Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата стомара Москвахь «Росси – тахана» МИА-н студехь мультмедийни пресс-конференци дIаяьхьира. Цигахь коьртачу декъана дийцира «иблисан пачхьалкхана» дуьхьал къийсам дIабахьарх а, терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарехь Нохчийчоьнна зеделлачух а лаьцна.
Уггаре а хьалха министра билгалдаьккхира нохчийн юкъаралла цхьаьнатохарехь, Нохчийчуьра дуьненаюкъарчу терроризман ун дIадаккхарехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лелийна маьIна. «Сийлахь Ахьмад-Хьаьжа шен балхахь тIетийжаш вара Сийлахьчу Къуръанна а, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а, суннаташна а, нохчийн халкъан гIиллакхашна а, Iадаташна а. Оха цкъа а къобал ца бина терроризман некъ. Тахана, къоман баьчча Кадыров Рамзан коьртехь а волуш, тхан регион машаран а, кхиаран а некъа тIе хIоьттина, дуьненаюкъарчу терроризман букъадаьIахк а кагйина», – дIадолийра Д.Умаровс шен къамел.
Шемин «SANA» хаамийн агентствон журналиста динчу хаттарна жоп луш, министра дийцира Шемахь бехаш болчу нохчашца вайн зIенаш хиларх лаьцна. «Кхечу кепара хуьлийла а ма дац, уьш ХIХ-чу бIешеран шолгIачу эхехь цига дIакхелхина белахь а. Оцу муьрехь эзарнаш нохчийн доьзалш дIакхелхина Хонкара, цигара – Иордани, Ираке, Шема. Уьш тхан вежарий бу. Цара а сагатдо Нохчийчохь, Россехь долчу хьолана, сема ладугIу кхузахь хуьлуш болчу хиламашка.
Севастополерчу журналиста хаьттира ГIирмин а, Нохчийчоьнан юкъара, цхьатерра догIуш хIун ду? – аьлла. Д.Умаровс дагадаийтира, цхьана хенахь Нохчийчохь санна ГIирмехь а дерриге а халкъан референдум дIаяьхьна хилар, цигахь дерриге а халкъо шена Россица цхьаьна хила лууш хилар гайтина хилар. Оцу исторически киртигехь Россин Президентан В.Путинан политически некъан а, ГIирмерчу халкъийн а ша гIолоцуш хилар уггаре а хьалха дIахаийтинарг Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хилар.
Иштта, вайн министра кхечу журналистийн хаттаршна жоьпаш луш дийцира республикерчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал бечу балхах лаьцна.
Пресс-конференци чекхйолуш СМИ-н векалша хаийтира шаьш Нохчийчу дахка а, регионна зеделлачух пайдаэца а лууш хилар. Министра дIахаийтира нохчийн махкахь хьаша даима а везаш тIеоьцуш хилар.
Д.АНАДЕВ
№115, еара, 15 октябрь, 2015 шо