Жигарадаьккхина могашалла таллар

Вайн республикин бахархошна юкъахь диспансеризаци яран а, прививкаш яран а гIуллакх жигара дIахьош ду.

privivka

Къоначу дай-нанойн хаарш цахиларна, цара шайн доьзалшна прививкаш яйтарна дуьхьало еш меттигаш нисло. Халахеташ делахь а, прививка ца йича йиш йоцуш  хилар массарна а ца хаьа.

Прививкаш яран хьал довзаран лаамца кхечира тхо  ТIехьа-Мартан районан больнице. Цунах лаьцна дийцира  больницан коьртачу лоьран заместитела Джамурзаева Асмаликас.

«Бер дуьнен чу даларца дIадолало цунна дуьххьара прививкаш яр. Уьш хуьлу хIокху цамгаршна дуьхьал: туберкулез, гепатит В, коклюш. Гепатит В-на дуьхьал еш йолу прививка берана цкъа йича, цул тIаьхьа кхин цхьа бутт баьлча юха а ян езаш ю. Берийн шо кхачале йина хила езаш ю цунна столбняк, коклюш  цамгаршна дуьхьал вакцинаци. Иштта, кхидIа а бер доккха мел хуьлу а, шен хене хьаьжжина кхийолу прививкаш ян еза цунна. Шайн доьзалшна прививкаш яйтарна дуьхьал хуьлу цхьаболу къона дай-наной. Прививкийн мехалла царна цахааран билгало ю иза. Билгалъяьккхина прививка йича хийцамаш хила тарло. Масала, столбняк цамгарна дуьхьал йолу прививка йича, дагар хуьлий а, цхьацца хийцамаш хуьлу. И бахьана прививкаш ярна дуьхьал хуьлу цхьаболу дай-наной. ТIаьхьарчу хенахь чIогIа юкъадаьлла ду, наноша интернет-сайташкахула наха прививкех лаьцна дуьйцучу харц къамелашка ла а дугIий, царах теша а теший, шайн доьзалшна прививкаш цаяйтар. Интернета чохь дуьйцучу массо а хIуманах теша мегар дац. Царах тешаш болчаьрца профилактика яран Iалашонца къамелаш до.

Берашна цIахь прививкаш яр дихкина ду. Уьш больнице, берийн отделене схьа а кхойкхий, йо царна прививкаш. Школехь доьшучу берашна а шайн-шайн хенахь прививкаш йо. Дешархой дукха хиларе терра, уьш берриге а больнице схьакхойкхийла дац, цундела медйижарий школашка дIасабоьлху. Дифтерия, столбняк, коклюш цамгаршна дуьхьал йолу прививкаш йо дешархошна дукха хьолахь.

Цхьаболчарна ца хаьа, коклюш уггаре а кхерамечех цамгар юйла. Цунах шайн доьзал ларбан хьовса беза дай-наной. И цамгар  кхетча, чIогIа гатдой хьовзадо цо адам. Оцу шатайпачу йовхорша, бакъонца, кIелдуьту адам.        Цундела, оцу цамгарна дуьхьал прививка яйтар вайх хIораннан а декхар ду. Дифтерия а чолхечу цамгарех цхьаъ ю. Дагадаийта лаьа, 1995-чу шарахь Нохчийчохь оцу цамгарех дуккха а бераш кхелхина хилар. ТIаккха хаа мегар дара-кх и мел кхераме цамгар ю. Уггаре а ларъян езаш ю гриппана дуьхьал ян еза прививкаш. Кегийчарна а, баккхийчарна а шарахь массийтазза кхета тарло грипп. Шен хеннахь цунна дуьхьал прививка ца йича, иза чолхечу хьоле ерза тарло. Иза, дийца а ца оьшуш, массарна хууш а ду. Иштта, организацешкахула д1асалелаш а йо оха прививкаш.

ХIора ден, ненан прививкех а, цуьнан тIаьхьлонах а лаьцна шен цхьа ойла хир ю, амма царна хетарг бахьанехь бераш цомгаш хилийта ца лаьа. Царна хаийтархьама а билгалдаккха луур дара,  берана цамгар кхетча, хьалха иза прививка йина дацахь, цо и цамгар хала токху, цунна шен хеннахь прививка йина хилча мелла а атта лов», – дийцира Асмаликас. Бахархой могаш хилийтархьама шаьш къахьега лууш хилар хоуьйтуш дерзийра цо шен къамел.

 

З.ХАСИЕВА
Авторан сурт

№116, шот, 17 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: