(18-гIа октябрь – Некъийн бахаман белхахойн де)
Нохчийн Республикин бахархоша пайдаоьцуш долчу некъийн йохалла 12 202,2 километр ю. Царех 3 035 километр некъаш региональни ду, уьш Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон «куьйга кIелахь» ду. ГIалийн, яртийн кхидолчу некъашна, урамашна тIехь Iуналла меттигерчу администрацеша до. Карарчу хенахь автомобилийн некъийн министерствон Iуналлехь долчарех 1 574 километр некъаш тIехула асфальтобетон йиллина ду. 1 233 километр некъаш тIехула жагIа боьхкина ду. Ткъа дисина долу 228 километр некъаш – шаьш ма-дарра. Региональни некъашца 236 тIай ду (йохалла 7 854 метр юкъара), чухула хи лелаш йолу 1 344 биргIа а ю (йохалла 17 774 метр), цIерпоштанекъан дехьа-сехьа волу 23 меттиг а ю.
Нохчийчохь дуьххьарлера некъан предприятеш 40-чу шерашкахь кхоьллина. ХIетахь Шелковски районехь Оьрза-ГIалин некъан предприяти а схьайиллинера, Соьлжа-ГIали йисттехь Механизированни карьерни бахам а биллинера. Таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствона юкъайогIуш 32 предприяти ю, царех 15 – некъан-эксплуатацин предприяти; 8 предприяти некъан бахаман декъехь тайп-тайпана белхаш беш а, хьашташ кхочушдеш а ю; 4 предприяти асфальтобетон арахоьцуш ю; 4 предприятехь гIишлошъяран (инертни) материалаш йо. Иштта, проектийн 1 институт а ю лакхахь билгалъяьхначу предприятешна юкъайогIуш.
ХIора шарахь регионан некъаш тодеш, керла некъаш деш дуккха а белхаш бо автомобилийн некъийн министерствос. 2014-чу шарахь тодина Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла – «Аргун» погранзастава – Гуьржийчоьнан доза некъан 10 километр сов дакъа. 2015-чу шарахь дIахьош бу оццу некъан кхин 18 километр сов дакъа тодаран белхаш. Иштта, цу некъан 32-чу километрехь тIай дан долийна. Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла – «Аргун» погранзастава – Гуьржийчоьнан доза некъан дисинчу дакъошна кечдеш проектийн-сметийн кехаташ ду. Иза Итон-Кхаьллан районан Хьачарахь еш йолчу спортан-туризман «Ведучи» комплексана тIебоьду некъ бу. Комплексана юкъайогIучу объектех кхоччуш пайдаэца болор 2020-чу шарахь. Ткъа лаьмнийн-лыжийн курорт схьаеллар 2018-чу шарахь дIадахьа лерина. И хан тIекхачале чекхбаха безаш бу лакхахь билгалбаьккхина некъ билларан белхаш а.
Автомобилийн некъаш кхиорна а, ярташна а, къаьсттина мехалла йолчу социальни-экономикин объекташна а тIе доьлху некъаш тодарна а лерина Нохчийчохь кхочушъеш федеральни а, республикин а цхьамогIа программаш ю. Цу могIарерчу программин декъехь 2015-чу шарахь дIахьош бу Ойсхара – Курчалойн-Эвла – Мескер-Эвла некъ тобаран а, НогIамирзи-Юрт – Лаха-Невре – Аьхкинчу-Борзе некъ тобаран а белхаш.
ДIадаханчу шарахь министерствос кхочушдинчу белхашна юкъахь ду Ойсхара – Курчалой-Эвла – Мескер-Юрт некъан 18-чу километрехь долу тодина тIай а, БIачи-Юрт – Ялхой-Мохк некъа тIехь дина ши тIай а, Эшилхоте а, Келой-Эвла а воьдучохь дина ши тIай а, БIачи-Юрт – Ялхой-Мохк – Сесана – Нажи-Юрт – Дагестанан дозанан некъан 26-чу километрехь дина тIай а. Иштта цу юкъахь ду Улус-Керта, Макане, Iели-Юьрта, М-29 «Кавказ» некъа тIера ГIойтIа, СемаIашкара Керла-Шара, Ищерски – Соьлжа-ГIала некъа тIера СемаIашка, М-29 «Кавказ» некъа тIера Шалаже, Элистанжа, ТIехьа-МартантIе доьлху некъаш а, Майртуп – Хьиди-КIотар, Эна-Хишка – Соьлжа-ГIала, Шела – Тевзана – Элистанжа – Ведана, Гуьмсе – Къеди-Юрт, ЦIе-Ведана – Хьаьжи-Эвла – Гуьна некъаш а.
Цул сов, лакхахь билгалъяьхначу федеральни а, республикин а программийн декъехь автомобилийн некъийн министерствона юкъайогIучу предприятийн белхахоша денна къахьоьгу бахархоша пайдаоьцуш долчу некъашна Iуналла деш а, уьш тодеш а. Ойла йича, некъан бахаман белхахоша бахархойн дахар, юкъараллин хьал, республикин куц-кеп тодарехь доккха дакъа лоцу. Церан болх юкъарабаьлча хIун хьал хир дара-те вайн республикехь аьлла, ойла кхоллаелча, бIаьргашна хьалха ирча сурт хIутту. Вайна массарна дагадогIу дукха хан йоццуш Нохчийчохь хиллачу тIемаша дохийна вайн некъаш, урамаш муьлхачу хьолехь дара. Некъаш вуон хилар бахьанехь машенашца дIасалелар вуно хала хуьлура. Къаьсттина эрчадолура некъан боламан хьал шийлачу хенахь. Гурахь догIанаш дуьйладелча хIорда чухула санна, некъашкахула дIасалелара машенаш. Халонаш, дийцина ца валлал, дукха яра. Ткъа хIинца, Делан къинхетамца, де-дийне мел долу кхуьуш ю вайн республика, цуьнца цхьаьна хазлуш, шарлуш ду вайн некъаш а.
А.ВАХАЕВА
№115, еара, 15 октябрь, 2015 шо