Нохчийн Республикин некъан бахаман лараме ветеранаш, белхахой!
Даггара декъалдо шу корматаллин дезачу денца – некъан бахаман белхахойн денца!
ТIаьхьарчу шерашкахь республикин некъашкахь машенийн барам дикка алсамбаьлла хиларо некъашдахкархошна хьалха керла, кхин а даккхий, чолхе декхарш хIиттадо автомобилийн некъаш тодарехь а, Iалашдарехь а. Транспортан дIасалелар кхерамза хилийтаран жоьпаллин мохь, коьртачу декъана шун белшаш тIе бужуш бу.
Республикин экономика кхиорехь, автомобилийн некъо лелош долчу маьIнин, цо предпринимательство кхиарна, махлелор шордарна, дахарехь нислуш долу сиха гIуллакхаш кхочушдарехь беш болчу Iаткъаман мах хадийна вер а вац. Республикерчу хIора вахархочун дахарехь а дикачу агIор хаало некъаш кхерамза, шера, цIена, дика хилар.
Шеко йоццуш, кхузаманан технико аттачу боккху некъашдахкархойн болх. Амма цуьнан хала хилар дIа ца доккху. Шеран муьлххачу хенахь а, хенан хIоттам мухха хилча а, хуьлийла иза йовхонан бурко, догIа, ло – аш шайгара корматаллин хуьнарш гойту, автомобильни траспортана кхерам боцуш дIасалеларна бегIийла хьелаш кхуллуш. Шун къинхьегамо гIодо водительшна а, пассажирашна а, церан могашалла а, дахар а Iалашдан.
Вайн корматаллин дезачу дийнахь ас даггара баркалла, Дела реза хуьлда шуна боху, аш хIора дийнахь вуно хала, амма вайна массарна а оьшуш болу болх барна. Шун корматалла, гIуллакхаллин амалш, къинхьегам безар а Нохчийн Республикера некъаш кхидIа а толург хиларан закъалт ду. Со тешна ву Нохчийчоьнан некъашдахкархойн таханлерчу тIаьхьено автомобилийн некъаш кхидIа а тодарна, хаздарна юкъа хьокъала йоллу хазна юьллург хиларх, и дарца шайл хьалха хиллачеран къинхьегаман ламасташ керлачу кхиамашца, гайтамашца тIедузург хиларх.
ХIокху дийнахь суна къаьсттина декъалван лаьа №1 йолу Сийлаллин Некъашдахкархо – Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.
Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Республикин некъан бахаман оццул дика а, дукха а болх бан аьтто баьлла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьуьнар а, ахь тхуна деш долу гIо а бахьанехь, аш некъан декъа юккъе юьллуш йолу, йиллина йолу хазна бахьанехь. Аш иштта гIолоцуш ца хиллехь некъан бахаман белхахошка республикин некъашкахь оццул белхаш балур бацара. Шуьгара гIо-накъосталла хаддаза хаало тхуна тхаьш мел деш долчу гIуллакха тIехь.
Тхуна даггара лаьа хьан ондда могашалла, аьтто хуьлийла, ахь лелочух беркат хуьлийла, хьайн цIеначу некъа тIехь кхиамаш хуьлийла.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна, нохчийн дерриге а халкъана ас юха а дош ло Нохчийчоьнан некъашдахкархоша кхул тIаьхьа а иштта берриге а ницкъаш вайн республикерчу некъийн, тIайн хьелаш царах пайдаоьцучеран массеран а бIаьрг белош хилийтарна тIебахийта.
№115, 15 октябрь, 2015 шо