къоман дIадаьлларг талла, довза, цуьнан духе кхиа. Цундела сутара тIевула иза балхана. Берриге а лерича шен дахарехь цо бина юьстаха баьккхинарг кхо бIе гергга Iилманан болх бу къоман исторех а, юкъараллин-политически хьолах а. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь хиллачу къоначу Iилманчийн Ерригесоюзни Iилманчийн конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина лауреат хилира цунах. ХIинца санна атта дацара цу муьрехь толам баккха. Конкурсан тергамхой дуьненна евзаш шайн сийлахь цIерш йолуш Iилманчаш бара. Цара лаккхара мах хадоро гойту мел кIорггера хаарш долуш хилла вайн махкахо. Иштта йолчу Ерригесоюзни конкурсехь дакъалаца Iаламат доккха доьналла оьшура, ша шех бIобулуш хила везара. И мехала амалш жимчохь дуьйна Музаев Мохьмадца йолуш яра. Иза шен сица, цIийца историк вара, ша схьаваьллачу мехкан а, къоман а вуьззина патриот вара. Ткъа цуьнан ораторан хьуьнар хьеннан синкIоргене кховда ницкъ болуш дара. Вайх хIораннан дукхазза а ирс хилла цуьнан похIмех марзо оьцуш, дозалла дан.
Халкъана, махкана Музаев Мохьмад вовзар чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь хилира. Ямартлонца Iедало юьхьаръерзийна цхьа бух боцу киртиг яра цу муьрехь. «ГIазотан байракх» айъина хьалха ваьккхина историк Виноградов Виталий Борисович волуш эладита дара даржош, Нохчичоь шен лаамехь Россех дIакхетта ши бIе шо кхачар тIечIагIдеш. Цхьаболчу лайн амалш йолчу наха Iаламат самукъадаларца тIелаьцнера и шийлачу шеконийн хIуо деттало кхаъ. Цу «сийлахьчу» терахьна лерина керла иллеш дохурш а кIеззиг бацара. Уьш декара радион а, телевиденин а эфирашкахь. Баккъал а цу питанах адам тешо лелош хIумнаш дара уьш. Амма Музаев Мохьмад дуьхьалвелира Iедалан лаамна тIетевжина и питана даржош болчу харц-Iилманчашна. КIеззиг бара цунна тIехIиттинарш. Йоккхачу Нана-Нохчийчохь ши стаг вар-кх цу чолхечу муьрехь Музаев Мохьмадана улле дIахIотта ваьхнарг. Дала гечдойла царна, Вагапов Якъуб, Вацуев Iабдулла вара и шиъ. Дукха къамелаш дира цаьрца. Кхерамаш тийсира. Амма нохчийн къоман цIемзачу денойх юьззина йолу къаьхьа истори евза и кхо стаг шаьш бохучунна тIера-м ца велира. 1859-чу шарахь имам Шемал йийсаре ваханчул тIаьхьа нохчаша еххачу хенахь шайн маршонехьа герзаца къийсамаш латтийна хилча. Зандакъара Iаьлбек-Хьаьжа ирхъоллар 1878-чу шеран гурахь нисделла, цул тIаьхьа а нохчаша паччахьан эскаршца луьра тIом бина. Цундела, мел чIогIа коммунисташна лаарх цара билгалдаьккхинчу 1977-чу шарахь и ши бIе шо кхочуш дацара. Амма и бакъдерг Iора даьккхинчу Музаев Мохьмадна бале делира иза. Историк балхара дIаваьккхира. Вехха лийлира иза цхьана а метте, ур-аттал Iаьржа белхаш дан а, хьаькамаша дIа ца оьцуш. Эххар а силамбечу заводехь белхан меттиг нисъелла, могIарера белхахо хилира Iилманчех.
Доха карзахдаьлла советийн Iедал ХХ-чу бIешеран 80-чу шераш юккъе дахча, кIотархойн синкъерам санна, хабаре делира. ХIинццалц цкъа а хезна доцу керла дешнаш девлира адамийн къамелашна юкъа: плюрализм, консенсус, демократи. Десачу хабарийн дорцехь мелла а маршонан хIуо тосалора. Цкъа а, цхьанна а ца моьттинчу кепара Iедало урх малйинера. Цунах пайда баьлла къоман музей балха схьавеара Музаев Мохьмад. Зорбане вийла аьтто ца хиллехь а, Iилманан болх цо цкъа а сацийна бацара. Цундела дукха тамашийна ца хета 1988-чу шарахь къоман музейн белхахоша кхажтасарца иза музейн директоран заместитель харжар, Iилманан белхашбаран декъехь. Нохчийн къоман историн агIонашкара кIайдаргаш дIаяха йолоран мур ала мегар ду цу хенах, цхьана а кепара шеконаш йоцуш. Де а, буьйса а ца лоьруш тIевирзира Мохьмад балхана. Вайна дагахь ца хилла бакъдерш гучудехира цо вайнехан дIадаьллачух. Нохчех хастаме дош яздина муьлхха а керла карадеана кехатан цуьрг а мерза кхаъ хуьлий дIахIуттура цунна. Мел дукха кехаташ яздора цо кхечу гIаланашка, цигарчу музейхь вайх лаьцна болчу хаамех пайдаэцийтар доьхуш. Бер санна воккхавера иза, дуьхьал керлачу хаамца кехат деъча. Масала дуьненна евзачу «Брусиловский прорыв» цIе йолчу тIеман операцехь дакъалоцуш вайнах хилар Iорадаьккхинарг а Музаев Мохьмад ву. Бакъдерг дийцича, халкъана, махкана цо дина диканаш дийцина ца валлал дукха ду. Къоман дуьхьа ваьхна стаг ву иза. Шен са, дегI ца кхоош, цунна ваьцна ву.
1992-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин къоман архиван директор вара Музаев Мохьмад. Халкъана, махкана хала мур, ирча зама яра иза. Герз эвхьаза даьккхинера, вовшашна юккъера гIиллакх-оьздангалла худаделлера. Массо а имам вала гIерташ мохь-цIогIа детташ вара. Iилманан, къоман культурин еш терго яцара. Бакъду, Музаев Мохьмада ша беш болу болх цхьана мIаьргонна а ца сацийра. Иза къинхьегамхо вара, цкъа а политикина юкъа гIерташ вацара, я ша гайта телекамера хьалха гIерташ вацара, даржаш къуьйсучарна юкъахь-м муххале а вацара. Делахь а шега хаьттинчунна жоп лора цо, бакъдерг дIаолура, хьалха лаьттарг эла-эпсар велахь а, бIон баьчча велахь а. Цкъа а шен хотIах, кепах вухуш вацара иза. Нохчийчохь буьрса тIемаш кхихкина луьра зама шен къомаца яьккхира цо. Цхьанхьа а дIа ца вахара, къайла ца велира, ша вехачу петаран неI дIа ца къевлира. Ийман цуьнгахь хиларан къеггина тоьшалла дара иза, Делера йоцург Iожалла хуьлийла доцийла цунна хаар а дара.
Нохчийчохь хиллачу шолгIачу тIеман кхийсарш Соьлжа-ГIалахь мелла а нилха евлча дара иза. Дала гечдойла царна, нохчийн къоман яздархочун Ошаев Халидан кIант Майрбек вара, шен ден куьйгайозанаш схьагулдина, уьш тIомакIела доьхкина зорбане даха таро йоцуш, бIаьрза хьийзаш. Дукха хьаькамашна, хьалдолчу нахана тIеххIуттуш чекхваьллера Майрбек Халидан йозанаш зорбане дохуш ахчанца гIолаца стаг ца карош. Эххар а Музаев Мохьмадна тIекхаьчнера. Буьрсачу тIамо Iовжийначу, дерриге а вайнехан къомана мерза кхаъ хилла дIахIоьттира 2002-чу шарахь ша куьйгаллехь волчу Нохчийн Республикин архиван урхаллин чоьтах цо «Слово о полку Чечено-Ингушском» цIе йолу книга зорбане яьккхича. Цул тIаьхьа мел дукха ехира цо халкъана, махкана юьхькIам болу книгаш зорбане. Къоман тептарш схьагулдина, цунах ала вайх хIоранна бакъо луш. Кхин хIумма а ца хилча а, массо маьIIера шуьйрачу хаамийн гIирсаша тIе дIовш детташ вайнах дог иэшна болчу муьрехь, В.Ф.Русина язйина «Достоинство гордых» книга зорбане яккхийтира Музаев Мохьмада архиван урхаллин чоьтах. Русин дуккха а шерашкахь вайн махкахь Iийна, лаккхарчу даржашкахь белхаш бина, вайнахаца цIенчу даггара гергарло лелийна а, уьйр-марзонаш заманна йохалла ларйина вара. Дика, хаза язйинера цо вайнахах. Массарна Iаламат тайра и книга. Шен хеннахь зорбане яьккхина яра иза. Иштта мехалчех яра «Кавказская конная дивизия», «Союз горцев», «Олхазарийн дуьне-сан дуьне», «Ахмед Цебиев», «Культура полеводства чеченцев и ингушей» цIерш йолу книгаш. Халкъана а, махкана а уьш оьшуш хиларна хьесап дина, са-пайда лехар доцуш, хьанала бина болх бара иза. Ткъа «Память» книгаш тIехь цо хьегна къа дийцина ца валлал мехала, маьIне дара. Цхьацца хабарш хезара замано гола тухучу муьрехь хаддаза: берриге а вайнах халкъан мостагIий хилла, уьш даима Даймахкана ямарт хилла, СССР-на тIе фашисташ леттачу тIамехь царах цхьаммо дакъа ца лаьцна бохуш. Музаев Мохьмада бинчу талламаша дуьненна дIахаийтира 1941-чу шарахь Германис тIом болош Нохч-ГIалгIайчуьра итт эзар стаг цIечу эскарехь гIуллакхдеш хилла хилар. ТIаккха и тIом дIаболабеллачу хьалхарчу деношкахь кхин кхойтта эзар стаг шен лаамехь цу буьрсачу тIаме дIавахана хилар. «Память» книгаш тIехь бан болийна болх иза вайн махкара тIаме дIа мел вахана стаг, зуда цIарца дIаяздина церан хьуьнар, доьналла тIаьхьарчу тIаьхьенна хаийта, довзийта Iалашо йолуш дIаболийна бара.
Къоман дIадаьлларг теллина Iаш вацара Музаев Мохьмад. Кху заманахь вайна тIе нехаш хьоькхуш болчу историкашца, журналисташца «тIом» латто ларавора иза. Мел дукха баьржинера уьш ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Беловежский, Муриков, Речкалов, Горбачев, Губин, Пыхалов. Уьш хIора а самукъадолуш вара нохчийн къомана тIулг ластош. Амма цаьрца массаьрца ша цхьаъ ларавора Мохьмад. Цара вай емалдеш язбина цхьа а могIа дуьхьал жоп ца луш ца буьтура. Цул совнаха, вайн мостагIаша дуьйцург, мичара даьлла ца хуу, шайна хетарг хиллехь, Музаев Мохьмада дуьхьал луш долу жоп Iилманан буха тIехь, бакъдолчу терахьашна тIетевжина, говза кечдина хуьлура. Вайна массарна цунах ондда дегахьаам хуьлура. Муьлхха къовсам баьлча, и бийцаре боккхуш гулйина «горга стол», конференци, я вуьшта могIарера цхьаьнакхетар хилча, лаьттах сай боьлча санна, вай массо сапаргIат хуьлура цигахь дакъалоцуш Музаев Мохьмад хилча. Вайх хIоранна хаьара хьакъдолчу тIегIанехь цо къамел дIахьур дуйла, нохчийн къомана тIе цо нехаш хьоькхуьйтур йоцийла…
Вайна иштта хаьара Музаев Мохьмад мелла а хан дIаиккхина, жималла тоххара къайла яьлла стаг вуйла, иза могаш воцийла. Лайначу халонаша, хуьйдинчу бохамаша са кхачийнера цуьнан. Цхьаъ, шиъ инфаркт хиллера, кхидолу лазарш дара кочар хилла цунах хьерчаш. Амма цхьана а дийнахь ша кхоийна вацара иза. Вайна а иза ларван ца хиира. КIеззиг йогIура цуьнан дог хьостуш меттигаш. Эшначу метте дIа-м вадавора, ладарна буьллу кад санна. Цо цкъа а «хIан-хIа» ца олура. Шен экамчу сица оьзда стаг вара иза. Нохчийн къам сил дукха дезаш вара. Цунна хIума ца алийта, эшахь схьадаьккхина кийрара мерза са дIалур долуш вара. Вайна иза даима лаьттар ву моьттура, халкъана оьшучохь мокхазан бердах йина гIортор хилла. Амма, мел халахеташ делахь а, дерриге а хьеший ду вай кху малх кхетачу дуьненахь, хан тIекхаьчнарг эхарта верза везаш ву. 2015-чу шеран 17-чу сентябрехь детталуьчуьра сецира Музаев Мохьмадан дог. Еарийн де дара иза. Иза декъала хилла хиларан цхьа билгало хета пIерасканан дийнахь цуьнан лаьтте верзар а. Суна хетарехь, дерриге а нохчийн къомо тоьшалла дийр дара иза Ялсманин хьаша хила хьакъву аьлла. Махкана боккха иэшам бу иза дIавалар. Дала гечдойла цунна, бохаман дакъа мел кхаьчначунна а!
Газиева Аза
№115, еара, 15 октябрь, 2015 шо