Каратэхула Ерригроссин турнир – Шелахь

Шела гIалахь Нохчийн Республикехь дуьххьара дIаяьхьира шотокан WSF кепарчу каратэхула йоккха турнир. Цигахь дакъалецира Россин 22 регионерчу а, гIаларчу а, хьалха СССР-на юкъайогIуш хиллачу республикийн а командаша – верриге а 350 спортсмена. И къийсадаларш Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан винчу денна лерина дара.  Хонкарахь, Стамбул гIалахь хир йолчу Европин чемпионатехь дакъалаца Россин вовшахтоьхна команда къастош дара уьш.

 

WSF кепарчу каратехула Ерригроссин турнир схьайоьллуш Россин каратэн Федерацин Президента Котолкян Армена Шелан администрацин куьйгалхочунна Ибрагимов Турпал-Iелина совгIатана 3-чу данан Iаьржа доьхка а, цуьнан заместительна И.Масаевна 1-чу данан Iаьржа доьхка а делира. Царна баркалла элира и къийсадаларш дIадахьарехь гIо дарна.

Къийсадаларийн Турнирехь  хьалхара меттиг яьккхира нохчийн вовшахтоьхначу командо, шолгIа меттиг – Самарски областо, кхозлагIниг – Волгоградерчу командо.

Тоьллачарна совгIаташ делира Шелан районан администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас.

Шотокан кепарчу каратэн Нохчийн Республикин Федерацин Президента Сулейманов Руслана Шелан районан администрацин куьйгалхочунна Т-I. Ибрагимовна а, цуьнан заместительна И.Масаевна а баркалла элира турнир Шелахь дIаяхьарехь гIо-накъосталла дарна.

С.ЛАЛАЕВ

 

№116, шот, 17 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: