Предпринимателийн бакъонаш ларъярх…

Нохчийн Республикин прокуратурехь, республикин прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис куьйгалла а деш, дIаяьхьира предпринимателийн бакъонашларъяран ведомствийн юкъарчу белхан тобанан кхеташо.

Цигахь дакъалоцуш бара таллам латторан органийн, предпринимателийн юкъараллин цхьаьнакхетараллийн векалш, республикин прокуратурин аппаратан жоьпаллин белхахой, районийн прокурораш.

Кхеташо дIайолош, Ш.Абдул-Кадыровс билгалдаьккхира предпринимателийн бакъонаш ларъяр республикин прокуратурин коьртачех цхьа декхар хилар.

– Предпринимательство кхиор а, юккъерчу классан позицеш чIагIъяр а лерринчу тергонехь латтадо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, – бохура республикин прокуроро.

Карарчу шеран 11 баттахь, предпринимательствон бакъонаш ларъярехь долу законодательство кхочушдеш,  4,5 эзар закон талхор Iорадаьккхина республикин прокуратурин органаша, цу хьокъехь прокурораша тидаме эцаран 1300 сов акт а хIоттийна.

Юридически нахана а, индивидуальни предпринимательшна а 2014-чу шарахь планаца дIахьон болу талламаш бан пачхьалкхан органийн а, муниципальни а тергояран планашца хIоттийна вовшахтоьхначу плана юкъара 96 проект теллина.

Прокуроро 300 сов тергояран акт тIеэцна меттигашкахь шаьш урхалла даран органаш муниципальни талламан административни регламенташ хIитторна тIеерзоран Iалашонца.

Меттигашкахь шаьш урхалла даран ерриге а огранашна йовзийтина талламаш дIабахьа хIиттийна йолу планаш, хIунда аьлча, и планаш евзаш хилча, бахамаш лелош йолчу субъектийн таро ю законехь нийса боцу талламаш ца байта.

Талламаш дIабахьаран план хIоттош республикин прокуратурин органаш хьаьвсира таллам дIабахьаран органийн бахамаш лелош йолчу субъекташна талламаш дIабахьа леринчу 8 эзар сов юкъадалоре, царах 2 эзар гергга юкъадалор д1а а даьккхира.

Карарчу шарахь прокуратурин дIадолорца Нохчийн Республикин Парламенто тIеэцна «Нохчийн Республикин предпринимателийн бакъонашларъяран хьокъехь» долу закон а, «Декхарш а, пенешкахула долу ахча а, региональни налогашкахула долу гIуданаш а такхар кхочушцадан  хьокъехь» долу закон а.

Циггахь доклад йийшира отделан лакхарчу прокуроро Тагаев Артура.

Жима а, юккъера а бизнес кхиорехь йолчу программи юкъахь бича, дика хинболу хийцамех лаьцна дийцира кхечара а.

Кхеташонан жамI деш, республикин прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис билгалдаьккхира юридически нехан а, индивидуальни предпринимателийн а бакъонаш ларъярна прокурораша къаьсттина тидам тIе бахийта безарг хилар.

Р.МУСИПОВ

Авторан сурт

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: