Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана бусалбанаш декъалбира хIижратан 1437-гIа шо а, сийлахь Мухьаррам бутт а дIаболабаларца. Декъалдар зорбатоьхна ду Р.Кадыровн инстаграмехь йолчу агIонехь.
«ДIаболабелла сийлахь Мухьаррам бутт. Дала базбинчу беа баттах цхьаъ бу хIара. Везачу АллахIа базбина хIара бутт. Рамадан бутт дIабаьлча хIокхул беза бутт бац. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла, Рамадан бутт дIабаьллачул тIаьхьа марха кхабарна уггаре а еза хан Мухьаррам бутт бу. ХIокху баттахь собаре, кIеда-мерза, гIиллакхе хила деза. Нахана восе хиндерг, халахетадерг, новкъа хиндерг лелон мегар дац. Деле дехарш дан деза къиношна гечдар доьхуш, тобанаш дан деза, Iамал-Iибадат дарехь совдовла деза!» – яздо шен декъалдарехь республикин Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана иштта шен декъалдарехь дIахоуьйту бусалбанийн ийман чIагIлойла, царах АллахIа Шен барх кхачор боцу къинхетам бойла шена чIогIа лууш хилар. «Лаьа шун ондда ийман хуьлийла, Лекхачу АллахIа вайх массарах къинхетам бойла, цомгашчарна Дала маршал дойла! Вай Везачу АллахIе доьху Мухьаррам бутт а, керла 1437-гIа шо а дуьненахь машар а, синтем а хиларан юьхь хилла дIахIоттийтар», – билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо инстаграмехь йолчу шен агIонехь.
№115, 15 октябрь, 2015 шо