Нохчийчохь контртеррористически операцеш дIахьочу муьрехь вайн аренашка, хьаннашка ехкина эзарнашкахь минаш яра. Царах дукхахъерш дIаяьхнехь а, хIинца а вайн дуккха а латтанаш минех цIандаза, къух даьлла лаьтташ ду. Изза хьал ду хьаннашкахь а. Царах пайдаэца йиш ца хиларал совнаха, адамашна кхераме а ю и меттигаш. И хьал шен хаддазчу тергонехь латтош волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана федеральни тIегIанехь дуккхазза а юкъадаьккхина Нохчийчуьра латтанаш минех цIандан дезаш хиларан гIуллакх. Цо иштта дIахаийтина минаш дIаяхарехь беш болчу белхан ша хиллане а реза цахилар.
Цундела Кадыров Рамзанан лехамийн дакъа доцуш дац аьлла хета хIокху деношкахь Къилбан тIеман округан бIаьхошна «Уран-6» цIе йолу робототехнически кхоъ комплекс яийтина хилар. Уьш яхкийтина Нохчийчохь а, ткъа иштта ГIалгIайчохь а инженерни-саперни белхаш дIабахьийта.
Къилбан тIеман округан пресс-службера кхаьчначу хаамашца нийса а догIуш, «Уран-6» робототехнически комплексаш Нохчийчу хьовсон езаш ю. Цара дуккха а лакхайоккхур ю минаш а, лелхарна кхераме йолу хIумнаш а лахаран белхан эвсаралла. «Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а аренашкара минаш лохуш, дIайохуш болх беш болчу саперашна доккха гIо хир ду и комплексаш схьаеача. Цара лаххара а 15 процентана лакхайоккхур ю церан белхан эвсаралла», – элира Къилбан тIеман округан пресс-службехь.
«Уран-6» робототехнически комплекс гайтира «5–6-чуй октябрехь Ростовехь дIабаьхьначу Къилбан тIеман округан инновацийн де» цIе йолчу гайтамехь. Оцу гайтамехь иштта дIахIиттийна яра оборонан министерствехь, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствехь, МЧС-хь шех шуьйра пайдаоьцуш йолу леррина техника. Керла юкъадевлла герзаш, кхиерш. Ерриге а 50 гергга экспозици яра гайтамехь. Царна юкъахь а шена тIе тидам боьдуш яра «Уран-6». Иза ялх тонна еза ю. Иза сохьтехь 15 километр чехка йоьду. Минаш а, лелхаш долу кхин герзаш а схьалохуш гIирсаш бу цу тIехь. «Уран-6» комплекса тIехь йолчу еа видеокамеро операторна таро ло болх бечу меттера массо а хIума ган.
И башха техника вайн республике герггарчу цхьана-шина баттахь кхочур ю.
С.ХАМЗАТОВ
№115, еара, 15 октябрь, 2015 шо