Дешархошца доьзна дахар

Соьлжа-ГIаларчу №26 йолчу школехь дешархошна дукхаезаш ю оьрсийн мотт, литература хьоьхуш йолу Дудаева Роза.

IMG-20150930-WA0030

ЦIера Девкар-Эвлара ю иза. Цигахь юккъерчу школехь дешна цо. Хьехархошна цуьнгахь уггаре а дикахеташ дерг дара школехь доьшучу хенахь цунна нохчийн а, оьрсийн а меттанаш цхьатерра дика хаар. Ингалс меттан хаарш а кIорггера дара цуьнан. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахула хуьлучу олимпиадашкахь жигара дакъалоцура Розас, толамаш а бохура. Школехь дешна яьллачул тIаьхьа, 1989-чу шарахь иза деша яхара Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете. 1994-чу шарахь университет чекх а яьккхина, иза Соьлжа-ГIалара  №26 йолчу школе балха еара. ХIетахь дуьйна цигахь болх беш ю иза. Школе балха яхча, бераш харцахьа лелаш хиллехь а, цунна уггаре а тайнарг  бераша иза езаш тIеэцар дара. Цундела, къоначу хьехархочунна хала ца карийра цаьрца бийца мотт. ХIетахь  яьккхина дика цIе тахана а йоккху цуьнан.

Дуьненан бахамна тIаьхьа бовлий, лаккхара алапа лучу балха баха сатосий хуьлу цхьаберш. Ткъа Роза иштта яц. Шегара нахана пайда а хир болу, шен дагна хьаам а хир болу некъ лехира цо. Цунна иза карийра. Берашна дукхаезна ца Iаш, церан дай-наноша а баркаллаш олу Розина.

Соьлжа-ГIалин мэрис 2013-чу шарахь елла  цунна грант, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а, министран а,  Соьлжа-ГIалин дешаран департаментан  а Сийлаллин грамоташца  совгIат  дина ю иза.

«Тахана хьайн корматалла хийцалур ярий хьоьга?» аьлла шега хаттар дича, цо иштта жоп делира: «Школа а, бераш а доцуш суна сайн дахар ца го».

 

З.ЛОРСАНОВА

Авторан сурт

№116, шот, 17 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: