Нийсоно толам боккхур бу

Цхьа шо сов хан яьлла Москвахь зулам дина аьлла чувоьллинчу кхаа нохчичун гIуллакха тIехь талламхошка   йист ца яккхалуш. Хьесапе эца ца туьгу уьш шайна хьалха хIиттош долу тоьшаллаш. ХIуъа дина а харцо толийта Iалашо хIоттийна цара.

  ГIуллакх ца хуьлу терго латторан органе – гIалин прокуроре дехар дича а, бехке беш болчарах цхьаьннан нанас, ЦIечу майдана а яьлла, ша-шена цIетосург хилар дIахьедича а. Бехк баккха хIума ца дуьтуш, нийсонна тIегIерта безачара шайн «нийсо» хьалхаяьккхина: бехке бу! Бакъду, дийнна шарахь иза тIечIагIдан бух ца карабо, тIехулара хьаьжча уголовни гIуллакх башха чолхалла йолуш дацахь а.

Оццул ехачу хенахь сел «чолхе» гIуллакх къасто ницкъ ца кхочуш хилларг хIун ду? Бехке беш болчеран адвокаташа чIагIдарехь, дIадаханчу шеран 21-чу сентябрехь 21 сахьт 20 минот яьллачу хенахь Староборовски некъа тIехь бохам хилира. Цига кхечира МЧС-н наряд. Хилларг къасточу юкъана белхахошна тIевеара,  хетарехь, нохчийн къомах жима ши стаг. Царна юкъахь дар-дацар хилира, тIаьхьо МЧС-н векалша кегийчу нахах цхьанна чIогIа йиттира, шайгара каска етташ цунна цIий а доккхуш.

Цул тIаьхьа девнна юкъабахара «нохчичунна» етта аьлла гIоьнна баьхкина болу цуьнан накъостий. Оцу кеппара цунах доккха дов хилира. Тасадалар дIадоьдучу хенахь гIоьнна баьхкинчарах цхьаммо шозза-кхузза травматикин тапча кхоьссира Iедалан белхахой болчу агIорхьа, талламан материалаша чIагIдеш ма-хиллара, царах цхьанна  чов а еш. Адвокаташа иштта чIагIдо хилам гинчара динчу тоьшаллашца питана теснарш а, цул тIаьхьа дов долийнарш МЧС-н белхахой хилла  хиларан а, уьш малар мелла  хилла хиларан а хьокъехь. Иштта хууш ду оцу дийнахь цара шайх цхьанна кIант вина де   билгалдоккхуш хилла хилар а.

2014-чу шеран 23-чу сентябрехь, и зулам дарна уьш бехке а  лерина, вежарий ЦетиевгIар Хьусейн, Сайд-Мохьмад, Ражапов Хьамид лецира. Октябрехь РФ-н УК-н 30-чу статьян 3-чу декъаца (стаг вен гIортар) догIуш зулам дина хиларан хьокъехь бехк тIе а божийра.

Бехке беш болчара шайна тIе ца лоцу и бехк. Цул совнаха, адвокаташа чIагIдо зулам дечу хенахь цара ларбеш берш цIахь хилла хиларан хьокъехь дуккха а барамехь тоьшаллаш хьесапе эца талламхоша дуьхьало еш хиларан хьокъехь. Цаьргахь долуш ду оцу хенахь видеокамерца даьхна суьрташ.

Талламхой тIетийжа МЧС-н белхахошна бехке беш берш бевзира бохучунна. Амма адвокаташа чIагIдарехь,  зулам ма-хилли бехке беш берш  бохам хиллачу метте балийча оццу белхахошна уьш ца бевзира. Амма мухха делахь а,  иза хилла масех де даьллачул тIаьхьа цара кегийчу  нахана тIе пIелг хьажийра. Цул совнаха, адвокаташа дийцарехь, цаьргахь ду талламхоша тешашна а, ткъа иштта МЧС-н белхахошна а ЦетиевгIар а, Ражапов а бехке вар тIедожо гIиртина хиларан бакъдерш. Иза чIагIдо некъан бохаман дакъалацархочо а: полицин белхахоша цунна С-М.Цетиевн сурт гайтира, зулам дарна иза бехке хилар тIечIагIдар а дийхира.

Адвокаташа иштта тидам тIебохуьйту талламан органаш уголовни гIуллакх къасторехь бакъдолчунна тIетийжа ойла йолуш цахиларна. Цхьана а кепара хьесапе оьцуш дац адвокаташна хеташ дерг, цара деш долу дехарш.

Оцу дерригено а бехке беш берш а, церан бакъонаш меттахIитто гIерташ берш а кхетийра бакъо толийта шайн ницкъ тоьарг цахиларх. Ишттачу меттигашкахь цхьа некъ бу эшам хиллачара, гIаддайначара, мискачара, бехк боцуш хьийзочара юьхьарлоцуш берг – вайн республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векал Нухажиев Нурди волчу боьдуш болу некъ. Дан амал доцуш висинчо тIаьххьара а цуьнга доьху орца, хIунда аьлча, хаьа цхьа гIо доцуш ша вуьтур воцийла. Нохчийчохь дика евза цуьнан цIе, адамашна цо дина гIо. Уггаре а коьртаниг – уьш теша Нурдига орца даккхахь шайн бакъо меттахIоттийна хирг хиларх, тIаьххьарчу сиза тIе кхаччалц оцу бакъонашкахьа цо юха ца волуш жигара къийсам латториг хиларх.

Иштта хилира хIинца а. Вежарша ЦетиевгIара а, Ражаповс  а адамийн бакъонаш ларъяран Векале дехар дира шайна тIехь еш йолу гIело сацаяйтар, нийсо меттахIоттор доьхуш. Ма-дарра дийцира бух боцуш кхоьллинчу гIуллакхан цхьа йист ца йоккхуш дийнна шарахь шаьш хьийзош хиларан хьокъехь.

Хьем ца беш дIаболийра Векала адамийн бакъонаш ларъярна тIехьажийна болу къийсам. Цкъа хьалха, иштта догIуш а ма-хиллара, Москва гIалин прокуроре Куденеев Сергейга дийхира оцу уголовни гIуллакхан духе кхиар а, нийсо меттахIотторехь гIодар а. Мел чIогIа халахеташ делахь а, даима а ца кхочу сихха хила лууш йолчу тIаьхьенашка. Иштта хилира ала мегар ду кхузахь а. ГIалин прокуроран заместитела Б.Марковс хаам бира бехке беш болчеран адвокаташа далош долу бакъдерш бух болуш цахиларан хьокъехь. Делахь-хIета, дийнна шарахь стенна латтош ду и гIуллакх суьде дIа ца дохьуьйтуш? ХIун хиларе (я ма-дарра аьлча, хIун яларе) хьоьжуш бу талламхой? ХIун бахьана ду иза сел чIогIа дахдаран?

Ишттачу хаттаршна хьакъ доллу жоьпаш хирг хиларх даггара тешна а волуш, Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала оцу харцонан уголовни гIуллакхах дерг яздина Россин Пачхьалкхан Думин кхерамазаллехула а, коррупцина дуьхьало ярехула а йолчу комитетан председателе Яровая Ирине. Нохчийчоьнан бахархойн  бакъонаш меттахIитторехь цуьнгара гIо хирг хиларх тешна а ву Н.Нухажиев. Иштта хилла кхул хьалха а. Нийсоно толам боккхур бу хIинца а.

Л.АБУБАКАРОВ

 №115, еара, 15 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: