Къилбаседа Кавказехь дIабоьлхуш луьра тIемаш болчу хенахь Закавказски фронтан Къилбаседа группин эскарийн ТIеман Совето лаккхара мах хадабора 30-чу дивизи юккъехь а болуш майра тIемаш беш болчу нохчийн. Оцу фронтан командующис инарла-лейтенанта Масленниковс Нохч-ГIалгIайн партийни куьйгалле даийтинчу баркаллин кехата тIехь яздора: «нохчий сан уггаре а тоьлла разведчикаш бу, чIогIа леташ бу уьш… алссам иштта нохчий лойша суна, оха уьш 30-чу дивизехь цхьаьнатухур бу».
Цу тайппана дехарш, баркаллаш, кхайкхамаш тайп-тайпанчу фронташкара дукха кхочура. Цара доьхура шаьш долчу нохчий хьовсор. Оцу тайпанчу тептарийн цхьа дакъа Iалашдеш дара республикин тIеман комиссариатехь а.
Кашурко Степана яздина: «Суна а, нохчийн а, гIалгIайн а цIе еза, сийлахь хеташ мел волчунна а хала ду Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронташкахь шайгара майралла, стогалла, доьналла гайтинчу хIора нохчичунна хьакъ дерг дIакхачо, цуьнца лелийна харцо дIанисъян. ХIунда? Дера ду Сталинан омрица тIеман архивашкара кавказхойн-бIаьхойн турпалаллин хьокъехь долу тоьшаллаш хIаллакдина хиларна. Вайн ирсана, архивашкахь болх бечарна юкъахь цIена, хьанал адамаш хилла. Цара шайн ницкъ кхочург дерриге а дина фронтера тептарш Iалашдархьама. Iалашдан аьтто баьллачу тептаршкахь гуш ду турпалаллица эгна болу дуккха а нохчий, тIепаза байна бохуш дIаязбина хилар. Нохчийн турпалалла ца гайтархьама лелош хилла и харцо. ХIунда аьлча оцу халкъана тIехь латтош долу Iазап, цунна деш долу таIзар бехказа даккха ма дезара. Ткъа оцу Iалашонца оцу халкъана тIехь доцург кхуллура, иза бехдора, сийсаздора, турпалхой къайлабохура. Нохчий ямартхой бу алархьама лелош дара и дерриге а.
ТаIзарш динчу халкъашна дуьхьал мел йоккха харцо лелийна хиира суна Даймохк ларбеш тIепаза байнарш лохуш волчу хенахь. Со уьш лаха волавеллера царах эхь-бехк хетта а, маршала Коневс тIедилларца а… Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман некъашца дахаран Ерригсоюзан Коьртачу штабана коьрте иза хIоьттича, со цуьнан геланча вара. Ас кхолламна хастам бо и цIена, майра стаг сайна вовзийтарна. Хьаххийначуьра аьлча, и бахьанехь кIелхьара велира со лакхарчу даржашкахь болчара «ямартхошкахьа: нохчашкахьа а, гIалгIашкахьа а» озабезамаш барна бехкеван гIертарх. ЦIеяхханчу бIонбаьччано олура соьга:
– Хьан декхар ду жимачу халкъана шена тиллина харц цIе, хьакъ доцу хIост тIера дIадаккха гIодар.
Гитлеран «Эдельвейс» планехь (иштта цIе яра Кавказ схьаяккхарехьа дIахьочу операцин) мехала меттиг дIалоцуш дара Соьлжа-ГIала схьаяккхар. ТIемаш дIахьочу хенахь фашистийн техникина бензин а, хьакхаран материалаш эшар, уьш ца тоар тIеттIа алсам хаалуш дара. «Кавказ схьаяккхар немцойн, мехкашдIалецархойн дукха геннара схьабогIуш сатийсам бу», – яздина «Кавказ яккхарехьа тIом» цIе йолчу шен статья тIехь М.И.Калинина. 1942-чу шеран 17-чу сентябрехь Соьлжа-ГIала а, 25-чу сентябрехь Баку а схьаяккха дагахь хилла фашисташ.
«Кавказана тIелеташ долчу «А» эскаршна тIаьхьа хIиттина йогIуш ю Майкопехь а, Соьлжа-ГIалахь а, цул тIаьхьа Бакухь долчу мехкадаьттанах гIуллакхден йолу командаш», – яздора Гитлеран эскаран полковник хилла волчу В.Адама…».
Моздок 1942-чу шеран 25-чу августехь схьаяьккхинчул тIаьхьа Берлинан радиочухула дIакхайкхийнера: «Iалхан-Чуртан аренан кевнехь лаьтташ ду тхо. Ткъа цунах мехкадаьттан бух олу». Соьлжа-ГIала схьаяккха дисинарг «масех сахьт бен дац», – яздина гитлеровски «Ангриф» газетан тIеман корреспондента.
Майкопехь Iаш яра Германин мехкадаьттан трест, шена юкъахь берриге а инженерни белхахой а болуш. Соьлжа-ГIала дIабаха кечбелла Iаш бара уьш. Немцойн дивизионни газетийн типографешкахь кечдина охьадехкина дара «24-чу августехь Соьлжа-ГIала схьаяккхаран хьокъехь» долу газеташ.
1942-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь хиллачу «Комсомольская правда» газетан фронтовой корреспондента «Соьлжа-ГIали тIехула суйнаш» цIе йолчу шен очеркехь яздора: «Соьлжа-ГIалах фронтана юххера гIала олура… Адамаш тобанашкахь военкоматашка оьхура: повесткашца а, шайн лаамехь а, Даймахкана орцахбовла лаарца. Цига оьхура божарий а, зударий а, мера кIел хинчо а балаза кхиазхой а, къоьжа ветеранаш а… Масала, Вашандара юьртара къано Ильясов ИсIела веанера гIала. Кехатан цхьана цуьрга тIехь яздина заявлени дохьуш: «67 шо ду ас хIара латта хьоьшу, делахь а со хIинца а доьналлехь ву. Сан ницкъ а, могашалла а ю ЦIечу Эскарехь гIуллакхдан. МостагIчунна бекхам бан лууш буьйсана наб кхеташ вац со. Цундела ас доьху суо къоман дошлойн дивизин могIаршка дIаязвар. Сан дехар кхочуш ца дар суо цаларар санна хетар ду суна». Кхиазхой а, къаной а, оьрсий а, нохчий а, гIалгIай а мехкадаьттан Соьлжа-ГIала ларъян дIахIиттира. Севастопалан а, Сталинградан а хьу хаалора кхузахь а…
Гитлеран Германехь вовшахтоьхнера леррина йолу «К» (Кавказ) штаб. Цунна тIедиллинера «Кавказехь куьйгалла даран урхалла кхолларна кечамбаран белхаш дIабахьаран декхар. «ДIалецначу малхбален областийн министерствоца» дага а девлла, Кавказ екъа езаш яра. Цуьнан «Iалашо яра къаьмнаш дIасадекъар». Масала, билгалдеш дара Нохч-ГIалгIайчоь Нохчийчоьне а, ГIалгIайчоьне а екъар.
1942-чу шеран июль беттан юккъехь ВКП (б)-н Нохч-ГIалгIайн обкомо билгалдоккхура «хIинца инзаре боккхачу тIеман юкъ къилбехь ю. Къилбехь боккха кхерам кхоллабелла. Ямартчу мостагIчо къаьмнашна юкъахь цабезам, жахьталла яржорхьама пайдаоьцу пропагандин а, шпионажан а берриге а гIирсах. Амма Германера фашисташ чIогIа галбевлира. Царна моьттинарг аьттехьа а цахилира. Советийн Союзан дерриге а халкъаш шайн Даймахкана тешаме хилла дисира. ТIамо кхин а чIагIдира вайн халкъашна юкъахь долу доттагIалла…».
1942-чу шеран аьхка дуьйна къаьсттина маьIна хилла дIахIиттира Волгин а, Теркан а бердайистошца, Сталининградана, Соьлжа-ГIалина, Орджоникидзена, Кавказан Коьртачу Дукъана гергахь дIахьош долу тIемаш. Кхузахь ялх беттан йохаллехь дIабоьлхуш къиза, луьра тIемаш бара. Уьш муха чекхбевр бу бохучух доьзна дерг Iаламат дукха дара. Къилбаседа Кавказан халкъаша оцу деношкахь чIагIбо гитлеран мехкашдIалецархошна дуьхьал дIахьош болу къийсам. Нохч-ГIалгIайн АССР-н къинхьегамхоша жигара гIо до ЦIечу Эскаран дакъошна хьалха лаьтта декхарш кхочушдарехь.
Саперийн 10-чу эскаран 1942-чу шеран 10-чу январехьлерчу омранехь бохура: «Нохч-ГIалгIайн АССР-н къинхьегамхой Iаьнан шийлачу хенахь эрна арахь, халчу хьелашкахь, яккхий халонаш эша а еш, кхиамца ларийра шайна тIедиллинчу декхарца». Эскаран омарца грамоташца а, мехалчу совгIаташца а билгалбаьккхира бIеннаш белхалойн, колхозхойн, говзанчийн, партийни, советски, бахамаллин белхахойн хьуьнаре къинхьегам.
1942-чу шеран аьхка, фронтера хьал къаьсттина карзахе долчу, Соьлжа-ГIала тIеман зилехь ю ала мегар долчу хьолехь нисъелча партин Нохч-ГIалгIайн областан а, Соьлжа-ГIалин а комитеташа, НААССР-н Совнаркомо а, Лакхарчу Совето а кхайкхам бира республикин а, гIалин а къинхьегамхошка: «ХIинца вайн гIалина боккха кхерам тIекхозабелла. Вайн мехкадаьттан гIалин кевнехь лаьтташ ву мостагI. Иза вайн промыслаш, заводаш дIаяха, вайн хIусамаш йохо, бехк-гуьнахь доцчу адамийн цIийх вайн урамаш, майданаш дIаюза лууш ву. Немцойн мехкашдIалецархой вайн мехкадаьтта дIадаккха лууш бу, иза шайн танкашна, кеманашна чу а доьттина, вайн мехкан дега юккъе кхачархьама, адамаш дайъархьама, олалла дархьама. Уьш къинхьегамхойн – нохчийн, гIалгIайн, оьрсийн – ги ховша лууш болу помещикаш а, капиталисташ а бу. Иза хила амал дац! Соьлжа-ГIала – мехкан мехкадаьттан шолгIа база, Нохч-ГIалгIайн АССР-н пачхье-фашистийн йовсарийн кара кхачийта ца еза, иза кхочур а яц! Берриге а ницкъаш тIехьовсабе немцойн мехкаш дIалецархой Соьлжа-ГIалин неIарехь охьаатарна»!
1942-чу шеран 26-чу августехь Соьлжа-ГIалахь хиллачу митингехь кегийрхоша чIагIо йира мостагI сацо а, оккупантех Кавказ цIанъян а. Фронтера схьавеанчу авиацин полкан командира майора Эмировс дош делира шайн бIаьхаллин декхар сийлаллийца кхочушдан а, толам баккхархьама ницкъ кхочург дерриге а дан а. Хьаххийначуьра аьлча, мостагI Терка тIехь саца а вира. Иза вайна къаьсттина мехала а ду. Нацийстийн салтийн эткаша ца хьийшира Нохчийн латта.
Немцойн яздархочо Карель Паула вермахтан эпсарийн дагалецамашца язйинчу шен книги тIехь яздора: «Терк немцой тIелатаран доза хилла дIахIуттуш ду». Нохч-ГIалгIайн хьал-бахам дIабаккхаран планаш яьржина дIаяхча, фашисташа сацам бира Соьлжа-ГIалара промышленность хIаллакьян, мехкадаьттан тIаьхьалонаш яго. 1942-чу шеран 10-чу октябрехь дIадолийра Соьлжа-ГIалина догIа санна, бомбанаш еттар. ГIаларчу дуккха а меттигашкахь цIерш евлира. СоьлжагIалахоша турпалаллица къийсам дIахьора цIарна дуьхьал. Иштта, шолгIачу ранган тIеман техникан Рогозинан куьйгаллица цIеяйъаран командин бIаьхоша Савина, Бондаренкос, Рыбалкос, Патихонина масех сохьтехь цIарца къийсам латтийра, юххехь лелхаш бомбанаш а йолуш. ЦIарца дIахьочу къийсамехь вуьйжира бIаьхо-цIеяйъархо Перепелица, Дедусенко, Пыльцын, Олейников, шофер Логунов, Рудь, цхьамогIа кхиберш.
Советийн правительствос лаккхара мах хадийра соьлжагIалахойн майраллин а, доьналлин а. Советийн Союзан орденашций, мидалшций совгIат дира 96 стагана, Нохч-ГIалгIайн Лакхарчу Советан Президиуман Сийлаллин грамоташ елира 74 цIеяйъархочунна. «ЦIеяларх лардаран тоьлла белхахо знакашца а, СССР-н НК ВД-н цIеяларх лардаран Коьртачу урхаллин Сийлаллин грамоташца а совгIат дира 91 белхахочунна.
Соьлжа-ГIала мостагIех ларъеш дIабаьхьначу луьрачу тIемашкахь шаьш-шайн ца кхоош лийтира Нохч-ГIалгIайчоьнан тешаме кIентий а, йоIарий а. СССР-н халкъийн турпалаллин истори юккъе шайн цIерш язйира царах эзарнаша. Малгобекехь а тIемаш бира цара. СоьлжагIалахо В.Сквориков, масех граната буйна а йоьллина, танки кIел иккхира. Иза сацийра цо.
Кавказ ларъярехь дакъалоцуш яра Соьлжа-ГIалахь вовшахтоьхна йолу 317-гIа стрелкови дивизи. Цу юкъахь дукхах берш Нохч-ГIалгIайчуьра бIаьхой бара. 1943-чу шеран январан юьххьехь НГIАССР-н Лакхарчу Советан президиуме, Совнаркоме, ВКП(б)-н Нохч-ГIалгIайн обкоме даийтинчу кехата тIехь ЦIечу Эскаран Къилбаседа Кавказехь долчу дакъойн командованис къинхьегамхой даггара декъалбора республике ерриге а немцойн-фашистийн мехкашдIалецархойх паргIатьяккхарца. Командованис доьхура Кавказ немцойх цIанъярехь ЦIечу Эскарна гIодарна а, цара доггаха болх барна а Соьлжа-ГIалин къинхьегамхошна баркалла алар.
ТIаме дIабаханчу божарийн метта оцу хенахь производстве балха богIура зударий. Цара караерзайора токаран, слесаран, машинистан-крановщикан, кхийолу говзаллаш. Партийни-советски организацеша царна къахьега бегIийла хьелаш кхуллура. 1941-чу шеран июнера 1943-чу шеран апреле кхаччалц болчу муьрехь Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан промышленносте балха ийцира 2500 зуда. 1943-чу шарахь оцу декъахь болх беш берш 2 919 зудчунна алсамбевлира. 1944-чу шеран 1-чу январана «Грознефтекомбинатан» предприятешкахь болх беш яра 6 691 зуда, я берриге а белхахойх 44,2 процент.
ТIеман шерашкахь нохчийн бахархойх мехкадаьттан промышленностана кхитIе а юкъаозийнарг 2 244 белхало вара. Цара тайп-тайпана говзаллаш караерзийра. Цара производственни планаш кхиамца кхочушйора. Доккха маьIна лелийра шайн лаамехь транспорта тIехь болх бан дехьабуьйлуш хиллачу зударша. ТIом балале хьалха вагонийн мастершна юкъахь зударий бацара. ТIеман шерашкахь цIерпоштнекъа тIехь белхаш бан бIеннаш зударий баьхкира Нохч-ГIалгIайчуьра.
Соьлжа-ГIаларчу зударша-Iилманчаша Н.Лисицинас, Н.Райковас бинчу талламан балхо таро елира лаккхара дикалла йолу бензин даккха. С.Дорошинскаяна Къинхьегаман ЦIечу Байракхан орден елира балха тIехь къаьсттина даккхий хьуьнарш гайтарна.
1944-чу шарахь лакхарчу сержанта А.Куманевс фронтера яздора: «Мехкадаьттан Соьлжа-ГIалара хьомсара мехкарий! МостагI тешнабехкаца вайн сийлахьчу Даймахкана тIелетча, Соьлжа-ГIаларчу дуккха а мехкарша карадерзийра иччархочун гIуллакх, тIаккха тIаме а хIиттира… ХIинца дукхах болчу мехкарийн духар къагийна мидалша а, орденша а. Иччархочо Синилкинас хIаллаквина 57 эпсар. Цунна совгIат дина ЦIечу Байракхан орденца. Иччархочо Бредюкана совгIат дина ЦIечу Седанан орденца. Абрезована «За отвагу» мидал елла.
Берлинера йогIучу шалона тIехь шен даймахка юхаеанчу фронтовичкас К.Кушнаревас шайн карзахечу къамелехь билгалдаьккхира: «Хьомсара соьлжагIалахой! 1942-чу шарахь, вайн хьоме гIала кхерамехь йолчу хенахь дуккха а дара тхо, мехкарий, фронте дIадаханарш. Беха некъ бина оха: Соьлжа-ГIалара Берлине кхаччалц. Тхо толамца дирзина цIа. Оцу толамна юкъахь тхан зударийн бIаьхаллин хьуьнарийн дакъа а ду». К.Кушнарева тIеман аренашкахь шегара майралла а, доьналла а гайтарна со орденца а, мидалшца а совгIаташ дина яра.
Кавказерчу кIенташа а, йоIарша а тIамехь шайгара гайтина майралла, хьуьнар билгалдоккхуш Советийн Союзан Маршала Г.К.Жуковс аьлла: «Зеран а, Iожаллин а кхерам болчу оцу буьрсачу деношкахь Кавказан халкъаш кхера ца делира, йохьах ца дуьйхира, советийн халкъаш доьзалан нуьцкъалаллех, хьуьнарх болу тешам ца байра церан».
1942-чу шарахь шен лаамехь фронте яхара Соьлжа-ГIалара яхархо Г.Джуковская. Юьхьанца медйиша яра иза, тIаьхьа тIемаш бира М.Росковас куьйгалла дечу авиаполкехь штурман йолуш. Цо тIедуьзира Советийн Союзан Турпалхойн могIарш.
Тодоренко Аннин 18 шо бен дацара тIаме хIуттуш. Иза тIемашца чекхъелира ГIобанехула, ГIирмехула, Украинехула, Прибалтикехула. 1945-чу шеран августехь цо дакъалецира Монголи паргIат йоккхуш хиллачу тIемашкахь. Цуьнца цхьаьна 417-чу стрелкови дивизехь тIемаш беш яра Нохч-ГIалгIайчуьра 24 йоI.
1944-чу шарахь лакхарчу сержанта А.Куманевас фронтера даийтинчу кехата тIехь яздора: «Мехкадаьттан Соьлжа-ГIалара хьомсара мехкарий. Ямартлонца мостагI вайн сийлахьчу Даймахкана тIелетча, Соьлжа-ГIаларчу дуккха а йоIарша карадерзийра иччархочун гIуллакх, тIаккха фронте бахара. ХIинца дукхах болчу мехкарийн некха тIехь лиэпа орденш а, мидалш а. Иччархочо Синилкинас хIаллаквина, 57 эпсар. Цунна совгIат дина цIечу Байракхан орденца. Иччархочунна Абрезова Зойина – «За отвагу» мидалца.
ТIамо тIеттIа керла лехамаш хьалхахIиттабора Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан промышленностана хьалха. Мехкан кхечу комбинаташца цхьаьна «Грознефтекомбинат» а яра махкана а, фронтана а лаккхара дикалла йолчу бензинца а, мехкадаьттан кхечу сурсаташца а кхачоян езаш. И декхар кхочушдора мехкадаьттан промышленность кхиорца цхьаьна.
1941-чу шеран июнехь дизелан ягориг яккхаран план 196 процентана кхочушйира, ткъа июлехь 821 процентана. Дукхах болчу белхалоша турпалаллин къинхьегаман масалш гойтура. Кхиамца дIадоьдура мехкадаьттан промыслаш, заводаш, пхьалгIанаш, бригадаш тIеман хьелашкахь болх барна тIеяхар. 1941-чу шеран августехь Малгобекнефть» трестан бурутоха конторо кхочушйира бурутохаран шеран программа. Оцу трестехь мехкадаьтта даккхар 305 тоннана (июнца дуьстича) алсамдаьккхира июль баттахь, ткъа сентябрехь – 607 тоннана.
ТIеман хьелашкахь болх бан дуьйладаларо кхачо йора тIеман заказаш кхочуш а, тIехкхочуш а ярна. «Красный молот» заводехь 1941-чу шеран сентябрехь товарни продукци арахецар май баттахь хиллачул 133 процентана лакхаделира. Нохч-ГIалгIайчоьнан мехкадаьттахоша чIагIо йира фашистийн Германина тIехь толам баккхалц тIеттIа дика болх бан, фронтехь санна къехьега. Цара шайн дош лар а дира. 1941-ра шо чекхдолуш фронтана авиационни бензинца, дизелан ягоригца, чархийн (моторийн) даьттанца кхачоярехь республика махкахь а уггаре а коьртачарах цхьаъ хилла дIахIоьттира.
Промыслашкахь а, заводашкахь а вовшахтухура стахановски школаш. Старопромысловски районехь уьш чекхъехира 82 стага, Заводскойхь – 160 Октябрьскехь – 61 стага. Школаш йиллина болх беш а, белхалойн корматалла лаккхаяккхарехь мехала маьIна лелош а яра. Цул совнаха Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институто а кечбора къона говзанчаш. Царах цхьаберш мехкан кхечу регионашка а дIахьовсабора.
Саперийн 10-чу эскаран урхалла а, штаб а Соьлжа-ГIалахь яра. Иза яра дуьхьалонан зил барна куьйгалла деш. Дуьхьало яран коьрта зил Краснодарски крайрчу Суворовски станицера Терка тIе кхаччалц бара. Цуьнан йохалла 600 километр яра. Дуьхьалонан шолгIачу зилаца цхьаьна (ткъа и зил Соьлжа-ГIала, Орджоникидзе, Малгобек, Нальчик гIаланашна юххехула беш бара) цуьнан йохала 900 километре кхочура. Белхалоша, колхозхоша, хIусамнаноша, студенташа, дешархоша шаьш-шайн ца кхоош къахьоьгура дуьхьалонан зилаш барехь.
1941-чу шеран 22-чу ноябрехь саперни 16-чу эскаран командующис баркаллаш а кхайкхийра, ахчанца совгIаташ а дира зил барехь билгалбевллачарах дукхах болчарна. Цу хьокъехь долчу омар тIехь билгалдоккхура: «Хьомечу ЦIечу Эскарца цхьаьна, белшах белш а тоьхна къахьоьгучу белхалоша, колхозхоша, гIуллакххоша, интеллигенцис къинхьегаман даккхий хьуьнарш гойту дуьхьалонаш яран тIех мехалчу белхашкахь, ЦIечу Эскарна гитлеран талорхой хIаллакбан гIодеш… Я шелоно а, я дарцо а, а догIано, я лоно а – цхьана а хIумано ца совцабо… Нохч-ГIалгIайчоьнан патриоташ, дуьхьалонан зил беш болу. Командованин декхарш 200–250 процентана кхочушдо…». Билгалбаьхначарна юкъахь вара Л.Бецалаев, А.Бальзаров, Х.Видамов, И.Ждашаев. Лаьттаца беш болу белхаш 300 процентана кхочушбинера цара. И белхаш 180–250 процентана кхочушбинера А.Авдеевс, А.Дебировс, А.Шахтемировс, Р.Касимовс, М.Юрченкос, Т.Тосстосурадовс, Н.Межидовс, Х.Гиреевс, М.Моргуна.
Авторехь ду, масала, цу тайпанчу документех цхьаъ – 1941-чу шеран 24-чу декабрехьлера №1737 йолу «Къинхьегаман фронтан отличникан» леррина йолу Сийлаллин Грамота. Иза елла хилла Хоси-Юьртарчу Кодырев (Кадыров) Джабраилна. Саперийн 10-чу эскаран командующис М.Мальцевс куьг яздинчу грамота тIехь билгалдоккху: «ЦIийх Iебаш йоцчу фашистийн ардангашца къийсам дIахьош долчу турпалаллин ЦIечу Эскарна гIодеш болу дуьхьалонан зил баран белхашкахь къинхьегаман хьуьнар гайтарна хIокху грамотца совгIат до накъ Кодырев Джабраилна». Командованин декхарш кхочуш дарехь, къинхьегаман даккхий хьуьнарш гайтарна шайн цIерш тIеязйина долчу сахьташца совгIат дира А.Бальзаровна а, Х.Видамовна а.
1942-чу шеран февраль беттан шолгIачу эхехь чекхдаьккхинера дуьхьалонан зилаш бар. Цигахь белхаш бинчу Къилбаседа Кавказерчу республикерчу, цу юкъахь Нохч-ГIалгIайчуьрчу а, 1100 стагана правительствон совгIаташ дира. Фронт Нохчийчоьнан дозанашна герга гIерташ хиларо лоьхура республикин, къаьсттина Соьлжа-ГIалин дуьхьалонан зил кхидIа а чIагIбар. Теркаца, Теркан а, Соьлжан а даккъашца йина дуьхьалонаш кхин а чIагIъян езаш яра. Керла чIагIонаш ян езаш яра Iалхан-Чуртан аренашца а, Соьлжа хица а, Соьлжа-ГIалин къилбаседа-малхбузе агIор а, ткъа иштта Соьлжа-ГIалахь а. Доцца аьлча, йоццачу хенахь Соьлжа-ГIалин дуьхьалонан хьаьрма ян езаш яра, мостагIчунна Соьлжа-ГIала богIу некъ ондда дIакъовлархьама а, мостагIийн тIелатар сацош цIечу Эскарна гIодархьама а.
Дуьхьалонан белхаш барехь дакъалаьцначу ТIехьа-Мартан районерчу Б.Хатуевс дийцарехь дуьхьалонан зилаш баран белхашкахь дакъалоцуш хилла нохчийн лаьмнашца а, аренашца а йолчу геннарчу ярташкара адамаш. Ялхийтта шарера кхузткъа шаре кхаччалц хенаш йолу иттаннаш эзарнаш къинхьегаман эскархой хилла дийнахь а, буьйсана а Соьлжа-ГIалахь дуьхьалонаш ярехь дакъалоцуш. Белхалоша, ахархоша, хIусамнаноша, хьехархоша, инженераша, техникаша, Iилмачаша, лоьраша, искусствон белхахоша, студенташа шаьш-шайн ца кхоош къахьоьгуш хилла, сваркаш яран агрегаташ, бетонкегораш, экскаваторш, бульдозерш, тракторш, машенаш, стерчий, говраш, гIишлошъяран коьчалш – дерриге а ЦIечу Эскарна гIоьнна, дуьхьалонан гIишлошъярна, некъаш, тIайш дарна арадаьккхина дара.
Юьхьанца оцу белхашна юкъаозийнарг 32 эзар сов стаг вара. ТIаьхьа церан барам кхин а алсамбелира. Дуьхьалонан гIишлошъярехь дакъалаьцначеран юкъара барам 120 эзар стаге дIакхаьчнера, 1942-чу шеран август баттера декабрь бутт кхаччалц йолчу юкъана оцу гIуллакхана хьажийра 430 кубометр аннаш, сторпалш, дукъош, и.дI.кх, ткъа иштта 19 эзар тонна цемент, 14,5 тонна эчиг, 830 тонна кIохцал-сара, кхиерш. Оцу гIирсашца, коьчалшца, техникица Соьлжа-ГIалина гуобаьккхина танканашна дуьхьал ши саьнгар яьккхира, Соьлжа-ГIалахь баррикадийн система йира, герзашца дуьхьало ян меттигаш а йолуш.
Соьлжа-ГIала ларъяран мехаллех лаьцна дуьйцура цу хенахь СССР-н Лаккхарчу Коьртакомандующис И.В.Сталина а. ТIаьхьа цо шен омрехь билгалдаьккхира: «ДIаевлла… и хала хенаш, ЦIечу Эскаро Москвахь а, Ленинградехь а, Соьлжа-ГIалахь а, Сталинградехь а мостагIийн тIелетарш юхадетта дезна хенаш…». Цу тайппана Сталина Соьлжа-ГIалин мехалла Москваца а, Ленинградаца а, Сталинградаца а цхьаьна могIаре хIоттош хилла!
Немцойн фашистийн тIелетаршна дуьхьал жоп луш Нохч-ГIалгIайчуьра мехкадаьттанхоша дIахьедира: «МостагIашна тIехь толам баккхарна оьшшучул мехкадаьтта а, ягорг а, хьакхар а лур ду оха ЦIечу Эскарна. Соьлжа-ГIаларчу №2 йолчу мехкадаьттан заводан белхалой а, инженераш а юкъабевлира республикин мехкадаьттан промышленностан предприятешна юкъахь социалистически йохьалла дIаяхьаран дIадолорца. Уьш стахановски вахте хIиттира. И вахта фашистийн Германина тIехь толам баккхалц дIаяхьа сацам бира цара. Цара берриге а мехкадаьттахошка кхайкхам бира стахановски вахта вовшахтохаре кхойкхуш. Оцу кхайкхаман шуьйра гIолецира «Грознефтекомбинатан» промыслашкахь а, заводашкахь а.
«Грознефтекомбинатан» бурутохаран трестан конторо хенал хьалха кхочушйира шеран план, хьалхара меттиг яьккхира Ерригсоюзан социалистически йохьаллехь. Бурутохаран Советийн Союзан тоьлла контора еза цIе тиллира цунна. 1942-чу шеран 6-чу февралехь Соьлжа-ГIалин мехкадаьттанах гIуллакхдаран заводана СССР-н Лакхарчу Советан Указца къинхьегаман ЦIечу Байракхан орденца совгIат дира, эскарна а, халкъан бахамна а, юкъахдийларш доцуш, хаддаза ягоргца кхачоярна.
Республикерчу ремесленни пхеа училищехь а, цIерпоштнекъан цхьана училищехь а кечбора мехкадаьттан скважинийн бурильшикийн гIоьнчаш, мехкадаьтта даккхаран операторш, слесарш, кхиболу говзанчаш. Ткъа Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан институтехь – инженераш, технологаш, лаккхара корматалла йолу кхин говзанчаш…
Лакхахь дийцинчо бIаьрла гойту Нохчийчоьнан, цуьнан пачхьенан – Соьлжа-ГIалин а бахархоша Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь фашистийн Германина тIехь толам баккхарна хьокъала йоллу хазна юкъайиллина хилар а, Соьлжа-ГIалина, бакъонца, бIаьхьаллин сийлаллин гIалин цIе хьакъ хилар а.
И.Хатуев, историн Iилманийн кандидат, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон департаментан директор.
№116, шот, 17 октябрь, 2015 шо