Иштта яра кху деношкахь Россин Турпалхочун, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу майданахь дIаяьхьначу гIоьналлин акцин цIе. Иза дIахьош яра гIоьналлин фестивалан «У беды нет нации» проектан гурашкахь. И мехала гIуллакх «Интерактив» организацис вовшахтоьхнера «Единая Россия» партин Нохчийн Республикехула йолчу региональни отделенин а, Соьлжа-ГIалин мэрин а, Нохчийн Республикин кегийрхойн Парламентан а гIоьнца Фестиваль дIахьош яра заьIап берашна гIоьнна лерина.
Цу мехалчу гIуллакхехь дакъалаца баьхкинера «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин Региональни исполкоман куьйгалхо Зайналабдиев Валид, Нохчийн Республикин кегийрхойн Парламентан векалш, иштта Дагестанера а, Къилбаседа ХIирийчуьра (Алания) а, Кхарачойн-Чергазийчуьра а хьеший.
Цхьаьнакхетар долош вистхилира Зайналабдиев Валид:
– Вай тахана вовшахкхетта заьIап берийн самукъадаккха. Уггаре а хьалха цу берашна гIо деш, церан могашалла Iалашъярна боккха тидам тIебохуьйтуш, реабилитацин туьшаш еш, могашалла ледара йолчу берашна дарба дойтуш, уьш дозанал арахьарчу пачхьалкхашка дарба дайта дохуьйтуш ву вайн республикин Куьйгалхо, «Единая Россия» партин лаккхарчу советан декъашхо Кадыров Рамзан а, дерриге а дуьненахь евзаш йолу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Региональни юкъараллин фондан президент Кадырова Аймани а.
Тахана вайн республикехь Къилбаседа Кавказан республикашкара дуккха а хьеший бу, реабилитацин туьшашкара бераш а ду. Цундела таханлера фестиваль дуккха а къаьмнийн фестиваль ю ала мегар ду, – элира цо.
Бераш вайн кхане ю. Вай церан дуьхьа дехаш ду. Дала маршалла дойла царна, ирсе дахар, ондда могашалла лойла царна.
Берийн самукъадаккха баьхкинера Россин эстрадин артисташ: Шаляпин Прохор, Зацепин Антон, Сабрина, Мулат. Берашна доккха совгIат хиллера цкъа а гина боцу артисташ гича. Артисташа шайн концертни программица самукъадаьккхира церан. Артисташца суьрташ а дохуш, цаьргара бераша автографаш а оьцуш ерзийра гIоьналлин фестиваль.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Реабилитацин туьшан бераш
№116, шот, 17 октябрь, 2015 шо