Мисарна уллехь доьхна мигранташ тIехь хилла жима хIордакема. Цу тIехь хиллачарах 10 стаг кхелхина.
***
Камерун пачхьалкхан къилбаседехь шозза эккхийтар дина. Цигахь 11 стаг кхелхина, чевнаш хилларш шозза гергга алсам бу.
***
Хонкаран коьртачу шахьарахь Анкарахь теракт йича кхелхинарг верриге а 59 стаг ву, чевнаш хилла 246 стагана. Цуьнца доьзна кхаа дийнахь тезет кхайкхийра махкахь.
***
Россин кеманаша хIора дийнахь юккъерчу барамехь 60 тохар до «иблисан пачхьалкхан» гIеранаш йолчу меттигашка. И бахьанехь хьере хилла, Шемара дIасаида буьйлабелла террористаш.
***
Шеман Iедалан эскарша тIаьхьарчу масех дийнахь «иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара итт сов юрт а, цхьа гIала а схьаяьккхина.
***
США-н Iедало тIелаьцна Кундузерчу госпитальна бомбанаш тоьхча кхелхинчеран гергарчарна компенсацеш дала а, госпиталь метахIотто а.
***
Юха а тIаме доьрзуш ду Израилан а, Палестинан а дозанера хьал. Израило кеманашца тохар дар бахьанехь маьрша ши палестинхо велла. Иерусалимехь палистинхоша кхо стаг вийна, 20 стагана чевнаш йина.
***
НАТО альянса юкъайогIучу пачхьалкхийн парламентареша дIахьедина шаьш Россина дуьхьал йина санкцеш 2016-чу шарахь а дIаяха лууш цахилар.
***
Белоруссехь кIирандийнахь дIабаьхьначу президентан харжамашкахь, хIинца пхоьлгIа, толам баьккхина тахана а оцу даржехь волчу А.Лукошенкос.
***
Россин Президент В.Путин Сочехь цхьаьнакхийтира СаIудийн Аравин оборонан министраца а, Абу-Дабин паччахьан тIаьхьенах волчу принцаца а.
№115, еара, 15 октябрь, 2015 шо