«Россин фармацевтийн школа»

Iилманан-производственни медико-биологин  «Цитомед» комплексо (MБ НПК «Цитомед») а, Санкт-Петербургерчу химико-фармацевтан академис (СПХФА) а, Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствоца  цхьаьна дIахьош ю лакхарчу  классашкарчу дешархошна лерина йолу «Россин фармацевтийн школа» регионашна  юкъара кхоллараллин конкурс.

Конкурс кхаа муьрах лаьтташ ю.

 Хьалхара мур – «Россин фармацевтийн  школа» школийн дIакъасторан конкурсаш;

ШолгIа мур – «Россин фармацевтийн школа» конкурсан регионан  финал;

КхоалгIа мур – «Россин фармацевтийн  школа» конкурсан Санкт-Петербургехь д1ахьош йолу регионашна юкъара финал.

Конкурсехь дакъалацаре кхойкху юкъарадешаран 10-чу классашкара дешархой а, юккъерчу лерринчу дешаран  заведенешкара 1-чу курсашкара студенташ а.

Конкурсан толамхойн а, совгIатан меттигаш яьхначеран а аьтто хир бу СПХФА-хь, «Фармаци», «Химически технологи», я «Биотехнологи» (харжа) говзаллаш караерзош маьхза деша. СовгIаташ лур ду регионийн а, школийн а муьрашкахь толамаш баьхначарна.

Регионашна юкъарчу кхоллараллин  конкурсан  коьрта Iалашонаш ю:

дешаран учрежденийн дешархойн кхоллараллин таронаш кхиор, Iилманан балхе  марзо кхоллар, кегийрхой корматаллина  тIехьовсор, фармацевтан  декъа  похIме, Iалашонна тIегIерта, дIадолор долу  кегийрхой  юкъаозор, и.дI.кх.

Конкурсехь дакъалаца кхитIе а хаа  луург хатта мегар ду:

тел: 9 (800) 333-59-64, e-mail: info @ pharm-sсhool. ru

№115, еара, 15 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: