Мухьаррам бусалбанийн шеран (рузманехь) хьалхара бутт бу. Зуль-хьиджа бутт шеран тIаьххьара бутт бу. Делахь-хIета Мухьаррам баттаца дIадолало бусалбанийн керла шо. Кху шарахь иза 14-чу октябрехь дIадоладелла. Бусалбанийн шераш, беттанаш дагардар дIадолийна Мухьаммада Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Маккара Мединате хIижрат динчу ханна тIера. Ткъа иза хилла Милядин рузманца (иза юкъаяьккхина Iийса пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) винчу шарахь. Малхаца дIахьош ду цуьнан денош дагардар. Тахана йолчу кепехь и рузма юкъаяьккхина 1582-чу шеран 15-чу октябрехь) 622-чу шеран 16-чу июлехь, Мухьаррам беттан хьалхарчу пIераскан дийнахь.
Бусалбанийн рузманах беттан рузма а, хIижратан рузма а олу. Цунах беттан рузма аларан бахьана ду хан (денош), баттаца, беттан гуонашца ягаръеш хилар. Беттан рузманан шарчохь 354, 367 де ду. Оцу хенахь батто 12-зза гуо тосу Лаьттана (Дуьненна). Беттан шо Маьлхан шарал 10, 875 де доца ду. 32,5 шарахь динна цхьа шо вовшахкхета оцу денойх. Карадеънарг 1437-г1а шо ду.
Везачу АллахIа базбина баийтинчу беа баттах цхьаъ бу Мухьаррам. Далла хастам бу вай хIокху батте даьхна волчу. ХIара бутт закат дIалуш бутт бу. ХIокху баттахь доьхкуш ду тIемаш бар, вовшашца девнаш дахар. АллахIа Шен къинхетам къаьсттина алсамбоккху хIокху баттахь. Мухьаррам беттан уггаре а деза лоруш ду уьтталгIа де. Iашуран де олу цунах. Оцу дийнахь кхоьллина АллахIа Адам пайхамар (Делера салам хуьлда цунна). АллахIа оьгIазло йина ялсамани чуьра арадаьккхина хилла долу Адам пайхамаррий (Делера салам хуьлда цунна), Хьавай, Делан къинхетамца, Iарафат ломахь юха а цхьаьнакхетта де ду иза.
Везачу АллахIа дуьнен чу хIорд баржийначул тIаьхьа Нохь пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) ной (хIордакема), лаьтта тIе а кхаьчна, сецна, цу тIехь мел хилла са (адамаш, дийнаташ, сагалматаш, и.дI.кх.) лаьтта тIе доьссина цу дийнахь.
Iашуран де дара ИбрахIим пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) цIеран балех, Аюб пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) цамгаран балех, Юнус пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) чIеран балех хьалхаваьккхинарг. Дала шен къинхетам гучубаьккхина де ду иза.
Мухьаррам беттан хьалхарчу итт дийнахь марха кхабар деза суннат ду. Къаьсттина деза лерина хIокху беттан 9-10-11-чуй деношкахь марханаш кхабар. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисехь аьлла: «Везачу АллахIа Iашуаран де кхечу денойл а деза дина. Дала оцу дийнахь кхоьллина стигланаш а, латтанаш а, хIорд а, седарчий а, маликаш а, Iалам а, Адам пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) а, ИбрахIим пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) а». (Муслим).
Кхечу хьадисехь боху: «Iашуран деношкахь марха кхаьбначун дIадаханчу шеран къиношна гечдийр ду. СагIийна цкъа кхаллал хIума еллачунна Дала Ухьуд лам санна йоккха ял лур ю». (Муслим).
Везачу АллахIа пурба лойла вайна сийлахьчу Мухьаррам беттан а, Iашура дийнан а бан ма беззара лерам бан, хьурмат дан.
Дала беркате, маьрша, токхе, ирсе хуьлуьйтийла вайна хIара 1437-гIа шо!
Д.ХАМЗАТОВ
№115, еара, 15 октябрь, 2015 шо