Кегийрхойн кхиамаш

ХIокху деношкахь Нижегородски областан Бор гIалахь дIаяьхьира кхиазхойн греко-римски охьатохархлатарехула Олимпийски чемпионна, Россин хьакъ волчу тренерна А.Парверовна лерина йолу Ерригроссин турнир.

Вайн республикера цигахь дакъалоцуш 4 спортсмен вара. Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Вайн махкахошна юкъахь Хьалхара меттиг яьккхира Забаев Ислама (42 кг) – ДЮСШ №7, шолгIа меттиг яьккхира Бибулатов Сайд-Селима (58 кг) – ДЮСШ №7. Ала деза, цигахь толам баьккхина спортсменаш Россин вовшахтоьхначу командина юкъабоьлхуш хилар, церан йиш хир ю дешаран – тренировочни сборашкахь дакъалаца. Иштта, Марий Эл республикера вайн махкахочо, РДЮСШ-н векала Адаев Мохьмада  (100 кг) а яьккхира кхоалгIа меттиг, цуьнан тренер ву Тулаев Бислан.

Доккха баркалла ала лаьа вайн республикера толамхой Iамийначу тренершна А.Магомадовна, Б.Тулаевна.

 

З.ШИШХАНОВА

№116, шот, 17 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: