Нохчийчоьнан юкъараллина масех хиламца билгалделира дIадахана кIира: шуьйра даздира республико гIалин а, хьехархойн а, кегийрхойн а денош. Амма царна юкъахь шен маьIна доккха хиларца хIумма а кIезигчу мехаллин боцу цхьа хилам – регионан кхечу мехкашца йолчу уьйрийн гуо кхидIа а шорбина болу кхин а цхьа хилам – мелла а шуьйра бовзаза бисира ала мегар ду вай долчохь.
Вай тешаш ду политик Кадыров Рамзан бахьанехь Герггарчу Малхбален дийнна цхьамогIа мехкашца, ша аьлча, СаIудийн Аравин, Хонкаран, Шемин, Иорданин (цуьнан паччахьо-м Рамзан шен ваша лору), кхечу пачхьалкхашца политикехь, экономикехь, культурин декъехь йолу вайн зIенаш хадазза шорлуш а, чIагIлуш а хиларан. Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца герггара зIенаш латтайо цигарчу куьйгалхоша, гIуллакхаллин адамаша, бизнесменаша, культурин векалша. Кест-кеста хуьлу вовшийн мехкашкахь хьошалгIахь.
ДIадаханчу кIиранчохь лакхахь цIерш яьхначу пачхьалкхашна тIекхийтира кхин а цхьаъ – ОвгIан. Къамел ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхарца оцу махкахь тIеман а, политикин а башха деятель санна вевзаш волу ОвгIан Республикин хьалхара вице-президент инарла Дустум Iабдул-Рашид вай долчохь масех дийнахь хьошалгIахь хилла хиларх.
Республикехь и политик шуьйра вевза олийла дац, шен махкаххьий, Юккъерчу Азеххьий цуьнан гIуллакхаш дика девзаш делахь а.
Мила ву ткъа вайн хьаша? Инарлин 61 шо кхаьчна. Шен махкахь тахана гIуллакх деш волчу шина вице-президентах цхьаъ, пачхьалкхан шозза Турпалхо, инарлин Танайн гIаттам бохийначу куьйгалхойх цхьаъ ву. Моджахеташна дуьхьал жигара тIемаш бира ОвгIанан демократически республика хиллачу муьрехь. Наджибулла коьртехь лаьтташ хиллачу правительствон гIо лаьцна. Тайп-тайпанчу тобанашна юкъахь къовсам баьржинчу хенахь шен куьйгаллина кIел хиллачу латтанаш тIехь пачхьалкх йиллира. 2009-чу шарахь дуьйна республикин герзашца кечбинчу ницкъийн коьртачу урхаллин штабан хьаькам ву. 2014-чу шарахь ОвгIанан хьалхара вице-президент хаьржина. Шен махкахь жигара къийсам латтош ву «Иблисан пачхьалкхан» тобанашца.
Цундела ларамаза дацара Дустум Нохчийчохь хилла хилар. СхьахIуьттучу суьртехь, цунна дика бевзачух тера дара Кадыров Рамзана шен накъосташца цхьаьна и ун даржар сацо Iалашо йолуш латтош болу къийсам, баьхна толамаш.
ТIаьхьо гучудаьлла ма-хиллара, оцу къийсамца доьзна дара инарла Соьлжа-ГIала вар а. Иза цо ма-дарра дIа а хаийтира: Нохчийчу веана терроризмаца къийсам латторехь тхаьш IаIийна зеделларг довзийта а, кхузахь дерг довза а.
«Ас а, Кадыров Рамзана а къийсам латтабо дуьненаюкъарчу терроризмаца. Оцу декъехь билггал коалици кхолла таро ю тхан, вовшех Iама а. Цкъачунна цхьаьнагIуллакхашдаран билггал проекташ яцахь а, иза данне а дац уьш хила йиш яц бохург. Иза тхох доьзна ду», – билгалдаьккхира инарлас. Шега хьошалгIа кхайкхарна Кадыров Рамзанна даггара баркалла а олуш, цо дIахьедира цхьаьнатоьхначу ницкъашца терроризмана дуьхьал жигара латточу къийсамо, дуьйцийла йоццуш, шен дика тIаьхьенаш лург хиларан хьокъехь.
Хьешо иштта тидам тIебахийтира «Иблисан пачхьалкх» ОвгIанах шен тIелетарш даран коьрта меттиг ян гIерташ хиларна. И кхерам дIабаккхарна Шемахь а санна, Кабулина а Россин гIо оьшуш хилар билгал а доккхуш, Дустума дIахаийтира терроризмаца къийсам латторан и тайпа зеделларг Нохчийн Республикехь дуйла шена хууш хилар.
Инарлина дика девзачух тера дара дукха хан йоцуш Нохчийчохь лаьттина хьал, къизачу тIамо бина эшамаш. Цунна дика гора Соьлжа-гIалахь а, ша хиллачу кхечу меттигашкахь а тIеман лараш дIайохуш нохчийн халкъо гайтина хьуьнар. Билггал бакъдолуш воккхавера иза цуьнан толамех. Тешара шен махкахь ши миллион стаг хIаллаквеш 40 шарахь лаьттина тIом шен чаккхене боьрзуш хиларх а, йохийна гIаланаш, хIаллакбина бахам, маьрша дахар, культура меттахIотторехь республикехь IаIийна зедделларг шаьш долчохь юкъадало таро хирг хиларх а.
Ткъа и зеделларг хилар сацам боллуш чIагIдо дуьненан экономикин а, дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн а Институтан (ИМЭМО РАН) Iилманан белхахочо Надеин-Раевский Виктора а. Цунна хетарехь, Кадыров Рамзанан тоъал долуш ду ОвгIанерчу доттагIашна довзийта зеделларг. Дуьненаюкъарчу терроризмаца къийсам латторан дахарехь зийна шен кепаш ю цуьнан, царах пайдаэцарехь хаъал баккхий кхиамаш а.
Экспертана хетарехь, Дустум Нохчийчохь хьошалгIахь хилла хиларан коьрта бахьана ду цуьнан махкахь долу хьал чолхе даларца, хьалхарчу октябрехь Кундуз гIалара лаьхкина болу талибаш овгIанан-таджикийн дозане бевлла хиларца. Ишттачу хьоло синтем ца байа ца тарло Россин а, оцу мехкан а куьйгаллин. Цу тIе, тайп-тайпанчу хьостанаша бечу хаамашца, бIеннаша талибаша хIинцале а дIахьедина «Иблисан пачхьалкхана» шаьш муьтIахь хиларан хьокъехь. Цо хьалха хIоттадо оцу боламца къийсам латторехь керла кепаш лахар, уьш юкъаялор. Ма-дарра аьлча, оцу мехкан вице-президентана Россис билггал гIолацар оьшу, иза хиларе са а туьйсу цо. ТIаккха мелла а кхеташ хуьлу инарла цIеххьана вай долчу хьошалгIа вар.
Россин хIаваан-тIеман ницкъаша Шемахь операци йолорах лаьцна шена хетарг а дийцира цо. Террористашца и къийсам мелла а хьалха боло безара аьлла хеташ ву иза, цигахь гIуллакх деш йолчу кхечу пачхьалкхаша цхьаьнагIуллакхаш дар вовшах а тухуш. Алссам пайда хир бу цунах Шемин правительствона а.
ОвгIанан хьалхара вице-президент инарла Дустум Iабдул-Рашид Нохчийн Республике хьошалгIа веана хиларан хьокъехь Instagramехь йолчу шен агIон тIехь хаам беш Кадыров Рамзана билгалдаьккхира дийцарш дар, дийнна схьаэцча, терроризмаца а, ткъа ша аьлча, «Иблисан пачхьалкхаца» а къийсам латторан гIуллакхех лаьцна хиллехь а, тидамза ца дисира дахаран кхидолу гIуллакхаш а: экономикин, махлелоран, культурин декъехь цхьаьнагIуллакхаш дар. Иза тешна ву тахана тасаелла уьйраш тIейогIучу хенахь дикка чIагIлург хиларх, цара шина а агIонна пайда бийриг хиларх.
Оцу хиламца доьзна кхин цхьаъ ду кхузахь билгалдаккха догIуш. Луларчу пачхьалкхера лаккхарчу даржера векал хьошалгIа вар, кхузара зеделларг цунна довза лаар кхин цхьа башха тоьшалла хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан сий-ларам дуьненахь лакхаболуш хиларна. Дуьненахь иза вевза шен халкъан зовкхан дуьхьа вехаш волу куьйгалхо санна, дуьненаюкъарчу терроризмаца машаре воцу къийсам латторхо хиларе терра. Цунна къеггина тоьшалла хилира дукха хан йоццуш вайн республикехь хIаллаквина кхоъ террорист. Нуьцкъаллин органашкахь чIагIдеш ма-хиллара, Шемахь «Иблисан пачхьалкхан» Iаморан туьшашкахь кеч а бина, чубахкийтина хиллера уьш Нохчийчохь терроран ун даржадайта, Iехабелла кегийрхой шайн могIаршка юкъаийзабайта.
Кхин хIумма а ца хилча а, дуьххьалдIа оцу цхьана операцис а гайтира иблисаша шайн боьха гIуллакхаш лелийна хан юхайоьрзур йоцуш чекхъяьлла хилар. Регионан экономика, халкъан дахаран хьал лакхадаккхарна тIехьажийна деш долчаьрца цхьаьна иза а ду Р.Кадыровс шен дай баьхначу лаьтта тIехь оцу кепара деш долчу гIуллакхийн вайн мехкан куьйгалло санна, ткъа иштта терроризман къизалла гинчу кхечу мехкашкахь а лаккхара мах хадош, цуьнан сий-ларам лакхабоккхуш дерг.
Электронни гIирсийн хаамех бIаьргтоьхнарг – Л.МАГОМАЕВ
№115, еара, 15 октябрь, 2015 шо